Мухьаммадан (I.с.в.с.) дахар – вайна масал

БисмиллахIиррохьманиррохьийм

Дела цхьаъ веш, Элча (I.с.в.с.) бакъвеш, эвлаяаш къобалбеш, нийсачу некъа тIехь вай нисдарна хастам бу Сийлахьчу Далла.

muhammadpbuh_bookcover_800__800x600

1994-чу шарахь Дамаскерчу (Шема) маьждигийн имамаш а, бусалба динан хьехархой а кечбеш йолчу давратера (семинар) цIа вогIура со. Берашна а, кегийрхошна а хьуьжарехь хьеха дика хир дара аьлла «Хьаяту аIзамир-русули» цIе йолу жайна ийцира ас, Iаьрбийн маттахь дешар а, кхетар а атта долу. Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх лаьцна дуьйцучу «ТахIзибу сирати ибн-ХIишам» гIарадаьллачу тептаран бацбина чулацам бу оцу жайни чохь, Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гIиллакхех а, оьздангаллех а долчу башхачу дийцарша хаздина.

Хьуьжаршкахь иттех шарахь берашна и жайна хьехар нисделира сан. Цунах хьехамаш бора рузбанахь а, мовлид деша нах гулбеллачохь а, школехь а. Жайна массара а дезаш тIеэцаро гайтира, кегийрхошна санна, баккхийчарна а иза пайдехь хилар. Нехан цунах чIогIа самукъа а долура.

Массо а бусалбанна тIехь ду Iилма лахар, Iамор, дешар. Цхьа а шеко яц, динехь нисвала лууш волчунна Элчанан (I.с.в.с.) дахар довзар доккха Iилма хиларан. Веза-Сийлахь волчу Дала шега Сийлахь Къуръан доссийна волу, Цо массо а Iаламна къинхетамна ваийтина волу, бакъдин – Ислам дIахIотто, шен халкъ боданера серлоне даккха, динехь а, гIиллакхехь а царна лаккхара масал хила хаьржина волу Делан Элча – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ма ву иза.

Уггаре а бакъ дош – Лекхаволчу Делан дош ма ду. Уггаре а нийса некъ – Сийлахь волчу Цуьнан Элчанан (I.с.в.с.) некъ ма бу.

Вайн махкахь хилла тIемаш вайн догIмашна а, гIаланашна а, ярташна а зен дина ца Iийна. Цара зен дина адамийн синошна, церан ийманна, гIиллакхашна, церан оьздангаллина. Цундела тахана вайна тIехь ду гIаланаш а, некъаш а санна динехь болу кхетам тобар, гIиллакх кхиорна тIехьажийна болх бар. ТIейогIучу заманахь вайн тIаьхьенна а зенаш, зуламаш ца хилийта.

Цу тIехь мелла а сайгара дакъалаца лиъна, вай лакхахь хьахийна долу жайна а, ткъа иштта кхидерш а Iаьрбийн маттера нохчийн матте дохуш, Элчанах (I.с.в.с.) лаьцна юкъара жайна хIотто волавелира со. И Iалашо сайна кхоллаялийтинчу Далла хастам а бо.

ХIокху жайнера ешархошна, къаьсттина вайн берашна, кегийрхошна, хуур ду, Лекхаволчу Делан Элча тIехдика Мухьаммад (СоллаллохIу IалайхIи ва саллама) къинхетаме, собаре, комаьрша, догцIена, догдика, оьзда, гIиллакхе, эхь-бехк долуш, эсала, бакълуьйш, тешаме, нийса, кIеда-мерза, къинтIера волуш, дов ца дезаш, маслаIате воккха машархо хиллий.

Масех дашехь бовзийталур бац, вежарий, Элчанан (I.с.в.с.) дахаран гIиллакхех долчу жайнин чулацам. Цунна иза леррина дешар, ша доьшучун ойлаяр оьшу. Иза, ешархо, хIокху могIанийн автора хьоьгахь дуьту.

Динан мостагIаша, ца тешачу наха дукха «жайнаш» яздина Элчанах (СоллаллохIу IалайхIи ва саллама) лаьцна. Цхьаболчара и сийсазван гIерташ, вукхара – иза чIогIа хьекъал долуш хилла бохуш, Лекхаволчу Делан къамел Къуръан цо шегара яздина ала гIерташ. Оцу жайнашкара харц кхетам схьаэцарх вай Дала лардойла.

Делан Элчанан (I.с.в.с.) дикалла кхачам боллуш йийца жайна а тоьар дац, я вайн ницкъ а кхочур бац. Вайн декхар дерг – вешан ницкъ кхочург дар ду.

Ас Деле гечдар доьху, хIара жайна гочдеш, хIоттош, кху тIехь къахьоьгуш сайгара довла тарлучу гIалаташна. Сан Iалашо дика хилар хуучу Дала сайн къинхьегам къобалбаре дог а доху.

Ва СоллаллохIу Iала расулихIи Мухьаммадин ва Iала алихIи ва сахьбихIи ва саллама. Амин, вальхьамду лиллахIи роббиль-Iаламийн.

С.-М.МУРТАЗАЕВ

№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: