Iеламнахаца цхьаьнакхетар

Кху деношкахь Нохчийн Республикин  Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бусалба динан векалшца а, республикин муфтиятан куьйгалхошца а дIаяьхьначу мехалчу кхеташонехь дийцаре динчу цхьамогIа  гIуллакхашна юкъахь къаьсттина тидам тIебоьдуш дара Нохчийчохь бусалба цIена дин  лелоран, АллахIана  Iамал-Iибадат дар хIокху дезачу беттанашкахь алсамдаккха дезаран, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиор кхин а жигардаккха дезаш хиларан гIуллакхаш.

«Вайн бахархой экстремистийн тайп-тайпанчу боламийн вуочу  тIеIаткъамах лардарехьа дерриге а до вай. Тахана Нохчийн Республика дерриге а дуьненахь цIе йоккхуш ю шайн исбаьхьачу маьждигашца. БIаьрг белош, хьостуш ю оцу  маьждигийн хазалла, куц-кеп. Вай хьуьжарш йохку. Цигахь  бусалба дин  Iамош бу вайн бахархой. Хьафизийн школашкахь вайн  бIеннаш бераш Къуръан дагахь Iамош бу. Вай нийсачу новкъахь ду. Иза иштта хилар къобал а до, чIагI а до  бусалбанийн дерриге а дуьненахь бевзаш болчу Iеламнаха», – элира цхьаьнакхетаран юьххьехь Кадыров Рамзана.

КхидIа ша къамел деш цо  тIетуьйхира: «Нохчийчоьнан Iеламнахана, бусалбанийн динан урхаллина хьалха лаьтташ чолхе а, тайп-тайпана а декхарш ду. Шу уьш  кхочушдеш а ду. Дуккха гIуллакхаш дина аш вайн бусалбанаш ийманехь  кхиорехь, юкъаралера вуон хIуманаш дIадахарехь. ТIейогIучу хенахь а оцу дакъошкахь шаьш-шайн ца кхоо аш къахьоьгур ду  аьлла а  хета».

Р.Кадыровс Нохчийчоьнан муфти харжарца  декъал вира  Межиев Салахь-Хьаьжа. Соьлжа-ГIаларчу А-Хь.Кадыровн  цIарахчу коьртачу маьждигехь 11-чу июнехь хиллачу межлисехь иза оцу дарже хаьржира  республикерчу Iеламнаха, «Межиев Салахь вевзаш ву гIиллакхе, оьзда, эхь-бехк долу, шечунна  тIера (нийса долчунна  тIера –авт.) дIасатаьIар воцу, кIорггера Iилма долу  бусалба  стаг  санна. Со тешна  ву  шена  белла тешам цо  бойъург цахиларх. Цуьнан цIарца боьзна  баккхий сатийсамаш бу сан. Уьш  кхочуш хуьлийла  а луур ду».

Цхьаьнакхетарехь къамел дира  Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хьехамчас, «Некъ» телерадиокомпанин директора  Шахидов Адам-Хьаьжас. Цо дийцира  ша Мисар пачхьалкхе вахарх а, цигахь хиллачу  цхьаьнакхетарех а лаьцна, Нохчийчоьнан  Куьйгалхочун а, нохчийн халкъан а хьокъехь Мисарарчу Iеламнехан йолчу ойланех а лаьцна.

Шен къамелехь Межиев Салахь леррина тидам тIебахийтира  бахархошна  хьехамаш баран, уьш ийманехь кхетош-кхиоран болх кхин а шуьйра дIабахьа  лерина  хиларна. Къамел дерзош бовзийтира  шен наибаш (заместительш) Даудов Турко а, Абдулаев Аслан а. Баркалла элира  Р.Кадыровна  бусалбанийн динан урхаллина  хаддаза гIо-накъосталла дарна, билгалдаьккхира  Iеламнаха  шаьш-шайн ца кхоош  къахьоьгург хилар. Цу хьокъехь тхоьга  хаам бира  Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, Правительствон  а пресс-службин  белхахоша.

С.ХАМЗАТОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: