Кхидолчу газетийн, журналийн я кхийолчу муьлххачу хаамийн гIирс ларалуш йолчу изданийн коьрта Iалашо адамашна нийса дош, хаам я цхьа керланиг дIакхачор хилар, кхузаманан Iадат хилла схьадогIуш делахь а, «Даймохк» газетан оцу Iалашонал, оцу Iадатал а доккха кхин цхьа декхар а хилла: – ХIокху доккхачу дуьненахь а деккъа вайн нохчийн маттахь, Ненан маттахь арадолуш ша цхьаъ бен цахиларна, массо хенахь а нохчийн къоман гIиллакхаш, Iадаташ, дIадаьлларг адамашна довзийтар. Ткъа и дерриге а къоман кхетаман геннара схьадогIу машаре, беркате аз хилар тидаме эцча-м, муххале а. Газетан коьрта турпалхой даима а нохчийн къоман тхьамданаш, баьччанаш, церан гIиллакхаш, церан амалш, гIуллакхаш, уггаре а хьалха царна хIокху къомах, махках, мехкан адамийн амалех лаьцна долу хаттарш хуьлура.

Газетан хьалха дуьйна схьадогIуш долу и деза Iадат кхочуш а деш, хIокху деношкахь оха «Даймохк» газетан редакцин хьошалгIа кхайкхира хIокху махкахь а, махкал арахьа а вевзаш, къурайшийн тIаьхьенах болчу нехан векал а, республикин Къанойн кхеташонан председатель а, Iеламча а, Нохчийн Республикин Парламентан депутат а волу Ахмадов Сайд-Iабдул.
– Сайд-Iабдул, марша вогIийла хьо! Тахана газетан редакце хьошалгIа варна Дела реза хуьлда хьуна! Ахь тхуна динарг доккха хазахетар ду. Кху газете варан бахьана хIун дара?
– Делера салам-маршалла хуьлда! Со хIокху дерриге а дуьненахь а вайн Нохчийн маттахь арадолуш хIара цхьаъ бен доцчу газете хьошалгIа веана! Ткъа сан коьрта Iалашо яра, со уггаре а хьалха Нохчийн мотт а буьйцуш, нохчи хиларе терра, хIокху газете язвалар. И гIуллакх ас кху чу кхачале дина, хIинца хьо волчу чу а веана. Суна уггаре а хьалха хьуна а, хьан ерриге а кхоллараллин тобанна а доккха баркалла ала лаьара аш хIара гIуллакх, кхуьнан сийлаллех а кхеташ, кхечу, шайна даха атта хинболчу белхашка а ца гIерташ, дIадахьарна. Доккха гIуллакх ду аш дийриг. Ас даима а лорура Дала йозанца болх бан похIма делла нах. Ткъа шайна са я рицкъа сов хиндолчу маттахь яздар коьрта къилба а дина, дерриге а дуьненан говзанчаш лелачу хенахь шен маттана, шен меттан ойланна, меттан кхетамна тешаме висар, баккъал а хьуьнар а, къонахалла а ю…
– Дела реза хуьлда хьуна иштта мах хадорна! Сайд-Iабдул, ахь и къамел деш, цхьа хаттар деара сан коьрте, ахь бехк ца биллахь, и дийр дара ас хьоьга. Хьуна хетарехь мотт хIун ю, цо хIун маьIна леладо адамийн дахарехь?
– Беркате, мерза, машаре мотт – иза стеган ийман ду уггаре а хьалха! Ткъа и ийман кхечу, шена, Дала дуьнен чу кхуллуш, беллачу маттехула бен кхача йиш яц цхьана а адаман кхетаме. «Мотт къоман са ду», – баьхна дуьненан Iилманчаша. Шен маттехула, шен ненан маттехула кхочу муьлхха а хаам, муьлхха а кост адаман кхетаме. Ткъа кхечу маттахь вай олуш долу дош, и кхин мотт вайна мел дика хаахь а, маьIна дархьама уггаре а хьалха, коьртачохь хьайн ненан матте а даьккхина, тIаккха кхидIа кхетаме дIакховдон дезаш хуьлу. Шен маттахь аьлларг мерза а, дагахкхеташ а хуьлу, цуьнан цхьа а шеко яц, цундела аьлла цунах вайн дайша ненан мотт.
«Нохчийн къам дехаш хиларан билгало а, оцу къоман мокхаза чIагIо а ю нохчийн мотт…», – аьлла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнаш дийшира ас хIокху шун хIусамехь. ЧIогIа кхетам, болуш, доккха маьIна долуш дешнаш ду уьш.
Иза Дала декъалвойла! Ахьмад-Хьаьжа боккха кхетам, Iилма долуш стаг а, шен къоман вуьззина къонах а хилла ца Iаш, вайн нохчийн къоман, меттан вуьззина векал а вара. Иштта ца хиллехь, цо иштта маьIне дешнаш эр а дацара.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина оьрсийн а , Iаьрбийн а меттанаш хаьара, амма цунна кхин цхьа хIума а хаьара – ша уггаре а хьалха, хIара дерриге а дуьне шен собаро, шен къонахалло, шен иймано цецдаьккхина волу нохчи вуйла. Ткъа цуьнан уггаре а сийлахь, уггаре а деза, уггаре а мехала хилларг – иза шен ненан маттахь ойла еш, ша хIокху дуьнен чу нохчи волуш веана хилар, цунна цкъа а диц цадалар дара…
– Сайд-Iабдул, Дела реза хуьлда, цIена бакъ дерг ду ахь дуьйцург. Хьо дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Парламентан депутат хаьржина. Хьуна халкъо, Iедалехь шен векал хила боккха тешам белла. Айхьа кхидIа дан леринарг дийцахьа.
– Ас со дуьххьара балха веанчу дийнахь, Нохчийн Республикин Парламентан Председателе, Россин Турпалхочуьнга Даудов Мохьмаде хаьттира: «ХIун дан аьтто бу вайн, хIун дан йиш яц?» – аьлла. Мохьмада, ша вайн мехкан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун дика накъост а, ваша а, вуьззина къонах а, нохчи а хиларе терра, доцца жоп делира: – «ХIокху махкана, хIокху къомана диканиг, пайдехь дерг массо а хIума дан йиш а, бакъо а, декхар а ду вайн, цу тIехь вайна мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана накъосталла а дийр ду», – аьлла. Иза суна тоьар ду, Дала мукъ лахь. ХIокху махкана, къомана диканиг дан аьтто хиларал сов доккха хIума дан а дац. Цу тIехь къахьега дагахь а ву со. Цунна кхаьчна со кхуза а. Шуна дуккха а хIуманаш ма хаьа, шу даима а нахана юкъахь ду, Iедална тIекхачо аьтто боцург адамаша шуна тIедохьу. Кхечу маттахь яздечара дуьйцург хIокху махкара арадолу, ткъа аш, вай цхьана вешан маттахь яздеш дерг, вай вешан маттахь дуьйцург, иза баккъал а вайн чуьра, Нохчийчуьра гIуллакхаш кхин а дика хила лаарна яздеш ду, со цунах кхета. Ткъа и гIуллакхаш ма-дарра дийца, адамашка дIакхачо вайна вешан мотт, вешан меттан йоза оьшу.

– Сайд-Iабдул, бехк ма биллалахь, со кхуза, «Даймохк» газете дуьххьара балха вогIуш сан 17 шо дара, цул тIаьхьа дукха хан яьлла. 1990-гIа шераш дара уьш. Цу хенахь типографин зорбанан яккхийчу машенаш тIехь болх беш оьрсийн зударий бара. Буьйсанна шаьш хIума кхалла охьаховшуш, цкъа а шайн оьрсийн маттахь долу газет ца доьллуш, нохчийн маттахь долчу газета тIе юьллура цара шайн яахIума охьа. Ас цу тIе ма йилла, шайн маттахь долчу газета тIе йилла аьлча: «Это наша газета», – олура. Ас иза ца юьллуьйтура, тIаккха тхан дов долура, дукха хьолахь, со оьшура, бехке а хуьлура… Иза иштта доллушехь, нохчийн маттахь долчу газетан тираж 28–29 эзар хуьлура. Ткъа хIинца яц оцу терахьан цхьа процент а. Цул сов, газет кIирнах кхузза арадаккха хилла таро а дIаяьккхина. И гIуллакх дIанисдан, дIаяьлла тираж юха хьалаяккхарна хIун дича бакъахьа хетара хьуна?
– ХIинца ахь дуьйцург, суна кхечанхьа хезча, ас иза бакъ дац, иштта хуьлийла а дац эр дара. Суна цунах теша жимма халуо ду. Вай нохчийн махкахь ду! Нохчийчоь вайн Даймохк бу! Нохчийн мотт хIора а нохчичунна уггаре беза а, уггаре сийлахь а бу. Вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, чIагIдеш, дIакхайкхийна Нохчийн меттан де а ду, оцу денна гуонаха деш дукха гIуллакхаш а, еш харжаш а ю. Ткъа нохчийн маттахь нохчийн махкахь 1923-чу шарахь дуьйна арадолуш долу газет – мотт хIокху махкахь вайн нохчийн Iедалан коьрта хьадалча, коьрта къилба а ду! Вайшимма лакхахь билгал ма-даккхара, «Даймохк» газет беккъа цхьа хаамийн гIирс хилла Iийна дац цкъа а хIокху махкахь. ХIокху тIехь ас массо а хенахь истори а, дин а, культура а, хIокху махкахь дикачу агIор хуьлуш мел болу хийцамаш а бIешарал сов, тIекхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиорна мехала хIуманаш а доьшу. «Даймохк» вайн къоман истори ю. ХIокху къоман боллу кхоллам а болуш, къоман юьхь, къоман амал, къоман мотт, оцу меттан гIиллакх дерриге а дуьненна дIакхайкхош, тахане кхаьчна долу «Даймохк» газет хIора дийнахь арадала дезаш дара. Иза иштта, Дала мукъ лахь, хир а ду!
Вайн мехкан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан къонахалла, доьналла бахьана долуш, ерриге а Россехь хьалхарчех, уггаре а тоьллачех цхьа регион ю Нохчийчоь. ХIокху махкахь дехарг а ду уггаре машаре а, уггаре гIиллакхе а, уггаре комаьрша а, уггаре дика а къам. Цундела хIокху къоман газет а иштта уггаре а лаккхарчу тIегIанехь хила дезаш ду. Вайн къам махках даьккхина долуш, дуьххьара цигахь «Къинхьегаман байракх» газет арадала доладелча, вайн дайша шайна хилла хазахетар дуьйцуш хезна суна. Цхьа газет юьрта кхаьчча, кар-кара а оьцуш, дагахь Iема бохура иза нохчашна. Коьртаниг оцу тIера чулацам а ца хуьлура, олура цара. Коьртаниг, шен маттахь долу йоза дара ницкълуш дерг, олура. ХIокху газетехь 1923- чу шарахь дуьххьара коьрта редактор хилла волу Арсанов СаьIид-Бей вуьйцуш хезна суна, кхузахь коьрта редактор а волуш лаьцна, чувоьллина Мамакаев Мохьмад а… Суна хетарехь, хIокху махкара цхьа а яздархо я поэт, Iилманча карор вац хIокху газетана юкъа шен дакъа, шен кхетам биллаза. Иза ма ду коьрта. ХIокху газетан даима а ма хилла дуккха а шайн махкана, шайн маттана тешаме болу, доккха доьналла долу накъостий. Уьш цхьа а виц ца вина аш тахана. Газете хьошалгIа вар бахьана долуш, шун музейн суьрташца дIа мел даьлларг карладели суна…
– Сайд-Iабдул, хьуна-м газетан кхоллам суначул а дика бевзаш хилла, Дела реза хуьлда хьуна! Тахана муьлхачу хьолехь бу нохчийн мотт, нохчийн йоза, я вуьшта аьлча, хIун статус ю нохчийн махкахь нохчийн меттан?
– Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, хIара дерриге а дуьне а дуьхьал доллушехь, къар а ца велла, тIеэцначу Нохчийн Республикин Конституцин 10-чу статьяхь билгалдаьккхина Нохчийчохь пачхьалкхан ши мотт хилар. Дуьххьара язбина Нохчийн мотт бу, ткъа шолгIа язбина оьрсийн. ЧIогIа маьIне а, муьлххачунна а шена доккха хьекъал, кхетам эца а мегар долуш хIума ду иза. Ахьмад-Хьаьжас, ша баккъал а нохчи хилар цкъа а диц ца дора. Цундела цо дуьххьара нохчийн мотт а язбира. Ткъа тахана суна халахеташ цхьа хIума ду. Вайна ваьш цхьаъ яздечу хенахь оьрсийн маттахь цхьа элп гал а даьлла, гIалат даьлча эхь хета, ткъа нохчийн маттахь гIалат дича бен а ца хета. И гIуллакх а чIогIа шен хIуманан цхьа тIалам цахилар хета суна. Ткъа хила дезарг нийсса бIостанехьа дара. Муьлххачу а къоман кхетамехь иштта дан а ду иза.
– Сайд-Iабдул, тIедогIуш долчу 2017-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь итт шо кхочу Нохчийн меттан дийнан хьокъехь долу Указ арадаьлла. Цунна гуонаха вайн республикехь хIун гIуллакхаш дича дика хетар дара хьуна?
– Ма дарра дийцича, оханан (апрель) беттан 25-чу цхьана дийнахь нохчий хуьлу амал Iадйита мегар дара вайн цхьаболчу хьаькамаша. И Указ вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана вайн мотт а, йоза а кхион, адамашна юкъахь иза шардан аьтто хилийтаран Iалашонца арадаьккхина ду. Цул тIаьхьа итт шо даьлла. Юха, кхана, цо и Указ арадаьлла итт шо даьлча, цунна гуонаха динчу гIуллакхийн жамIаш иза дан волалахь хIун дийр ду вай? Вай цунна хIун жоп лур ду? ГIалат а доцуш, шайн ненан маттахь цхьа предложени дIаязъе алахь хIун хир ду?… Ас сайга хаьттича и мехала, сийлахь Указ арадаларан дозаллина, цуьнан 10 шо кхаьчна 2017-гIа шо Нохчийн меттан шо ду аьлла, дIакхайкхор доьхуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга, Россин Турпалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар дийр дара. Оцу дийнахь дуьйна дерриге а дуьненан а вайн маттахь арадолуш цхьаъ бен доцу, 1923-чу шарахь дуьйна схьадеана долу хIара «Даймохк» газет хIора дийнахь арадолуш хилийтарна тIехьажийна белхаш бар шуна тIедиллича, хIара газет нохчийн хIора хIусаме кхачор почтана тIедиллича дика хир дара.
– Сайд-Iабдул, иза дукха боккха болх бу, амма бан лиъча балур болуш а, вай бан декхар долуш а бу. ХIокху вайн къамелехь нохчийн халкъан яздархочун Сулейманов Ахьмадан цхьана хаттарна хилла жоп дагадеара: « … Кхо хIума ду дуьнен чохь даима цхьана хила дезаш, вовшахдаьхча кхуьй а леш: Даймохккий, Ненан моттий, Халккъий. Тхо-м – Нохчий Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг тIедуха ца даьхкиний тхешан махка, цIа, карахь-куьйгахь а, тIехь а доццушехь. Тхо цIа оьху: Даймохккий, Ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш дацар- на…».
– Ахьмад вуьззина нохчи вара. Вешан Даймахкахь даймохк лоьху а, нохчийн махкахь нохчийн мотт лоьху а хенаш дIаевлла, Дала мукъ лахь. Тахана вайн Даймохк а шен махкахь – цIахь бу, нохчийн къам а цIахь ду, цу шиннаца мотт, нохчийн йоза а шен маттахь хир ду, Дала мукъ лахь. Цу тIехь вай къа а хьоьгур ду. Вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана иза иштта ца хилахь, вайна могуьйтур а дац. Вайн нохчийн мотт уггаре а машаре, гIиллакхе, оьзда мотт бу. Цундела иза бийца, оцу маттахь яздан, цуьнан хIора дашах, озах пайдаэца хIора нохчи декхар а ву. Иза цабийцаро юкъара марзо дIайоккху.
– Дела реза хуьлда! КъинтIера вала хьайн хан яйарна.
Б.МОВСУРОВ
№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо