Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон белхахоша жигара дакъалоцу кегийрхошна бакъонаш ларъян Iаморехь. ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин №№14, 15 йолчу школашкахь министерствон белхахоша цхьаьнакхетарш дIадаьхьира школийн дешархошца а, хьехархойн коллективашца а.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Ленински кIоштан префектурин векал М.Сириев, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон бераш социальни Iалашдаран а, доьзалан политикин а отделан коьрта говзанча А.Цацаев, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахула йолчу Урхаллин кхиазхойн гIуллакхашкахула №1 йолчу отделан хьаькам С.Маташев.
Бакъонаш талхор цахилийтаран Iалашонца къамел дара цхьаьнакхетарехь динарг. С.Маталиевс дийцира шайн отдело Ленински кIоштарчу кегийрхошца бечу балхах лаьцна. Коьртачу декъана цо дийцира интернетан социальни сеташкахь хуьлуш долу эладитанаш а, харц хаамаш а дIасабаржорехь кегийрхой ларлуш хила безарх лаьцна. Цо кхин цкъа а карладаьккхира харц хаамаш дIасабаржорехь дакъалацарна гIуда тухуш, законаца нийса а догIуш, жоьпе озош хилар.
Цацаев Аптис кхин цкъа а билгалдаьккхира кегийрхой сиха а, атта а Iехабаларна герга хилар. Церан дай-наной бу уггаре а хьалха шайн бераша мукъа хан муха дIахьо хьовса безаш берш, церан хIун мехаллаш, лехамаш хуьлу хьовса декхарийлахь берш. Хууш ма-хиллара, чуьра ара а ца волуш, дений-нанний муьтIахь хилларг а социальни сеташкахь дуьйцучо Iехавой, акха а волу, Шема «тIаме» воьду, зуламечу новкъа а волу.
Кегийрхой шайн кхетам кхиъна баллалц гуонаха мел болчара ларбан безаш а бу. Вайн кхане цаьргахь хила езаш ю. Цхьаьнакхетар вовшашца къамел даран кепехь дIадаьхьира. Дешархоша хаттарш а дира, хIора говзанчас, шена догIучу декъана, кхачо йоллуш жоьпаш а делира.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо