Шелара яхархо Бециева Зараъ боккхачу доьзалан ирсе нана ю. 11 бер – ялх йоI, пхи кIант – кхиийна цо: Зарган, Лиза, Бибулат, ПетIамат, Джамбулат, Булат, Акхбулат, Амнат, Iамарбек, Индира, Заира. Церан аьтто бина: хьехархо, психолог, бедарштегархо, юрист, гIишлошъярхо, медйиша, Даймохк ларбархой, иштта дIа кхин а говзаллаш караерзон.
БециевгIеран хIусаме со кхаьчча кIиранде дара. Ков схьадиллича, суо берийн беша кхаьчча санна хийтира суна. Уьдуш, ловзуш, самукъадаьлла хьийзара бераш. Зараан боккха доьзал тIегулло де хиллера иза. 50 берийн бер а, 13 берийн берийн бер а вовшахкхетча, болх алсамболу цуьнан. Церан Iуналла дина ца Iаш, берашна туьйранаш дуьйцу, гIиллакхах, исламан динах лаьцна хьехарш до. Шайн «Баба» чIогIа дукхаеза берашна. Шен «кIорнеш» цIадахкале дIаехкина хуьлу шортта марзаллаш. КIентийн бераш даима а уллехь ду, ткъа йоьIарийн бераш кIиранах цкъа схьагулло иза йолчу. Цара ирсах юзу йоккхачу стеган ойланаш.
Шен дахарехь дуккха а къахьегна Зараа. 30 шарахь болх бира цо Шеларчу №5 йолчу школехь. ХIинца кегийчеран дола а деш, чохь ю. Чохь а, кертахь а дерг деш хьийзаш несарий белахь а, мукъа ца Iало йоккха стаг. Арайолий, гIуллакхаш до, хан яйъар а хуьлу-кх шен, олий.
БIаьста къаьсттина хаза хуьлу БециевгIеран уьйтIахь а, бешахь а. Хьаладовлу бес-бесара зезагаш, кхуьуш хуьлу стоьмаш, хасстоьмаш. ТIаккха а, чохь ца Iало Зараъ. Массаьрца цхьаьна, йохье йолий, къахьега йолало. Вайн халкъалахь лелаш цхьа кица ду: «Аьхка хье ца кхихкинчун, Iай яй ца кхехка», олуш. Цундела, къахьегаре терра, церан хIусамехь даима а беркат лаьтта.
ДогцIена, комаьрша, адам дезаш, лула-кулахь дика цIе йоккхуш ю Зараъ. Цхьа а де тIех дала йиш яц цаьрга хьаша-да ца вогIуш. Несарша, сихонца хьаьвзий, нохчийн даарех юзий, дIахIоттайо стол. Царах йоккхайийна а ца йолу иза. Цундела, даима а ийман-беркат лаьтта церан хIусамехь.
Боккха доьзал кхиорна Зараана деза совгIаташ дина. Зараъ йоккхае вайн махкахь хуьлучу дикачу хийцамех, хазбелла, къегина дIахIоьттинчу вайн махках.
Л.УМАРОВА
№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо