Стомара, гIуран (декабрь) беттан 18-чу дийнахь, хаам кхечира Урдуне, Нохчийчохь герзаш детташ тIелатарш дина аьлла. И ирча кхаъ хезна, чIогIа цунна сагатдеш, хьал довза гIерташ, вовшашца зIене буьйлуш, сингаттамехь бара Урдунера нохчий.
Иштта ирча кхаъ цIера мосазза хеза, чIогIа сагатдеш хьаьвза шайн баккъал а цIена нохчийн дегнаш долу нохчий. Къаьсттина халахеташ ду нохчаша нохчий байъар. Дависа, вайн къам жима а дара хIокху дуьненахь, вай вовшийн дайъича, тIаккха хийрачу наха хIун дан деза?.. Тоьар дар-кха вай хьегнарг. БIешерашкахь дуьйна мостагIаша дойъуш схьадаьхкина вай, яхь дIа ца яла, бусалба дин дIа ца дала гIерташ. Таханлерчу дийнахь, машаАллахI, хаза бусалба дин ду Нохчийчохь. Даккхий питанаш совцийна, хаза даха хевшина адамаш. Маршо ю, шайн дахарехь цхьа а кхерам боцуш, дуьненахула дIасалелаш бу вайн нах. И маршо йохо Iалашо ерш муьлш бу-те?.. Кавказ йохо, Кавказехь чолхе хьал муха хIотталур дара аьлла мостагIчо ойла йича: нохчий вовшах летийтича духур ду. Нохчийчоь гIаьттича бен Кавказ гIоттуш йоций вайна массарна а хууш ду. Вай ца дезарш бу вайна юкъахь и питана дан гIертарш. Кавказ вовшахъяьккхича, нохчий белла дIабевлча, церан Iалашо кхочушхуьлу. Цунах хIунда ца кхета маршо йохо гIерташ берш?!..
Динца доьзча, гIазот дихкина шаьш бохуш леларш харц бу, уьш наха Iехош (мостагIаша) лелош бу. Шаьш цара Iехош дуй ца хууш леларш а бу дукха. Хийла гина оцу тайпа суьрташ Урдунехь долчу тхуна. ХIокху махкахь дуьххьара гIевттина арабевлларш а, и такфирий олурш, Урдунера арабевлла а бу. Тхуна уьш дика а бевза. Делера салам-маршалла хуьлда цунна, Делан Элчано керста нахаца-м хьовха, цхьа а дин доцучаьрца ша барт бича а, и барт ца бохош, чIогIа Iалашбина. Оцу (лакхахь хьахийначу) наха и болх баллалц, цхьа а тIелатарш дина а дац. Тахана барт бина вай Iаш хилча, и барт бохор динехь нийса дац боху Iеламнаха. Бусалба дин дикка девзачарна иза ша санна шера хууш ду. Бусалба дин кIорггера девзаш а, ненан мотт санна Iаьрбийн мотт хууш а, Сийлахь Къуръан а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш дешна а, дикка кхетам болуш нах дукха бу вайн нохчашлахь. Тахана нохчийн махкахь долчу Iедална дуьхьал валар динехь нийса дац – мехкан куьйгалхочун дарж Дала луш ду, Дала дIадоккхуш а ду. Дала диначунна адамаш дуьхьало ян гIортарх питана хуьлу. Адамашна диканиг лууш ву АллахI даима а. Амма цкъацкъа Дала шена делларг дика дац моьттуш хуьлу цхьаверг. Дала боху вайга Шен Сийлахьчу Къуръана чохь: «… Тахана шуна вуон хетарг дика хила а тарло, шуна дика ду моьттург вуон хила а тарло. Далла хаьа, шуна ца хаьа» (Бакъара, 216-гIа аят).
Тахана ша санна шера хууш дерг – шина декъе бекъабелла бу нах. Кхечу нехан карахула шаьш лелий а ца хууш, леларш а бу. Амма, цхьабакъду, Урдунера дукхахберш Нохчийчуьра таханлера хьал дика хеташ, республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна «Дала Iалашвойла иза» бохуш, кхайкхамаш беш бу. ХIунда аьлча, вайна чIогIа ирча сурт гина. Тхо цу чохь ца хиллехь а, цигара арабевллачара дийцинарг а тоьар ду. Карзахбевлла, орцахбевлла, «хIун дийр дара-те тхайн нахана» бохуш, бIаьрзе хилла хьийзина Урдунера дика нах, цIена бусалба, нохчий берш. Тахана тхан бераш маьрша школе ма-эххара, тхан кегий нах маьрша шайн балха ма-леллара, цIахь шу а, тхан нах, иштта хуьлийла лаьа тхуна. Вайн тIекхуьуш долу къона чкъор дин лелош, Iилма Iамош, маьрша кхуьийла лаьа. Таханлера дахар хьекъалца хила деза, вайн – коьрта дерг Iилма Iамор ду, герз детта-м хьанна а хуур ду.
Тхо даккхийдедо тахана Даймахкаца тхайн зIе хиларна. ГIеххьа ненан мотт а, къоман ламасташ а Iалашдина оха. Тхо, Дала мукъ лахь, шуна дика гIортор хила кийча ду даима а. Цунах кхеташ, вай ца дезарш бу вайн (нохчийн) барт бохо гIерташ. Дала церан Iалашо чекх ма йолитийла. Iаьрбийн кицанехь ма-аллара, «жIаьлеш леташ ду – ковр шена некъахула йоьдуш ю». Уьш мел летарх, цара вайн ковр сацор яц. Царна Дала хьекъал лойла, нийсачу новкъа нисбойла уьш. Вайн Дала барт цхьаъ бойла. Дала Iалашбойла вайн нохчий, вайн Даймохк. Дала кхин вуон ма гойтийла шуна. Шу Деле делла, ламазашкахь шуна доIанаш дийр ду оха.
Урдунерчу нохчийн цIарах БЕНО Мохьмад, БАКИР Iабдул-Хьамийд
Суьрта тIехь: Нохчийн Республикин кхерамазаллин органийн белхахой – Урдунехь Iаморашкахь
№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо