Конституци. Оцу маьIнечу дешан кхетам адамашна бевзина дукха хан яц. Адамийн историга диллича 240 шо цхьа мIаьрго хетало. Массарел хьалха Конституци Iамаркан пачхьалкхехь юкъаяьлла. Массо хIуманна тIехь хьалхе езаш болчу царна иштта хеташ хила там бу иза. Бакъду, 1787-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 17-чу дийнахь Филадельфехь тIеэцна, 1789-чу шеран бекарг (март) беттан 4-чу дийнахь юридически ницкъе йирзина ю США-н Конституци. Нийса хир дацара США-н Конституци цхьана стага язйина, кечйина ю аьлча а. Цу тIехь къахьегна бу Вашингтон Джордж, Франклин Бенджамин, Джефферсон Томас. США-н Конституци кечъярехь алссам къахьегначарех ву Мэдисон Джеймс. Уьш дерриге а тайп-тайпанчу хенашкахь США-н Президенташ хилла адамаш ду. Пачхьалкхан бух билларехь Iаламат дукха къахьегна цара. Къоман коьртачу документа тIехь шен йоврйоцу лар йитинчарех ву Линкольн Авраам, США-н 16-гIа Президент.
Амма, Россехь кхин а хьалха цхьацца чалхаш текхийна пачхьалкхан Конституци юкъаяккха йолчу ойланца. Цхьацца документаш кечдина, уьш зорбане даьхна. Россехь Пачхьалкхан Конституци хилийта гIерташ алсам къахьегна. Хууш ма-хиллара, XVII-гIа бIешо сингаттамаш алсамбовлуш долало Россехь. 1598-чу шеран кхолламан (январь) беттан 7-чу дийнахь цIеххьана кхелха Россин паччахь Федор Иоанович. 736 шарахь Россина тIехь олалла дина РюрикагIеран хIу хеда. Паччахьалла цуьнан стунвешин Годунов Борисан карадоьду. Амма схьавалар гIезалойх долуш волу Годунов цавезарш дукха бара. 1605-чу шарахь цIеххьана цуьнан кхалхаро дукха хаттарш дитина. Да дIаваьлча масех денна паччахьалла Годуновн кIанте Федоре кхочу. Амма иза а сиха воссаво «динара», ГодуновгIеран дерриге а тайпанан къинхетамза доь а дойъуш. Цкъа мацах РюрикагIеран хIо хьакхаделла волу Шуйский Василий паччахь хIутту 1606-чу шеран хIутосург (май) беттан 17-чу дийнахь. Шуйский Василийн паччахьаллин доза гатдеш, цу муьрехь дуьххьара юкъадоху Россехь Конституци тайпа документаш. Конституци ала цу документех Iаламат хала хиллехь а, низаман гурашкахь сецош хилла цара паччахь а, цунна уллехь берш а. 1730-чу шарахь эла Голицын Дмитрий гIурту шен дагахь кхечу пачхьалкхашкахь санна Россехь а шен Конституци хилийта. Цу муьрехь Пётр Хьалхарчун вешин йоI Анна Иоановна хилла Россин паччахь. И паччахьалла мискачу адамашна гIело еш дIакхоьхьуш хилла цо. Цхьадолчу декъана, Анна Иоановна низаман гурашкара ара ца лелхийта лелийна бахьанаш хила там бу Голицына вовшахйиттина чалхаш. Бакъду, Конституци хилла дIа-м ца яхана уьш. Россин дуьххьарлера Конституци лоруш ю 1809-чу шарахь Сперанский Михаила махкахь демократин хийцамаш бан лерина паччахьан дехарца кечйина план. Амма, 1812-чу шарахь болабеллачу тIамо хьоший дIайоккху, мискачу адамашна бегIийлаш кхуллуш, хийцамаш бан лерина хилла ойланаш. БIе шо гергга зама йолу и хийцамаш бар юхадерзале.
1905-чу шарахь оьрсийн буржуазин революцино бинчу тIеIаткъамо цхьацца манифесташна тIе куьг яздойту оьрсийн паччахье Николай ШолгIачуьнга. Конституционни бакъонийн зIийдигаш лара мегар ду и манифесташ. 1917-чу шарахь тIедеанчу советийн Iедало 1918-чу шарахь зорбане йоккху шен дуьххьарлера Конституци. Иза хуьйцу 1925-чу шарахь зорбане яьллачо. 1937-чу шарахь керла Конституци юкъайоккху Сталин Иосифа. Массарна Iаламат тамашийна хетар дара 1978-чу шарахь Брежнев Леонида кхин цхьа Конституци юкъа ца яьккхинехь.
Амма, чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шарахь дагахь боцу хийцамаш хилира вайн пачхьалкхехь. Советийн Iедалан куьйгалло, пачхьалкхан урхалла малдира, герзан Iуналла дар тесна дитира. Эххар а, кхийра кхаба санна, масийтта дакъа хилла екъаелла дIаелира, цкъа мацах дуьненна «бIов» баьхна СССР. Демократин буха тIехь керлачу анайисте дIагIоьртира Росси. Чолхе некъ бара иза. Пачхьалкхо кхидIа бен болчу некъан къилба билгалдоккхуш тIеийцира Россин керла Конституци. Иза 1993-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 12-чу дийнахь дара. 1993-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 25-чу дийнахь зорбане яьккхира керла Конституци. Цу дийнахь дуьйна юридически ницкъе йирзина ю иза. Россехь дехачу халкъаша тIеэцна ю иза. ТIеэцале шуьйра йийцаре йина, хIоранга шена хетарг алийтина, хIоранна хетарг тидаме эцна юкъаяьккхина ю. Цу тIехь билгалъяьхна ю вайн бакъонаш, цуьнца цхьаьна довза аьтто бу вешан декхарш. Россин Конституцин хьалхарчу статьяхь билгалдоккху Росси демократин буха тIехь кхоьллина федеративни бакъонан пачхьалкх хилар. Алссам къаьмнаш дехачу Россин Федерацехь, дерриге а къаьмнийн цхьабосса бакъонаш, декхарш ду. Конституцин 2-чу статьяхь дуьйцу адамийн бакъонех, церан маршонех. Пачхьалкхо шена тIелоцу уьш ларъяр, шен гражданийн Iуналла дар. Доцца аьлча, мах боцу беркат хилла дIахIоьттина Россин Федерацин Конституци. Цуьнан хьурмат дан Дала хьекъал, доьналла лойла вайна.
А.ДАЧАЕВА
№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо