Иштта дIахьедар дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана вайн пачхьенехь зуламаш дан гIоьртина 7 талорхо хIаллаквинчул тIаьхьа.

«Соьлжа-ГIалахь а, цунна йистехь а дIаяьхьна хилла леррина операци кхиамца чекхъяьлла. 7 талорхо хIаллаквина, 4 схьалаьцна, царах кхоъ, чевнаш хилла, больницехь ву… Мел халахеташ делахь а, алаза ца волу, цхьаболу шуьйрачу хаамийн гIирсаш, хуъушехь хьал карзахдаккха гIиртина хилар, доцург дуьйцуш, сурт ирча ду моттийта гIиртина хилар», – яздина Р.Кадыров инстаграмехь йолчу шен официальни агIонехь.
Республикин Куьйгалхочо иштта бакъ дац элира кIирандийнахь Соьлжа-ГIали юккъехь эккхийтар дина бохуш тайп-тайпанчу интернет-изданеша дуьйцуш дерг. Дан а дац, «Ма-дарра аьлча, буьйцуш болчу проспектехь я эккхар а ца хилла, я цхьа топ а ца кхоьссина. Болх беш яра ерриге а туьканаш а, ресторанаш а, кафеш а, учрежденеш а. Иштта яздора леррина операци Старопромысловски кIоштахь дIахьош ю бохуш. Иза гIалина масех километр генахь, лаьмнаш а, хьаннаш а йолчу меттигашкахь, цхьа а гIишло йоцучохь дIахьош хиллехь а».

Хьаххийначуьра аьлча, оцу операцехь дакъалоцуш ша Кадыров Рамзан а вара. Цундела, дерриге а шен бIаьрга гина цунна.
Р.Кадыровс къаьсттина тидам тIебахийтира, герз карахь долуш, Соьлжа-ГIала «шайтIа» деана хьал хилахь, иза цу чуьра дийна арадериг цахиларна. «Иза бIаьрла дIагайтира тIаьхьарчу дийнахь-бусий хиллачо. Ас даггара баркалла боху оцу операцехь дакъалаьцначарна массарна а. Цара шайгара лаккхара корматалла, майралла, доьналла, стогалла гайтира. Доккха ло долчу, шийла йолчу, басенаш, Iаннаш долчу хьелашкахь дIаяьхьира цара операци. Шайн декхарш кхиамца кхочуш а дира… Дуьненан массо а маьIIехь болчу вайн доттагIашка боху ас: Нохчийчохь а, Соьлжа-ГIалахь а синтеме а, маьрша а ду. Тхо Керлачу шарна кечлуш ду, шу хьошалгIа а кхойкху», – дерзадо Кадыров Рамзана.
Д.АНАДЕВ
№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо