Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна дика доьшуш яра Бабуева Марха. ТIехьа-Мартан кIоштан СемаIашкарчу №2 йолчу школехь яра иза доьшуш. Хьехархошна а, классерчу берашна а дукхаезара. Школин юккъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш яра йоI. Къаьсттина тидам тIебахийтина Iамош яра литература, истори. 2015-чу шарахь ЕГЭ дIаелла, юккъера школа чекхъяьккхина елира йоI. ТIаккха шен кехаташ Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте чуделира цо (хIинца – Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет).

Юккъера школа чекхъяьккхаран хьокъехь долу тоьшаллин кехаташ Мархас тIеэцаран комиссе дIалуш, цо хаьржинарг филологин факультет яра. Мел доккха хазахетар кхечира йоIе институте дIаэцаран хьокъехь хаам кхаьчча. Хетарехь, цуьнан къоначу дахарехь иза уггаре а ирсе де дара. Мархас къастийнарг дешаран заочни кеп яра. Цунна сихха балха а яхана, шаьш кхобуш йолчу нанна гIо-накъосталла дан лаьара. Пхийтта шо сов зама ю Мархин нана, шен кхо йоI кхобуш, йисина Iаш йолу. Вайн махкахь хиллачу буьрсачу тIамехь кхелхина цуьнан хIусамда. Бакъду, тIехь да вацара аьлла, шен кхаа йоIана цкъа а хIума-м ца эшийтина нанас. Иза дийнахь-буьйсанна балхахь яьллина, шен байш пхьуьйраза дита ца лууш. Жимачохь дуьйна шен нанас ечу гIийлачу ойланех кхеташ яра Марха. И бахьана дара цунна сихха балха яха лаар а. 2016-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь балха яхара иза СемаIашкарчу №4 йолчу школе.
Марха эсала, гIиллакхе, ламаз-мархица ю. Иштта йолу нохчийн йоI массарна дукхаеза, цуьнга сий-ларам хуьлу, цунна дика мел дерг хила лаьа. Школехь 6–7-чуй классашкарчу дешархошна оьрсийн мотт, литература хьоьхуш ю Бабуева Марха. Теша лаьа шен дешархой цо дика Iамориг хиларх. Нохчийн гIиллакх-оьздангаллех къилба дина уьш кхио къоначу хьехархочуьнгахь хьуьнар, хьекъал, доьналла хир ду аьлла хета. Дала аьтто бойла цуьнан цу тIехь!
А.ГАЗИЕВА
№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо