Страхови взносаш дIаяларехь хийцамаш хир бу

Россин Пенсионни Фондан (ПФР) Нохчийн Республикехь йолчу Отделенин меттигерчу органаша (пачхьалкхан учрежденеша) хIинца а дIахьош ду страховани йиначара (такхархоша) ПФР-н бюджете страхови взносаш, ткъа иштта ФФОМС-е взносаш дIаяларна тIехь административни терго латторан декхарш кхочушдар. Делахь-хIета, 2001-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 15-чу дийнахьлерчу №167–ФЗ йолчу Федеральни законан 14-чу статьян лехамаш кхочуш а беш, юридически а, физически а яххьашна тIехь ду РФ-н законодательствоца билгалбинчу барамашкахь а, хенашкахь а страхови взносаш ПФР-е а, яр тIехь долчу медицински страховани яран фонде а дIаялар. Цу тIе законодательствоца страхови взносаш дIаялар данне дозуш ца дина предпринимателан я кхин болх беш хиларх, цунна тIебогIуш пайда хиларх. И бакъо (декхар) билгалъяьккхина ю Россин Федерацин Конституционни Суьдан 2010-чу шеран товбецан (сентябрь) 23-чу дийнахьлерчу №1189–0–0 йолчу Определенис а, Россин Федерацин нормативно-бакъонийн кхечу акташа а. Цу тайппана бакъо билгалъяьккхина иштта 2009-чу шеран мангалан (июль) беттан 27-чу дийнахьлерчу №212–ФЗ йолчу «ПФР-е а, ФСС-е а, ФФОМС-е а страхови взносаш яларан хьокъехь» долчу Федеральни законехь (ст.18.п.1).

sots_pensii

Делахь а, ала деза Россин Федерацин Президентан В.В.Путинан тIедилларца карарчу шеран бекарг (март) баттахь кхочушъян йолийна йолу гулдаршна а, налогашна а реформа яран Пачхьалкхан программа 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна юкъаялош хилар. Оцу дийнахь дуьйна налогови органаша налогаш а, взносаш а дIаяларна тIехь терго латтор дIадолор ду бохург ду иза. Страхови взносаш ярх долу «жоьпалла» и бахьанехь Налогови федеральни службин меттигерчу органашна тIехь хир ду. Россин Федерацин налогийн законодательствоца (кхул тIаьхьа РФ-н НК) билгалйинчу бакъенашца взносаш лара а, дIаяхьийта а еза болх луш болчара а, взносаш дIаялархоша а. Медицинин а, пенсионни а, социальни а страховани ярна дIахьажош хиллачу ахчанан (отчисления) метта юкъайоккхур ю цхьааллин социальни налог (2016-чу шеран мангалан (июль) беттан 3-чу дийнахьлера №243–ФЗ йолу Федеральни закон). Цу тIехь, такхаршна а керла цIе туьллур ю – цхьааллин социальни страхови гулдар (кхул тIаьхьа – ЕССС). Законодательни акташкахь хьокъала боллу хийцамаш хIинцале бина. (2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна гIуллакхдеш долчу Россин Федерацин Нологови кодексан 32-чу статьян 2.1 пункт, 1-чу пунктан 2-гIа подпункт). Цу тайппана, 2017-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна, коьртачу декъана, ницкъ болчуьра дIадолу «РФ-н ПФР-е, ФСС-е, ФФОМС-е страхови взносаш яран хьокъехь» долу №212–ФЗ йолу Федеральни закон. Вуьшта аьлча, и закон цул тIаьхьа гIуллакхдечуьра соцу, ткъа страхови взносашца йолу бакъонийн юкъаметтигаш дIанисйийр ю Россин Федерацин Налогийн законодательствон 34-чу коьртаца нийса а догIуш. Дар тIехь долчу такхарийн декъехь йолу №212–ФЗ йолчу Федеральни законан нормаш, цхьа а хийцам ца беш, Россин Федерацин Налогови кодексан 34-чу коьрте дехьаяьхна ала мегар ду.

Иштта, хьалха ма-хиллара йитина взносийн тарифаш (юкъара, лахйина, кхитIе а йолу); пенсионни а, социальни а страхованин взносашкахула йолчу взносийн а, хIора шеран индексацин а лаккхара бараман хьокъехь болу билламаш; организацеша а, предприятеша а расчет яран а, взносаш яларан а къепе. Страховательна, декхар дина, тIедожийна цхьа бутт хан ялале такхарш деш болчеран ша-ша къастийна подразделенеш кхолларан хьокъехь налогови органашка хаамбар. И лехам кхочушбар тIедужу 2017-чу шеран кхолламан (декабрь) беттан 1-чу дийнал тIаьхьа кхоьллина йолчу подразделенешна.

2016-чу шеран отчеташ фондашка дIало хьалха луш хиллачу кеппара. Амма 2017-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна хаамаш дIабохьуьйтур бу Федеральни налогови службе. И отчет хIора чийрикехь (кварталехь) дIаяла езар ю, чийрик чекхъяьллачу тIаьхьарчу беттан 30-гIа де тIекхачале. Медицинин, пенсионни, социальни страхованина дохьуьйтуш хиллачу ахчанийн метта юкъадаьккхина ЕССС-е ахча дIадахьийтар.

ЕССС-н барам лахбала тарлуш бу. Уьш (взносаш) дIаяларан хан хьалха ма-хиллара юьсуш ю. Взносаш дIаяла еза хIора беттан 15-гIа де тIекхачале. Налогийн такхаршна йолу КНК а хуьйцур йолуш ю. Цуьнца цхьаьна билгалдеш ду отчеташ яларан кепаш хийцар. 2017-чу шарахь страховательша уьш дIаяла езар ю налогови органашка (ПФР-н меттигерчу органашка а ца луш). Лакхахь билгалдина ма-хиллара, хуьйцуш ю уьш дIаяларан хенаш а. Тидам тIебахийта страхови взносаш хIитторна а, дIаяларна а дIора баккхий хийцамаш бина цахиларна. Взносаш дIаялархочун бакъонийн статусехь а ца хилла хийцамаш. Страхови взносаш дIаялархой хир ю изза юридически а, физически а яххьаш – организацеш, индивидуальни предпринимательш, нотариусаш, адвокаташ, шен гIуллакх деш долу кхин адамаш. Налог тухуш ерш а хьалха хилла объекташ хир ю. Хьалха хиллачу бакъонашца дIахьур ду такхарш лараран бух билгалбаккхар.

Иштта, билгалдеш ду, Россин Налогови кодексан 431-чу статьян 7-чу пунктаца нийса а догIуш, страхови взносашкахула йолу отчеташ, уьш дIаяларан кепех (кехата тIехь я электронни кепехь хиларх) доьзна доцуш дIаяла еза чийлик чекхъяьллачул тIаьхьа богIучу беттан 30-гIа де тIекхачале. Оццу законан 431-чу статьян 10-чу пунктан лехамашца нийса а догIуш, болх беш верг юккъерчу барамехь 25 стаг волчу организацина тIехь ду налогови органашка отчет электронни кепехь ялар.

Керла юкъабалийна болчу хийцамашца отчет ца елча санна лорур ду нагахь санна пенсионни страхованина дIаелла юкъарчу взносийн барам а, хIора белхахочунна леринчу взносийн барам а цхаьнабогIуш ца хилахь. Оцу хьолехь налогови органо страхователе хаам бохьуьйту отчеташкахь йолу галморзахаллаш билгалйохуш. И хаам билгалйинчу хенахь а, кепехь а бахьийта безаш бу. Шега и хаам кхаьчначул тIаьхьа пхи де далале взносаш такхархочо нийса отчет дIаяхьийта еза. Амма иза дIаяхьийтина де дуьххьара дIаяхьийтинарг лорур ду (РФ-н НК-к 431-гIа ст., 4-гIа пункт).

Цу тайппана, карара шо чекхдала йисинчу кIеззигчу хенахь страхови взносаш дIаялархоша отчеташ дIаяла еза хIинца гIуллакхдеш долчу №212–ФЗ йолчу Федеральни зоканан нормашца. Вуьшта аьлча, 2016-чу шарна йолу отчет шен хеннахь ПФР-н меттигерчу органашка дIаяла еза: кехата тIехь – 2017-чу шеран чиллин (февраль) беттан 15-чу дийнал тIаьхьа доцуш, электронни кепехь – 2017-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнал тIаьхьа доцуш.

I.ХАСАНОВ,

Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу Отделенин юридически отделан хьаькаман заместитель

№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: