Ялташлелорхочун чолхе аьхке

Белхан боларш тIетт лакхадохуш дIадоьдуш ду Нохчийчоьнан агропромышленни комплексехь гуьйренан  ялташ чудерзор. 26-чу июнна болчу хаамашца кIах а, мекхах а паргIатъяьхнарш пхийтта эзар гектарал сов майданаш ю.

ДIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, масех эзар гектарана  лакхара ду и терахь.  Цунна юкъахь пачхьалкхан бахамашна кхаьчнарг итт эзар гектарал жимма совъэккхаш майданаш бен яц, ткъа важа пхи эзар гектар коьртачу декъана бахамлелоран кхечу хорманийн кхаа бахамна кхаьчна. Цигахь ялтийн майданаш хаъал алсамъяьхна ца Iаш, тахана уьш чуэцар мелла а сихачу боларшца дIахьош а ду: фермерша 2263 гектара тIера чуэцна гуьйренан ялта, «Шовда» агрохолдинго – 1160.

Схьахетарехь, ялтех майданаш паргIатъяхарехь дIадаханчу шарца деш долу дустарш цу тIехь чекхдаха мегар ду, хIунда аьлча оцу гайтамца бен кхин дозалла дан хIара ду аьлла кхин хIума цахиларна. ДIаяханчу бIаьста боккха эшам бина вайн латталелорхошна бегIийла доцуш хиллачу Iаламан хьелаша: уггаре  чIогIа догІа  оьшучу хенахь йокъа хIоьттира, ткъа цул тIаьхьа, хиндерг меттахIотталур доцуш хенаш тIехтилча, догIанаш ихира. Иза мел боккха иэшам  бу гойту хIокху шина терахьо: нагахь  стохка июнь бутт чекхболуш вайн аренашкара хIора гектарана леринчу хьесапехь 20 центнер ялта чуоьцуш хиллехь, тахана и гайтам шозза гергга лахара бу – 11,4 центнер.

Ур-аттал кхечу районашкахьчул гайтамаш хаъал лакхара хиллачу ТIехьа-Мартан, Курчалойн районашкахь а дац дозалла дан хIума. Нагахь хьалхарчохь стохка хIоккху хенахь (чуэцнера 1900 гектарал сов йолчу майданара ялта) хIора гектара тIера 23,9 центнер ялта гулдеш хиллехь, тахана иза  (чуэцна 677 гектара тIера ялта) 15,2 центнер бен дац. Бакъду, «Орджоникидзевский» бахамехь хьалхарчу 100 гектарах хIораммо а 30 центнер кIа ло. Кхечу кхаа бахамехь 577 гектарах хIоранна тIера гулбинарг 12,6 центнер мукх бен бац. Иштта ду шолгIачохь а: стохка – 24,8 центнер, хIокху деношкахь – 15,7 центнер.

Цкъачунна  кхин а лахара гайтамаш бу кхечу районийн аренашкахь. Масална яло мегар ду Теркан район. Цигара ялтийн майданаш йокъа хIуттучу зонехь елахь а, стохка хIоккху хенахь хIора гектара тIера I5,3 центнер ялта чуоьцура теркахоша, амма тахана (кхушара итт эзар гектар гергга йолчу майданахь кхиийна цигахь гуьйренан ялташ) шоззачул а лахара бу и гайтам – 6,9 центнер. Ткъа Висаитовн цIарахчу бахамехь-м и терахь 4,8 центнере бен ца кхочу. Иштта лахара бу и гайтамаш «Минеральный» госхозехь  – 5,3, «Кругловский» – 5,5, «Новогорский» – 5,7 центнер.

26-чу июнна болчу хаамашца Теркал дехьарчу Невран районехь ворхI бахамехь чуоьцуш дара ялташ. Царалахь цхьана «Наурский» бахаман аренашлелорхоша бен хIокху шарна тоъалчу барамехь алсам ялта ца гулдо – гектарана леринчу хьесапехь 20,4 центнер. Къина велха мегар долуш ду кхечу бахамашкара хьал: А.Митаевн цIарахчу бахамехь тахана хIора гектара тIера гулдо… 3,3 центнер кIа, «Нива» – 5,8, Калининан цIарахчу бахамехь – 6,9 центнер.

Кхин тоьлашха хьал дац Шелковски районан бахамашкахь а. ХIокху деношкахь цигахь хIора гектара тIера гулдеш дерг 8,3 центнер гуьйренан ялта бен дац. Шелковчанийн а бу ялтин хьекъар лахара хиларца билгалбевлла «рекордсменаш».

Оцу терахьийн хьесапаш деш шашаха хьалха хIутту иштта хаттар: пайда хир бохург-м хьехо оьшуш а дацара, меттахIитталур юй-техьа оцу бахамашкахь оцу гIуллакхна йина харжаш? Тоьллачух долу хIу дIадуьйш, минеральни удобренех, ягорган-хьакхаран материалех пайдаоьцуш йина харжаш хIумма а кIезиг цахилар хьесапе эцча-м муххале а.

Республикехь гулден долчу буьртиган ялтийн юкъара барам мелла а лакхабаккха аьтто хирг хиларна дегайовхо кхуллу Хьалха-Мартан а, Шелан а районашкахь ялташ чудерзо долоза хиларо. Хьалхарчохь 5500 гектара тIехь кхиийна уьш, ткъа шелахоша – 4400 гектарал жимма сов йолчу майданашкахь. Говзанчаша чIагIдарехь, дагна хьаам беш ду цигахь гуьйренан буьртиган ялтийн хьекъар. Оцу хьоло таро хилийта декхар ду регионан юкъарчу гайтамашна дикачу агIор дикка Iаткъам бан.

Шайн тIаьххьара дош алаза бу аьлла хета,  хIинца а яккхийчу майданашкара ялта чуэца дезаш болу ТIехьа-Мартан, Курчалойн, Гуьмсан, Соьлжан районийн ялташлелорхой а. Цигахь хьалха лаьтта ейтта эзар гектарал сов йолчу майданашкара аренийн беркат чудерзор.

26-чу июнна болчу оперативни хаамашца агропромышленни комплексан бахамийн хьаьтташка дIакхаьчна вуьрхIитта эзар тоннал сов гуьйренан буьртиган ялта. Сихдинна иза цIан а деш, дIаIалашдеш ду бахамашкахь.

Л.АГАМАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: