Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Аллей мемориальни комплексехь дуьненахь а вевзачу художникан Хасаев Чингисханан суьртийн гайтам бовзийтар хилира. «Орамашка юхадерзар» аьлла гайтаман автора шен белхех.
ДIадаханчу шерашкахь а хилла Ч.Хасаевн гайтамаш Соьлжа-ГIалахь. Хасаев Чингисхан Нохчийн Республикин хьакъволу художник а, Россин а, Нью-Йоркан а Художникийн союзийн декъашхо ву.
Искусствон декъехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу фестивалийн а, гайтамийн а толамхо ву иза. Москвахь хиллачу «Ламасташ а, вайн зама а», Нью-Йоркехь хиллачу «Глобальная волна», «Fine Arts: Global Tide» гайтамашкахь хьалхара меттигаш яьхна цуьнан белхаша.
Шен керлачу гайтамна «Орамашка юхадерзар» аьлла цIе тиллар а ларамаза дац художникан. ДIаяханчу заманахь хилларш, тахана дагалецамашкахь хьалха хIуьтту Соьлжа-ГIала а, цу заманан безам хилла иэсехь еха мIаьргонаш а ю автора шен доккхачу похIман гIоьнца хьовсархойн кхиэле ехкинарш.
Цуьнан кхоллараллехь философи а, хьесап а ду. Цхьа а хьаьрк эрна йиллина яц, ткъа белхан гIирсийн, басарийн беснаш а, шайн маьIна долуш мехала ду. Дукха хьолахь хIора сурт гIан-набарш, хилла бакъдерш, хила тарлуш дерш, цкъа а хила йиш йоцурш ду фантастиканий, бакъдолчунний юккъехула лелачу ойланца диллина. Художникан бакъо ю иза, коьртаниг оцу суьрто шен ойла йовзийтар, шега хьоьжуш верг шеца «къамеле» ваккха хаар ду.
ТIейогIучу хенахь Соьлжа-ГIала шена ма-гарра юьллу цо. Иза къаьсташ ду «5-й Рим», «XX–17» суьрташкахь. Шен керлачу белхашкахь а хьалха ша лелочу жанрашкахь къахьегна цо. ГIала буьйсанан бодано юкъахьарчийна а гайтина цо.
БIаьргашна, дагна ницкъ ца беш, чулацаме, синтеме ду Чингисханан суьрташ. Гайтам схьабоьллуш дакъалецира Сийлаллин Аллей комплексан директора Ахмадов Iабдул-ВахIаба, оццу комплексан искусствийн а, дешаран а заведенийн отделан говзанчас Умаев Эмис, кхоллараллин «Колесо» цхьаьнакхетараллин декъашхочо Закриев Мохьмада. Шен кхолларалла а лерина, гайтаме баьхкинчу нахана баркалла элира Хасаев Чингисхана.
Хьовсархойн кхиэле диллина 35 сурт ду, царах дукхахдерш дуьххьара довзуьйтуш а долуш. Искусство езархошна хаийта лаьа гайтам тIедогIучу 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 12-гIа де кхаччалц лаьттарг хилар.
З.ХИЗИРОВА
№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо