Хууш ма-хиллара, мелла а хьалха чекхбаьллачу лахьанан (ноябрь) баттахь, Россин а, СаIудийн Iаравин а юкъаметтигаш мелла а дIанисъяларца нийса а догIуш, вайн республикин Правительствон йоккха делегаци белхан визитаца оцу махкахь хилира. СаIудийн Iарави хIума йохка а, къаьсттина эца а таро йолуш мохк бу. Дуьненна а евзаш йолчу мегапроектел а совъяьккхина, масала, экономикин декъехь, саIудашна гайта, йохка хIун ю республикин?..
Карарчу хенахь Къилбаседа Кавказерчу ерриге а республикаша махлелочу мехкийн хьалхарчу ткъанна юкъахь а яц СаIудийн Iарави.
Федеральни таможнин Къилбаседа Кавказан федеральни округехула йолчу урхалло зорбатоьхначу хааме хьаьжча гучудолу 2015-чу шарахь округерчу республикаша оцу махкаца махлелор 528,6 эзар долларан (157,5 эзар долларна экспорт а, 371,1 эзар долларна импорт а) барамехь бен цахилар. Ткъа иза, Россис а, СаIудийн Iаравис а вовшашца махлелоран бараман (2015-чу шарахь 926,1 миллион доллар) ах процент бен яц.
Россера оцу махко кенан ораматаш (экспортан 39,1 процент) а, Iаьржа эчиг (25,4 процент) а, минералийн ягориг а, мехкадаьтта (18,4 процент) а оьцу.
Доцца аьлча, СаIудийн Iаравица зIенаш дIатасарехь уггаре а жигара йолчу Нохчийчоьнан, цкъачунна, саIудашна йохка а я цаьргара эца а хIумма а яц.
Оцу махко Россе ечу импорта юкъахь пластмасс а, цунах йина хIуманаш елахь а, республике Чинера пластмасс бен кхочуш яц. Бакъду, фармацевтикин сурсаташ а ду цигарчу импортаца Россе кхочуш, амма Нохчийчохь я Россехь, я Германехь дина сурсаташ бен хаалуш дац.
Лакхахь мел яздинчу йозано жоп доцуш дуьту хIокху материалан цIарехь долу хаттар. Цуьнан жоп «ХIумма а!» а ду. Республика саIудийн инвестицешна, аьлча а, церан ахчане сатуьйсуш ю. Ткъа дуй церан ахча? Лур дуй цара иза вайна? Дан а ду, лур а ду!
2015-чу шеран мангалан (июль) баттахь Россин ма-ярра йолчу инвестицийн (РФПИ) а, СаIудийн Iаравийн пачхьалкхан Public Investment Fund (PIF) а фондаша Россин экономикина юкъа 10 миллиард доллар дилларан хьокъехь барт бина.
Иза кхочушбарехь, хетарехь, саIудийн инвестицеш уггаре а хьалха Къилбаседа Кавказерчу бусалбачу къаьмнийн республикашка а, билггал Нохчийчу а кхочур ю.
Кхузахь билгалдаккха догIу Нохчийчоь СаIудийн Iаравица зIенаш тийса XXI-чу бIешеран хьалхарчу мурехь дуьйна йолаелла хилар. Динан декъехь, хIора а шарахь вайн махкахой хьаьждан бахар бахьана долуш, зIенаш йолу дуккха а хан яра.
Лакхахь хьахийначу муьрехь дуьйна дIаболийначу белхан жамIаш 2013-чу шарахь Соьлжа-ГIала СаIудийн Iаравин паччахьан кIант Iабдул-Iазиз бин Турки бин Талал аль-СаIуди варца хааделира. Иза Бельгерчу KrivaRochem компанин цIарах веанера. Дийцаре дира Нохчийчохь 400 МВт ницкъ а болуш 10 электростанци яр. Амма юьйцуш йолу электростанцеш «атомийн» хиларца доьзна, республикин куьйгалло къобал ца дира и гIуллакх.
Иштта, чаккхе йоцуш бисира оцу шарахь нохчийн «Грозный-Авиа» а, саIудийн «Ara» (луларчу Бахрейнан паччахьан доьзалан долахь ю и компани) а авиакомпанеша бина барт а. Оцу бартаца нийса а догIуш, нохчийн авиакомпанина керла кеманаш дала лерина дара. Амма гIуллакх чаккхе йоцуш дисина хиларе терра, «Грозный-Авиан» паркехь хIинца а «советски» кеманаш ду.
Оцу мехкан векалш кхин республике ца богIуш 2 шо делира цул тIаьхьа. Эххар а, карарчу шеран хIутосург (май) баттахь Нохчийчу веара СаIудийн Iаравин паччахьан векал Ахьмад аль-Хатыб.
Республикин куьйгалло йиъ мегапроект йовзийтира цунна: Соьлжа-ГIаларчу аэропортан керла терминал а, дийнна шарахь болх беш хир йолу «Ведучи» курорт а, дукхахьаштийн «Ахмат Тауэр» комплекс а, мехкадаьттанах гIуллакхдаран завод а яран хьокъехь яра уьш.
ТIаьххьара хьахийна йолчу проектан хьокъехь шаьш ойла йийриг а, мехкадаьттан «Saudi Aramco» къоман компанин говзанчашна иза йовзуьйтург а хилар хаийтира хьешо.
Цул сов, республикин премьер-министра Эдельгериев Абубакара билгалдаккхарехь, саIудаш хьажийта дIаяхьийтина кхин цхьа проект а ю, ялтийн Iалашдойла яран хьокъехь йолу.
«СаIудийн Iаравехь цхьана а кепара ялта кхиош дац. Нагахь санна вайга и проект кхочушъялахь, царна ялта а дохкалур ду вайга», – элира цо.
Амма царна дохка ялта мичара дер ду бохург жоп доцуш дитира А.Эдельгериевс.
2015-чу шарахь республикехь 232 эзар тонна бен ялта чудерзийна дац. Ткъа иза Россис чудерзийначу ялтийн цхьана процентан иттолгIа дакъа а дац.
И.ИСЛАМОВ
№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо