ХIокху деношкахь Адыгей Республикехь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула спортан мастерна Р.Энемна лерина республикин схьайиллина турнир.

Цигахь дакъалоцуш 20 команда яра. Спортсменаш Казахстанера, Эрмалойчуьра, Азербайджанера, Узбекистанера, ГIирмера, иштта Россин кхечу субъекташкара а бара. Вайн республикера цигахь дакъалоцуш 11 спортсмен вара.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Цигахь шолгIа меттиг яьккхира вайн махкахочо Акаев Лом-Iелас (130 кг.), кхоалгIа меттиг – Мучураев Шемала (75 кг.) а, Мусаев Ахьмада (98 кг.).
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачар дозуш ду, уьш кхиийначу церан тренерх Амаев Мовладех.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо