Белхан декхарш кхочушдеш кхелхина журналисташ дагалецира

ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим а, къоман политикин департаментан директор Хатуев Ислам а цхьаьнакхийтира белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн гергарчаьрца.

SZH_Rossii_okazal_material_nuu_pomosh__w1200_h8001

«Тхуна юкъара дIакъаьстина тхан белхан накъостий шух хIораннан а вежарий, кIентий, хIусамдай хилла. Шуна бохам хилла а ца Iаш, тхуна а боккха иэшам хилира цунах. Баккъал а, шайн белхан декхарш цIенчу даггара, хьанал кхочушдеш бакъдуьнена дIабахана журналисташ вай цкъа а бицбийр бац. Уьш гуттар а вайн иэсехь а, дегнашкахь а бехар бу», – элира С.-С.Абдулмуслимовс.

ХIинцалерчу къоначу журналисташа вайгахь йолчу маршонан хама бан безарна тIе тидам а бохуьйтуш вистхилира И.Хатуев: «Вайн республикехь, хууш ма-хиллара, хала хенаш хилла. Мел халачу а, ирчачу а муьрашкахь шайн декхарш хьанал кхочушдеш схьабогIуш хилла вайн журналисташ. Царах цхьаболчара шайн дахарш дIаделла шаьш хаьржинчу новкъахь. Уьш, баккъал а, къонахалла йолу журналисташ хилла. Уьш бицбан муххале а йиш яц вайн, таханлерчу къоначу журналисташна бовза беза оццул шайн балхана чу са диллина хилла болу журналисташ. Тахана вайгахь йолчу маршонан а, паргIатонан а хама бан а беза».

Белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн гергарчаьрца кхидIа паргIатчу кепехь къамел хилира церан. Цул тIаьхьа, зезагийн курсашца а, ахчанан совгIаташца а царна совгIаташ а деш дерзийра цхьаьнакхетар.

З.ЛОРСАНОВА

№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: