«Нохчийн мотт хаза хьан буьйцу»

«Вайнах» телевиденин каналехь дIахьош йолу «Мехкарий» передача юкъаяьккхина дукха хан яцахь а, хIинцале а шен дуккха а телехьовсархой болуш ю. Оцу передачин автор ю «Вайнах» телерадиокомпанин корреспондент Музуева Элиза. Передача ян дагадеанарг а, иза вовшахтоьхнарг иза ю. Цуьнца цхьаьна передача дIахьош бу цуьнан белхан накъостий: Киндарова Луиза а, Бокарова Лариса а, Абабакарова Iайшат а. Музуева Элизин дIадолорца лахьанан (ноябрь) баттахь дIакхайкхийна цара «Мехкарий» цIе йолу конкурс. И конкурс яран Iалашонах а, дерг дIадолорца хаа довза лаарна тхан къамел хилира Абабакарова Iайшатаца.

IMG_9207-14-12-16-11-54

«Уггаре а хьалха, суна ала луур дара «Мехкарий» передачин проекта тIехь Музуева Элизас дуккха а къахьегна хилар. Лахьанан (ноябрь) баттахь «Мехкарий» конкурс тхаьш дIакхайкхийча хиира тхуна, иза нахана дукхаезаш передача хилар. Тхуна цунах боккха кхаъ а хилира. Тхо кхийтира, тхаьш хьоьгу къа эрна цахиларх. Билгалъяьккхина конкурс дIакхайкхийначу хьалхарчу дийнахь дуьйна дуккха а заявкаш схьаяхкийта йолийна. Лахьанан (ноябрь) беттан 25-чу дийнахь дуьйна «Вайнах» телевиденехула а, социальни сеташкахула а гойтуш ю конкурс дIакхайкхоран хьокъехь йолу ролик.

Конкурс дIаяхьаран коьрта Iалашо ю нохчийн мотт уггаре а хаза буьйцург къастор. Иштта аьлча цхьаболчарна дагадан тарло цигахь дакъалаца луучунна нохчийн мотт кIорггера хаа беза аьлла. Иза иштта дац. Деллачу хаттарна нохчийн маттахь жоп луш цо муха дуьйцу а, цунна жоьпаш дала муха хаьа а хьовсур бу жюрин декъашхой. Жюрин декъашхошна юкъахь хир бу нохчийн меттан говзанчаш а, Iилманчаш а, нохчийн гIиллакхаш дика девзарш а. Шайга деллачу хаттаршна конкурсанташа луш долчу жоьпийн а, ненан мотт хаза бийцарехь церан йолчу говзаллин а мах хадор бу жюрин декъашхоша.

«Мехкарий» конкурс дIакхайкхочу хенахь тхуна дагахь а дацара цигахь дакъалаца луурш оццул дукха хир бу бохург. ХIинцале а цхьана дийнахь массийтта заявка схьайоуьйтуш хилча, кхолламан (январь) беттан 10-чу дийне кхаччалц заявкаш схьаоьцуш а хилча, дакъалацархой дуккха а хир бу. Цундела, конкурс маса муьрехь дIахьур ю билгалдаьккхина дац. Иза тIаьхьуо хуур ду. Конкурс «Вайнах» телевиденин эфирехь дIахьур ю. Ткъа конкурсан дакъалацархоша луш долчу жоьпийн мах жюрин декъашхоша хадийна ца Iаш, телехьовсархойн а шайна луъучу дакъалацархочуьнгахьа кхаьжнаш таса таро хир ю. Оцу конкурсехь толам баьккхинчун цIарах «Вайнах» телерадиокомпанин кертахь стоьмийн дитт дугIур ду. Иштта, толамхочо «Мехкарий» цхьа передача дIахьош дакъа а лоцур ду тхоьца», – дийцира Iайшата.

Лакхахь аьлла ма-хиллара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де кхаччалц схьаоьцур ю заявкаш. Цигахь дакъалаца луучун таро ю конкурсан хьокъехь шена хаа лууш дерг хIокху +7(928)888-30-37 телефонехула хатта.

З.ХАСИЕВА

№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: