«Кхаа агIоно барт баран проект» йийцаре йира Профсоюзийн цIийнехь

Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Профсоюзийн цIийнехь Iедалан белхахошна юкъахь бартбаран проект йийцаре яран а, «Тоьлла коллективни барт» конкурсан жамIаш даран а гIуллакхаш дIадаьхьира.

IMG_2746-1-768x512

Цигахь дакъа лецира «Кхаа агIоно барт баран проектан» декъашхоша: Нохчийн Республикин Правительствон а, профсоюзийн Федерацин а, болхнисбаран цхьаьнакхетараллин а векалша.

Кхеташо дIахьош вара Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацин председатель Солтагереев Хьусайн. Кхаа агIоно барт беш тIеэцначу документо билгалйоху социальни-къинхьегаман юкъаметтигийн коьрта принципаш.

И барт Россин Федерацин Къинхьегаман Кодексаца нийса а догIуш беш бу. Оцу документан коьрта кхо дакъа ду: экономикин политика, белхан алапа, къинхьегам низаме берзор. Цул тIаьхьа догIу: къинхьегаман рынок нисъяр, социальни гIолацар а, социальни дакъа а, экологи ларъяр, вовшашна социальни накъосталла даран система кхиор, къинхьегаман а, садаIаран а раж латтор, кегийрхойн политика, спорт, культура, и.дI.кх. а.

– ТIедогIучу 2017–2019-чуй шерашкахь вайн коьртачу Iалашонех ду Нохчийчуьрчу бахархошна социальни-экономикин, политикин дакъошкахь шайн бакъонаш йовзуьйтуш, уьш лар а еш болх бар. Церан Iер-дахар кхин аттачу а доккхуш, белхазалла кхин а лаха а йоккхуш, экономика кхиош, бахархойн алапаш лакха а дохуш система кхоллар. Дала мукъ лахь, и дерриге а дан ницкъ кхочур бу вайн, – элира Хь.Солтагереевс.

«Кхаа агIоно барт баран проектан» декъашхоша социальни декъехь вовшашна накъосталла дарца дIахьур бу белхаш. Кхаа агIонан векалша билгалдоккху республикерчу гIаланашкахь а, кIошташкахь а и белхаш дIабахьа безаш хилар а, уьш дIаболо шаьш кийча хилар а.

Цул тIаьхьа «Тоьлла коллективни барт» аьллачу конкурсан жамIаш дар дIадаьхьира Профсоюзийн цIийнерчу конференц-залехь. Конкурсехь билгалбевллачарна Сийлаллин дипломаш делира, совгIаташ а дира.

Хь.БАХТАЕВА

№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: