Кечйина инвестицийн мехала проекташ

Нохчийн Республикин бахархойн дахаран хьелаш тодарна тIехь хаддаза къахьоьгуш ю вайн регионан Правительство. Цуьнан  Председательна Эдельгериев Абубакарна  хьалха тIеттIа  керла  декхарш хIиттадо республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, кхиоран доза  дац. Оцу декъехь денна  хIайттараллийца къахьега деза. ТIаккха Нохчийнчоьнан  бахархойн  дахар  токхе а, беркате  а, дахарехь-Iерехь оьшуш йолу  бегIийлаш йолуш а хир  ду. Оцу Iалашонца  къахьоьгуш бу правительствон берриге а декъашхой.

Аьлларг чIагIдеш долу  бIаьрла масал ду экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствехь беш  болу  болх. Кхузахь, министран Хучиев Муслиман куьйгаллица кеч а йина,  правительстве  дIаелла инвестицийн 52 проект. Церан юкъара  мах 172,8 миллиард сом бу. Вуьшта аьлча, уьш кхочушъярна оццу барамехь харжаш ян езар ю. Хьахийна  проекташ кхочушйича аьтто хир бу вайн республикерчу 20 эзар гергга  вахархочунна  белхан меттигаш  хилийта.

«Нохчий Республикин  инвестицийн проекташ чIагIъяран хьокъехь» болчу оцу министерствон  соцамца билгалдеш ду йолуш йолчу производствошна (предприятешна) реконструкци яр а, ткъа иштта  лаккхарчу технологийн кхузаманан керла производствош яр а. Цо правительстве дIакховдийначу проектех 22 тIехьажийна ю промышленность а, энергетика  а кхиорна. Церан юкъара барам 21,6 миллиард сом бу. Инвестицийн и проекташ кхочушийча итт эзар гергга стагана белхан меттигаш хир ю.

Кхин а 22 инвестицийн проект кечийна лакхахь хьахийначу ведомствон говзанчаша, шайн юкъара мах 21,6 миллиард сом болуш. И проекташ агропромышленни комплексан дакъошкахь кхочушйийр йолуш ю. Ткъа уьш кхочушъяро ярташкахь Iаш болчу бахархошна пхи эзар 612 белхан меттигаш хилийта аьтто  бийр бу. Иза къаьсттина  мехала а ду. ХIунда аьлча бан болх боцуш берш, коьртачу декъана,  вайн  ярташкахь Iаш бу. Цигахь, вайна ма-хаъара, кIезиг ю производственни предприятеш, юьртан бахаман сурсатех гIуллакхдеш йолу  предприятеш.

Шайн юкъара мах 21,6 миллиард сом болу пхи проект хьашташ кхочушдаран декъехь гIуллакхдарна, хьашташ кхочушдар кхин а тодарна лерина ю. Уьш кхочушъяро таро лур ю виъ эзар сов стаг  балха  хIотто.

Цхьана  стагана болх бан меттиг хилийтар а доккхачу маьIне долчу вайн регионехь 20 эзар гергга  стагана болх бан меттиг  хилийтарна тIехьовсийна инвестицийн проекташ кечъяр мехала гIуллакх ду, лаккхара мах хадо хьакъ долуш гIуллакх ду.

Герггарчу хенахь Нохчийчоьнан правительствон кхеташонехь йийцаре йийр ю и ерриге а проекташ. Церан хьокъехь билггал сацамаш тIеоьцур бу, уьш  кхочушъярна  жоьпалле  берш билгал а бохуш.

С.ЦАДАЕВ  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: