Нохчийчохь – ГIажарийчуьра делегаци

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикехь хилира ГIажарийчоьнан векалш. Республикин махлелоран-экономикин а, промышленни а, медицинин а дакъошкахь юкъаметтигаш кхиоран Iалашонца баьхкинера уьш.

иран

Делегаци юкъахь вара ГIажарийчоьнан Россехь йолчу векалаллин Iилманехула а, промышленностехула а волу атташе Галенови Махьди а, талмаж Мослехи Шахрам а. Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешашна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим а, кхиболу официальни нах а. Маршалла хаьттинчул тIаьхьа, С.-С.Абдулмуслимовс билгалдаьккхира, экономикин декъехь юкъаметтигаш кхиорехь республикин ерриге а ведомствоша хьешашца дуккха а гIуллакхаш дийцаре дан лерина хилар.

ГIажарийчуьра делегаци цхьаьнакхийтира республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Умаров Джамбулатаца. Дж.Умаровс билгалдаьккхира ГIажарийчоьца долу доттагIалла Россин арахьарчу политикин даима а маьIне цхьа дакъа хилла хилар а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца республика массарна а йиллина а, массаьрца а уьйраш латтош а хилар.

– Нохчийчоьнан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь машаран, кхиаран новкъа хIоьттина Нохчийн Республика. Тхан республикехь даима а ларамца тIеоьцу хьеший, иштта тхаьш а доьлху тхо хьошалгIа, – элира цо.

Дж.Умаровс дийцарехь, Iилманан технологеш юкъаяхар кхузаманан бизнесан дакъа ду, хIунда аьлча ян ма-езза финансировани еш хила еза уьш.

– «Инновацеш» а, «инвестицеш» а боху дешнаш даима ул-уллехь лелаш ду. Тхо тешна ду, вай пайде йолу юкъаметтигаш латториг хиларх. Сайх дозуш долчух аьлча, хаамийн декъехь шуна мел оьшуш долу накъосталла дийр ду ас, – элира министра.

Галенови Махьдис билгалдаьккхира, шайна чIогIа маьIне йолу агIо махлелоран-экономикин а, промышленни а зIенаш латтор хилар.

– Инновацеш а, инвестицеш а бан а бу пачхьалкхан экономика кхиоран шатайпа гIирс. Промышленностаца а, Iилманца а, могашалла Iалашъярца а, туризмаца а доьзна долу дуккха а пайдехь дерг деана оха. Со тешна ву вай билгалйина Iалашонаш вайга кхочушъялург хиларх, – элира хьешо.

Цхьаьнакхетар дерзош, ГIажарийчоьнан векалша Умаров Джамбулатана совгIаташ а, ГIажарийчоьнан историх лаьцна жайна а делира.

I.МУРТАЗОВ

№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: