Хьалха-Мартан кIоштан библиотекехь шатайпа берашна суртдилла Iаморан мастер-класс хилира. Иза вовшахтохар а, дIаяхьар а «Творчество без барьеров» аьллачу проектан гурашкахь дара. Кегийрхойн Союзан организацийн жигархоша дIахьош ю могашалла ледара йолчу берашна юкъахь исбаьхьалла кхиоран мастер-классаш.
Хьалха-Мартан кIоштан библиотекехь мастер-класс дIаяьхьнарг нохчийн къона художник Умарова Ася яра. А.Умарован белхаш дика бевза Россехь а, Европехь а. Берашна хазахийтира художникан белхан гIирсашка хьовсуш. Басарш, даьтта, кехат, тайп-тайпана басарш иэдича кхоллалуш болу керла бос, дерриге а дара берийн дог-ойла дIалоцуш, керла.
– Оха кхочушъечу проектан коьрта Iалашо ю исбаьхьаллин суьрташ дахкарехь хьуьнар, похIма долу бераш схьалахар, царна оьшуш долу гIодар. Бакъ долуш, вайн берашна юкъахь шатайпа хьуьнарш долу бераш кIезиг дац. Тахана ишттачу кегийрхойн аьтто бу тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь дакъалаца а, шайн хьуьнарш довзийта а. Делахь могашалла ледара йолчу берашна а хала хуьлу даха-дахка а, исбаьхьаллин школа шаьш дехачу юьртахь цахиларца доьзна а. Амма и бераш, кхидолу бераш санна, шайн лаамаш, сатийсамаш, хьуьнарш долуш ду, царна а лаьа дахарехь шайн меттиг дIалоцуш, шайн говзалла караерзош, ирсе даха. Царна оьшург ду шайн нийсархой бовзар, цаьрца гергарлонаш тасар, дог-ойла цхьаьнайогIучаьрца цхьаьнакхетар. Оцу дерригенна а хьелаш, таро оьшу. Тхайга царна гIо далур ду аьлла хеташ ду тхо, – элира «Яртийн кегийрхойн Россин Союз» организацин председатела Асхабов Беслана.
«Перспектива», «Творчество без барьеров» проекташа кегийчу гIаланашкахь а, ярташкахь а граждански жигаралла кхиорна леринчу Фондан конкурсехь Президентан грант яьккхина.
Таро ю кхидIа а и проекташ кхочушъян.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо