Дукха хан йоццуш, республикин Юкъараллин палатехь дIаяьхьира «Бахархойн цхьааллин сий-ларам чIагIбар а, лакхабаккхар а, къаьмнийн юкъаметтигаш аьхна яр а, Россин халкъийн культураш кхиор а» аьллачу темина лерина «Горга стол». Иза лерина яра Адамийн бакъонаш ларъяран денна. Адамийн бакъонаш ларъяран регионашна юкъарчу «Коалиция» боламо вовшахтоьхнера иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментаца а, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца а, Юкъараллин палатица а цхьаьна.
Цигахь дакъалецира «Коалиция» боламан председатела Яхъяев Денис, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон къоман политикин департаментан директора, республикерчу Журналистийн союзан председатела Хатуев Ислама, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин куьйгалхочун заместитела, республикин Правительствон йоцчу организацийн союзан председатела Муцаев Мамис, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан векалша, Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векала Хирахматов Хьамзата.
«Горгачу стоьлан» тема а, регламент а йовзуьйтуш вистхилира Д.Яхъяев. Цул тIаьхьа цо шен докладехь довзийтира тIаьхьарлерчу шерашкахь вайн регионерчу къаьмнашна юкъахь долу хьал. Цо аьлла ма-хиллара, вайн республикехь дехачу къаьмнашна юкъахь барт а, машар а хилийтархьама республикин куьйгалло бегIийла хьелаш кхоьллина.
– Россин Федерацехь дехачу къаьмнашна юкъахь барт а, марзо а хилийтархьама, хIора а регионерчу куьйгалло тIекхуьучу чкъурехь патриотизм кхио а, къаьмнаш цхьаъ хилар хьеха а деза. Кегийрхошна юкъахь кхетош-кхиоран белхаш дIабахьар, цуьнца цхьаьна къоман культура, истори йовзийтар Iаламат мехала ду, – элира Д.Яхъяевс.
Цул тIаьхьа И.Хатуевс билгалдаьккхира «Горгачу стоьлехь» йийцаре еш йолу тема мехала хилар а, цу декъехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош дуккха а гIуллакхаш хилар а.
Иштта, М.Муцаевс а дийцира вайн дозалла дан хьакъ-долуш кегийрхой хиларх лаьцна: «Спортан, экономикин, культурин, дешаран, и.дI.кх. а дакъошкахь лаккхара кхиамаш боху вайн кегийрхоша. Иза вайна боккха юьхькIам бу. Кхул тIаьхьа а иштта къахьоьгуш хила беза вайн кегийрхой».
«Горгачу стоьлехь» вовшахкхеттачара дуккха а дийцира регионерчу хьолах лаьцна. Кхиамех лаьцна дийцина ца Iаш, кхачамбацарех а, уьш дIадахаран некъех а лаьцна дийцира.
Хь.БАХТАЕВА
№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо