(Услар Пётран 200 шо кхачарна лерина)
ГIараваьллачу нохчийн поэта Арсанукаев Шайхис «Ненан мотт» цIе йолчу шен байтехь яздо:
ГIиллакхе, оьзда бу доттагIе буьйцуш,
МостагIче вистхуьлуш ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!
Мерза бу моз санна ша безачунна,
Ламанан шовданал цIена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга
Услара даггара хьестийна и…
Вайна-м хаьа цхьамма ца хестийча а вайн мотт АллахI Дала вайна дина совгIат дуйла. БIаьстенан зазашлахь лерса хьоьстуш дека зевне илли санна хаза а, самукъане иза хилар гуш а, хууш а ду. Делахь а, бераллехь Арсанукаев Шайхин байташ йоьшуш а, хазахетарца уьш дагахь Iамош а хаддаза сан садууш цхьа хаттар дара: «Мила ву-те и Услар?» Лермонтов а, Толстой а оьрсийн сийлахь яздархой бара, царах а, церан маьIнечу кхоллараллех а хьехархоша дукха дуьйцура, ткъа Усларх дерг хьахош цхьа а вацара. Цундела суна чIогIа лаьара Услар мила ву хаа. Кхин а чIогIа хаа лаьара къаьсттина нохчийн маттаца цо гергарло тасаран хIун бахьана ду!? Хьехархошка хаьттича, кхачамболлуш цхьаммо а жоп ца лора, «Iилманча хилла иза меттанаш Iамош» – олий, доцца хададора цара. Юьхьанца суна Услар Iилманчин цIе ю моьттура. ТIаьхьуо кхийтира иза цуьнан фамили хиларх. Гуш дара и нохчийн фамили цахилар, тIаккха цунна вайн мотт хуийла дацара. Хууш ца хилча Услара нохчийн мотт хестабойла дацара. Нохчийчоьнан халкъан поэтах Арсанукаев Шайхих сан ца тешийла дацара. Къоман литературехь къахьоьгучу поэтех суна дукхабезачу дешан говзанчех цхьаъ вара Шайхи. Хаттарш Iаламат дукха дара. Сан аьргачу синкхетамо царах чолхе уьйриг бинера. Кхиъна йогIучу муьрехь ас цхьа Iалашо юьхьарлецира: сайн ницкъ кхачахь, Услар мила ву, цо нохчийн мотт хIунда «хестийна» хьажа. Цу заманахь хIинца санна интернет яцара, оьшучу книгашна тIекхача. Библиотекашкахь, архивашкахь хан такха езара кIеззиг болу хаам карон а. Ас лерина теллира Услар Пётр Карлович схьаваьлла орам. Иза баккъал а хьуьнаре стаг а, Дала похIма делла адам а хилла. Кавказерчу къаьмнийн меттанаш девзаш а, дезаш а хилла цунна, царна тIехь алссам къахьегна а хилла.
Тверан губернехь йолчу Вышневолоцки кIоштарчу Курово юьртахь 1816-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Услар Пётр. Схьавалар немцойн къомах ду цуьнан. Германерчу Ганноверера 1765-чу шарахь Росси оьрсийн эскарехь гIуллакх дан веана барон хилла Пётран деда майор Карл фон Услар. БIаьхаллин хьуьнар гайтарна цунна оьрсийн паччахьа Александр Хьалхарчо совгIатана делла дара Курово а, цунна гергахь йолчу яртийн латтанаш. Иштта оьрсийн эскарехь гIуллакх дина ву Пётран да Карл Услар а. Капитанан чинехь волуш, дакъалаьцна цо 1812-чу шарахь хиллачу дуьненан хьалхарчу тIамехь. И тIом чекхбаьлча коллежски асессоран Чихачев Василийн йоI Вера ялийна цо. Церан доьзалехь ворхI бер хилла: йиъ йоI, кхо кIант. Воккхах волу кIант Сергей Кавказерчу ламанхошца болчу тIемашкахь вийна. Услар Николай юрист хилла, ткъа Пётр тIеман инженер. Дикка дешна, кIорггера хаарш долуш стаг хилла Услар Пётр. Юьхьанца цIахь хьехархой лаьцна Iамавайтина иза дас-нанас. ТIаккха Санкт- Петербургерчу №3 йолчу гимназехь дешийтина цуьнга. 1833-чу шарахь кхиамца гимнази чекхйоккхий, тIеман инженераш кечбечу институте деша воьду иза. Цигахь кхоччуш саперан говзалла караерзийна жима стаг 1837-чу шарахь Кавказан лерринчу корпусе саперийн батальоне хьажаво. Иштта дIаболало 21 шо кхаьчначу инженеран бIаьхаллин атта боцу некъ. 1839-чу шарахь Къилба Дагестанехь бечу тIемашкахь дакъалоцуш хилла иза. Инарла Головин Дагестанера Ахты юьрта таIзаран экспедици ян воьдуш, цуьнца хилла вайн турпалхо. Амма тIеман къизалло дог Iовжадой, эскарехь деш долу гIуллакх цкъачунна дIатосий, хIусамнана ялайой Петербурге дIавоьду иза. Инарла Граббе Карлан йоI София яра цо ялийнарг. Бакъду, масех шарахь бен цуьнца Iер-вахар ца хуьлу инженеран. Дуьнен чу яьлла дукха хан ялале ле Пётран йоккхах йолу йоI Юлия. Цунна тIаьххье 1843-чу шарахь дIайолу Услар София а. Петербургехь Императоран Академехь доьшуш вара Услар хIусамнана дIайолуш. Жимах йолу йоI Нина ши шо кхачаза яра. Иза кхиор шена цхьанна дисира Усларна. Бакъду, хIусамненан весет кхочушдеш Iаламат дика терго еш хьалакхиийна, маре яхийтира дас Нина.
1844-чу шарахь Императоран Академи кхиамца чекхъяьккхина Услар Сибрехарчу лерринчу корпусе хьажаво. ГIиргIизойн махкахь Касымов Кенесар коьртехь волуш хилла гIаттам хьошуш а, 1849-чу шарахь мадьяршца хиллачу тIемашкахь дакъалоцуш а хилла Услар Пётр. Дукха орденаш, мидалш ю цуьнан оцу тIемашкахь дакъалацарна елла, шайна юкъахь цIеначу деших йина жIар, Владимиран, Георгийн, Аннин, Станиславан цIарах орденаш йолуш. Инарла-майоран чинехь хилла Услар Пётр. Делахь а халкъан иэсехь лингвист, этнограф, Iилманча, яздархо санна висина иза. ХIинца а шайн буьззина мах хадонза бу оцу хенахь цо бина белхаш.
1850-чу шарахь дуьйна Кавказехь хилла барон Услар. 25 шарахь къахьоьгу тIеман инженера Кавказерчу къаьмнийн истори Iамош. Амма кIорггера хьекъал долуш волу Iилманча сихха кхета, цкъа хьалха къоман мотт Iамийча бен шега цхьа а истори язлург цахиларх. Ламанхойн меттанаш Iамор малхбузерчу Кавказехь дехачу къаьмнийн меттанашна тIера дIадоладо цо. Чергзийн а, абхазийн а, убыхийн а меттанаш Iамадо. Къаьсттина лерина Iамабо абхазийн мотт. 1861-чу шарахь Iилманчас гуьржийн кириллицин графикица хIоттайо «Кавказан азбука». Бакъду, Iилманча дийна волуш, зорбане яккхар ца нисло иза. 1862-чу шарахь Нальчике вогIий, гIебартойн меттан талламаш дIаболабо цо. ГIебартойн яздархочо Берсеев Iумара накъосталла деш кириллици тIехь азбука кечйо Услара. ТIаьхьуо, гIебартойн серлончас Атажукин ГIазис чекхбаьккхира цара дIаболийна болх, 1865-чу шарахь гIебартойн букварь хIоттош. Ткъа Услар Пётр-м оццу 1865-чу шарахь нохчийн мотт Iамош хилла, нохчийн алфавит хIотто йолчу ойлано синтем байъина. Цо кехат яздо Кавказехь лаьттачу эскаран коьртачу штабе, ша Iаш волчу Тифлисе оьрсийн мотт а, йоза-дешар а хууш волу нохчийн стаг хьажор доьхуш. Iедалан омрица цига хьажаво милицин прапорщик Досов Къеда а, молла Хасанов ЯнгIулби а. Цу кхаамма дIаболабо нохчийн дуьххьарлера абат хIотторна тIехь болх. 1862-чу шеран бIаьста Грозная гIопе схьаберзабо цара иза. КхидIа болу болх теори а, практика а, вовшахюзуш дIабахьа Iалашо йолуш, Грозная гIопехь нохчийн берашна лерина школа схьайоьллу. Оьрсийн мотт ца хууш волу 25 стаг вара дуьххьара школе деша схьаэцнарг. Ялх-ворхI кIирнах болх бира школо, хьехар нохчийн маттахь дIахьош. Оцу ялх-ворхI кIирнах массо дешархочунна йозанан баххаш довзийта ларийра хьуьнаре хьехархо. Дешархошна мелла яздан а, яздинарг деша а Iемира ненан маттахь. Ткъа Услара нохчийн меттан грамматика кечъярехь ша болийна болх кхиамца чекхбаьккхира. Оцу грамматики тIехь Досов Къедас дуьххьарлера нохчийн абат хIоттийна. Абхазийн, нохчийн меттанашна талламаш беш язйина ши монографи Петербургерчу Iилманийн Академе дIайохьуьйту Услара, цигахь волчу меттанийн говзанчас А.Шифнера хьакъболу мах хадоре сатесна. Кавказерчу ламанхойн меттанаш талларна, йоза доцучу къаьмнийн грамматика (нохчийн, абхазийн) кхолларна Россин Академин коллегин сацамца ахчанца совгIат до Усларна. Цул тIаьхьа Кавказехь дехачу кхечу (лаьзгийн, гIазгIумкийн, жIайхойн, иштта дуккха а кхидолчу а) къаьмнийн меттанашна талламаш бо цо. 1868-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 13-чу дийнахь цуьнан къинхьегам тидаме оьций, Россин Академерчу историко-филологин декъехула декъашхо-корреспондент хуьлу иза. ТIаьххьара Услара теллина мотт Дагестанехь дехачу табасаранийн мотт бу. Iилманчас яздинчу кехаташа тIечIагIдарехь Кавказехь дехачу дерриге а къаьмнийн меттанел хала хилла цунна табасаранийн мотт Iамо. Мел халахеташ делахь а, оцу маттана беш болу талламаш чекхбаха ца кхиъна Iилманча. Иза дIаваьлла 1875-чу шеран мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь. Ша дуьнен чу ваьллачу Курово юьртана уллерчу Осечно юьртахь дIавоьллина иза. Цкъа мацах оьрсийн паччахьо Александр Хьалхарчо цуьнан дедена совгIатана деллачу латтанашна юкъахь яра Осечно а. 2016-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь 200 шо дуьзна барон дуьнен чу ваьлла. 140 шо сов зама ю иза дуьнен чохь воцу а. Iаламат йоккха хазна ю цо бухайитинарг. 25 шарахь, аьхкенан цхьана баттана бен цIа ца воьдуш, де-буьйса ца лоьруш къахьегна цо Кавказерчу ламанхойн меттанаш Iамош, уьш толлуш. Вайн ирс хилла царна юкъахь нохчийн мотт а хиларна. Вайн мотт таллар бахьанехь делла цунна ахчанца дуьххьарлера совгIат а. Вешан мотт а, къоман истори а йовза лууш делахь, вайх хIора декхарийлахь ву нохчийн меттан грамматика язъеш къахьегначу нехан цIерш йовза. Церан пусар дан а. Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь Усларан цIарах урам хилча дика хир дара. 2016-чу шеран гурахь цуьнан 200 шо дуьзна хилча школерчу дешархошна Усларан кхоллам, цо бина белхаш бовзуьйтуш мероприятеш йича дика хир дара. ТIаккха вайн къоначу чкъурана дагахь юьсур яра Iилманчин Услар Пётран цIе.
А.ГАЗИЕВА
№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо