ГIуран (декабрь) беттан 9-чу дийнахь билгалдаьккхинчу Коррупцица къийсам латторан дуьненаюкъарчу денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан Къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделехь. Билгалъяьккхинчу отделан белхахошца цхьаьнакхийтира кIоштан префектурехь коррупцица къийсам латторан дуьхьа вовшахтоьхначу кхеташонан секретарь а, юрисконсульт а Л.Масарова. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана коррупцица къийсам латторан гIуллакха тIехь къаьсттина терго латтош хилар.

– Вай массара а бечу белхан цхьа Iалашо ю – махкахойн кхетамехь коррупци вуон хиларан а, цуьнца къийсам латто безаш хиларан а ойла кхоллар, – элира цо. – Амма уггаре а хьалха хIора а махкахочунна хаа дезаш ду коррупцех дика болх хуьлуш цахилар. Цуьнца доьзна долу зуламаш ша-шах хуьлуш дац. Дукха хьолахь бахархоша шаьш а кхуллу коррупцина бух: ахча доьхуш волчунна иза дIало, цхьа гIуллакх сихха кхочушдайта кхаъ кховдабо, иштта дIа кхин а. Таханлерчу дийнахь оцу зуламца къийсам латтош ду дерриге а дуьне. Вайна ма-хаъара, юьстах лаьтташ Нохчийчоь а яц. Амма кху чуьра хьал, вай коррупцица мел къийсам латторах а, вайна дика девза… Динарш дукха делахь а, кхиамаш оцу декъехь вуно лахара бу. Цундела, махкахь кризис а, дахаран хатI хийцадала кхерам болуш хиламаш а, бахархошца бан безаш болх а бара аьлла, вай малдала мегар дац. Коррупцица къийсам вайх хIорамма а, хIора дийнахь а латто безаш бу. Аш, масала, хIора дийнахь бахархошна тайп-тайпана справкаш кечйо. И справкаш кечъяран шен низам а, къепе а ю. Делахь а, цхьаболчу бахархошна шайн гIуллакх сиха дIадерза лаьа. Цуьнца нийса а догIуш, цара ахчанаш кхийдадо. Ма-дарра дийцича, шу эца гIурту-кх уьш. Нагахь санна аш и соьмаш схьаэцахь, шу дохкаделларш хуьлу… Шу цара эцнарш хуьлу. ХIора а белхахочо, тIаьхьа шена талламан органашца дов ца дезахь, кхаьънаш кхийдош болу бахархой гучубаха а, царах ларвала а веза. Иштта баккхалур бу вайга коррупцина тIехь толам. Иштта хилалур ду вайх республикин Куьйгалхочун кхайкхамна тIаьхьадозурш.
Л.Масаровас дийцарехь, кIоштан префектурехь бахархошца зIе латторан а, болх баран а, церан аьрзнаш талларан а система ю болх беш. Цул сов, коррупцица къийсам латторан кхеташо а болх бан йолаелла. ХIинцачул тIаьхьа Заводской кIоштан хIора а вахархочун таро ю коррупцица боьзна болу муьлхха а хаам бовзийта а, кхаъ боьхуш хьал нислахь, кIоштан префектуре арз дан а. Оцу гIуллакхна лерина ю +7(928)886-98-24 номер.
Хьешан къамел чекхдаьллачул тIаьхьа, Къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделехь коррупцица къийсам латторехь жоьпалле йолчу М.Эжгириевага а делира дош. Цо довзийтира отделехь коррупцица къийсам латторехь долу хьал. Иштта, цуьнан къамелаца нийса а догIуш, бахархошна гуччехь дIаязйина «тешаман» номер а ю, дIахIоттийна бахархошкара а, организацешкара а аьрзнаш схьаэцаран тускар а ду. Цул сов, бахархошка шайна хетарг довзийта а, лаам белахь, арз дайта а лерина тептар а ду. Социальни сеташкахула а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула а довзуьйтуш ду отделехь бечу балхах а, коррупцица къийсам латторх а лаьцна.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь, 2016-чу шарахь коррупцица къийсам латторан белхан тобано бинчу белхан жамI а деш, йистхилира отделан хьаькам Р.Хаждивдиева. Цо билгалдаьккхира отделан белхахоша административни регламентан тIедахкарш кхочушдеш хилар.
– Уьш кхочушдаро кхаьънашца я коррупцин кхидолчу муьлххачу а декъаца доьзна долу бакъдерг хиларна бух ца буьту, – элира цо.
И.АДАМОВ
№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо