Татаев Вахин цIарахчу Нохчийн Пачхьалкхан культурин а, искусствийн а колледжехь, кхийолчу дешаран заведенешкахь санна, тийна ца хуьлу. Массо а чуьра бохург санна, схьахезаш тайп-тайпана иллеш, музыкальни гIирсийн аьзнаш хуьлу. Нохчийн къоман санна, кхечу къаьмнийн культура а Iамайо кхузахь.
– Тхан колледже деша бахка луурш дуккха а хуьлу, оха царна юкъара тоьлларш хоржу. Масала, йиш лакха лууш верг – аз дика долуш, лерса сема долуш хила веза, актер – ахь дIааьллачу турпалхочун васт кхолла говза хила веза. Дукхахберш похIма долуш хуьлу. Цаьрца болх бан хала дац, – дуьйцу колледжан дешаран декъехула йолчу заведующис Шамилева Сацитас.
Кхаа кепара ду кхузара дешар. Балхахь болчарна аьттонна юкъаяьккхина ю очни-заочни кеп. Кхечу регионашкарчу культурин дешаран лаккхарчу заведенешкара хьехархой кхойкху оха тхайн студенташна хьеха. Цара тхан хьехархошна мастер-классаш ло.
Кхузахь дешна бевлча Аштаркхнерчу ГИТИС-е деша боьлху цхьаболу студенташ. Царах цхьаъ ву дIадаханчу шарахь Рюмина Людмилин цIарахчу Ерригроссин дуьненаюкъарчу фестивалехь шолгIа меттиг яьккхина волу Зубайраев Дени. ХIокху шеран оханан (май) баттахь дIаяьхьначу Максакова Мариян цIарахчу дуьненаюкъарчу кхоалгIачу конкурсехь дакъалаьцна, шина турах чекхваьлла, дипломант хилла тхан колледжан студент Умаев Iамирхан. Иштта, Нохчийн пачхьалкхан I.Шахбулатовн цIарахчу филармонехь а, вайн театрашкахь а, оркестрехь а белхаш беш бу кхузара дешна бевлла студенташ.
– Тхан колледжехь ерриге а 10 факультет ю: музыкальни гIирсаш лакха Iаморан (халкъан оркестран гIирсаш, фортепиано); вокалан искусство; сольни а, хорехь а эшаршлакхар; декоративно-прикладни искусство; эчигах гIуллакхдар; халкъан исбаьхьаллин кхолларалла (хореографи, этноисбаьхьаллин кхолларалла); социально-культурин гIуллакх; библиотековедени; актерийн говзалла; музыкальни дешар. Нохчийн культурин истори Iаморца дIадоладо студенташна-зудаберашна нохчийн бустам баккха, тир яккха Iамор. Ткъа божаберашна дечигах а, эчигах а декоративно-прикладни коьчалш ян Iамадо. Студенташа вайн къоман санна, кхечу къаьмнийн а культурин истори Iамайо, – дуьйцу Сацитас, – Уггаре а хьалха нохчийн культура йовза еза студенташна. Оцу Iалашонца къахьоьгуш а ду тхо.
ТIедогIучу Керлачу шарна лерина «Студентийн Iа» концерт яла кечлуш бу студенташ карарчу хенахь.
М.ВЕГИЕВА
№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо