Соьлжа-ГIалина гуонахара хьал теллира

«Народный фронт «За Россию» (ОНФ) боламан республикехула долчу декъан жигархоша Соьлжа-ГIалин йистошкара а, цунна гуонахарчу ярташкара а меттигаш коммунальни даххашца бехъеш ю-яц хьожуш теллира хIокху деношкахь.

image15044256_6ea9564738bdd0234fa9e10f9b58d32e

– Оцу латтанашкахь долу хьал дика цахилар чиллин (февраль) а, бекарг (март) а беттанашкахь талламаш бечу муьрехь хааделлера тхуна. И хьал оха сихонца муниципальни службашка дIа а хаийтинера, цунах лаьцна шуьйрачу хаамийн гIирсашна а дийцинера. Цундела оха билгал мел даьхна латтанаш даххех дIацIандира, – элира ОНФ-н республикехула долчу декъан экологин проблемийн а, хьун Iалашъярна а юкъараллин мониторинг яран региональни тобанан координатора, Нохчийн Республикин хьакъволчу эколога Лулуев Iабдулмадида.

ТIаьххьара бинчу талламо гайтира шеран хьалхарчу беттанашкахь боьха лаьттинчу цхьадолчу латтанашкахь (Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштарчу 12-чу участкина гуонахара латтанаш) хIинца цIано латтош хилар. Хьалха хиллачул а дика хьал Соьлжа-ГIаларчу БухIан-Юьртана гуонахарчу латтанашкахь а ду. Амма хийцам боцуш дисина Соьлжа-ГIаларчу Соьлже поселкаца йолчу хьуьнхара хьал. ОНФ-н жигархоша таллам бар бахьана долуш, гучудаьлла, меттигерчу бахархоша оцу хьуьнхахь нехаш а, даххаш а охьакхуьйсуш хилар.

– Хьуьнхой кIезиг хиларца доьзна ,хьуьнан бахамна вайна ма-луъу терго а, Iуналла а дан ницкъ кхочуш цахиларх кхеташ ду вай. Делахь а, уьш кIезиг бара бохуш, Iойла дац. Оцу декъехь къахьоьгуш йолчу ведомствийн а, муниципальни Iедалийн а, юкъараллин а векалш цхьаьна а тоьхна, цхьа йист яккха езаш гIуллакх ду иза. Цунах лаьцна мелла а хьалха Россин Федерацин Президента, ОНФ-н лидера Путин Владимира а дийцина «Форум действий» цIе йолчу мероприятехь а, Федеральни Гуламе ша динчу костехь а, – дийцира I.Лулуевс.

Иштта, цо дийцарехь, карарчу хенахь ОНФ-н республикехула йолчу штабехь цхьаьнакхетарш дIадахьарна кечамаш бу беш. Цигахь дакъалоцур ду республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствон а, Россин МЧС-н республикехула йолчу Коьртачу урхаллин а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, цунна гуонахарчу яртийн а, юкъараллин а векалша.

И.ХАСАХАНОВ

№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: