Культурехула йолчу Советан кхеташо дIаяьхьира

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьначу культурехула йолчу Советан кхеташонехь чекхдолучу шеран жамIаш а дира, 2017-чу шарна йолу планаш а йийцаре йира.

kadyrov_kul_tura

Кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Тагаев Султана, Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь культурехула йолчу Советан председатела Берсанов Хож-Ахьмада, «Вайнах» телерадиокомпанин директора Ельсаев Iаламахьада, Советан декъашхоша.

Р.Кадыровс билгалдаьккхира тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн къоман башхалла, культура, мотт Iалашбарехь боккха болх бина а, хIокхул тIаьхьа бан безаш а хилар.

«Къоман культурин мехаллаш яржорехула, тIекхуьу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорехула болу болх кхин а чIагIбан беза. Къаьсттина тидам тIебахийта беза культурин белхахойн леларна. Сцени тIехь хилла ца Iаш, Iер-дахарехь а шайн цIарна хьакъ хила беза уьш. Культурин гIуллакххоша дерриге а къоман юьхь гойту, ткъа иза доккха жоьпалла ду», – элира цо.

Цуьнца цхьаьна республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира шаьш нохчий ду а бохуш, нохчийн гIиллакх-оьздангаллица йогIуш йоцу эшарш лоькхучарна дуьхьал билггал цхьа некъ лаха безаш хиларна. Цу кепарчу артисташа вайн культурех лаьцна харц сурт кхолладолуьйту.

Иштта, Кадыров Рамзана культурин министрана Дааев Хож-Баудина тIедиллира кIоштийн Культурин цIенош кхиорна, тIекхуьуш долу къона чкъор къоман ламасташка, Iадаташка марздарна, культурин гIуллакхех лаьцна хаамаш баржорна леррина тидам тIебахийтар.

«КIоштийн а, яртийн а Культурин цIенош кхиоран гIуллакхаш кхочушдарехь, похIме кегийрхой балхана юкъаозорехь жигара къахьега деза культурин министерствос», – элира республикин Куьйгалхочо.

А.ВАХАЕВА

№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: