ХIора дийнахь Къуръан доьшуш Iачу шен ден тидам беш хилла боху кIанта. Цхьана дийнахь кIанта шен дега: «Дада, даима а доьшуш ву-кх хьо Къуръан. Дагахь лаьтташ а ца хилча хIунда доьшу ахь?» – хаьттина 8 шаре ваьллачу кIанта.
Ша доьшу Сура чекх а даьккхина, кIанте дас аьлла: «Валол, гIой, тускар чохь вайна хи дохьуш волал!».
КIора лелочу тускаре, цецвуьйлуш, хьаьжна, кхин вист ца хуьлуш, хи дан вахана кIант. Тускар хи чу хьаькхна, схьаэцна, чохь хин тIадам боцуш цIакхаьчна.
Ша селхана ма дешшара Къуръан деша охьахаале, юха а, изза тускар эцна, хи тIе вахийтина дас кIант. КIанта хаьттина дега: «Ва Дада, кIора лелочу тускарца хIора дийнахь хи да ма вохуьйту ахь со. Цу чохь хи далуш ца хилча хIунда вохуьйту ахь со?».
«КIант! Хьажал тускаре!», – аьлла дас (кIора лелийна тускар цIанделла, серладаьлла гина кIантана), «… иштта, хино и тускар санна дог а цIандо хьуна Къуръан дешаро».
Дийцина Иорданера Заркъарчу Файсал Фарида Султана
ДIаяздинарг – З.ЦЕНТОРОЕВА
№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо