ГIуран (декабрь) беттан 13-чу дийнахь «Вайнах» ансамблан туьшахь мехкаршна юкъахь Къуръан дешаран «Икъроъ» республикин къовсаман толамхой билгалбехира.

Къовсам вовшахтоьхнарг а, дIабаьхьнарг а мехкарийн юкъараллин «Иман» организаци хиллехь а, финансийн декъехь цунна гIо-накъосталла дира А.-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондо.
Толамхой билгалбахарехь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Тагаев Султана, культурин министра Дааев Хож-Баудис, бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахь-Хьаьжас, кхечара.
Шен къамелехь республикин Куьйгалхочо мехкарийн юкъараллин «Иман» организацин куьйгалхочунна Мужедова Иманна, иштта мехала гIуллакх дIадахьарна, доккха баркалла а олуш, цо куьйгалла дечу организацис бечу балхах лаьцна дийцира.
– «Иман» организацин жигархой болчу мехкарша хIара болх бен масех шо ду. Къуръан Iамийна ца Iаш, мехкаршна юкъахь кхетош-кхиоран болх а дIахьо цара, Ислам динан хазалла а йовзуьйту. Къуръан хаза а, нийса а деша хуучеран а, дагахь хуучеран а барам денна а асламболуш хиларх даккхийдедо вай дерриге а. Цо вай нийсачу новкъахь хилар а, вайна вешан Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везаш хилар а гойту, – элира Кадыров Рамзана.
Иштта цо билгалдаккхарехь, мел бакхий баланаш а, халонаш а тIехIиттарх, Делах тешарх а, кхерарх а хер ца луш даьхна нохчийн халкъ.
– Дин бахьанехь дуккха а халонаш лайна вайн халкъо. Вайгара иза дIадаккха гIиртина тайп-тайпана Iедалш. Амма шегахь доьналла а, Делах тешар доза доцуш а хилар бахьана долуш, нохчийн халкъо шегара дин дIа ца даккхийтина, – дийцира республикин Куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа бовзийтира къовсамехь толаман меттигаш яьхна болу мехкарий. Республикин Куьйгалхочун хьехамчас Шахидов Адама дийцарехь, къовсамехь кхоалгIа меттиг яьккхира Веданан кIоштан векала Устарханова Селимас. ШолгIа меттиг яьккхинарг Межиев Салахь-Хьаьжас йовзийтира. Иза ТIехьа-Мартан кIоштан векал Зубайраева Мата яра. Хьалхара меттиг, Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, шина кIоштан векалшна елира: Шелан кIоштан векална Дукаева Радимина а, Гуьмсан кIоштан векална Самбулатова Седина а.
Къовсамехь дакъа мел лаьцначу мехкаршна зезагийн курсаш а, дипломаш а делира. Толамхошна А.-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах ахчанан премеш а елира.
И.АДАМОВ
№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо