Цхьа-ши дош…

Иракан Iедалан эскарша дIадолийна, боевикаша дIалаьцна  хилла Тикрит гIала схьаяккхар. ХIинца а боевикийн карахь юьсуш ю иттаннаш гIаланаш.

***

Багдадерчу базарахь эккхийтар дар бахьанехь  I9 стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а алсам бу.

***

Палестинан Iедал кийча ду Израилца  дийцарш дIадахьа, нагахь оцу мехкан Iедало набахтехь болчу палестинхойн йоьалгIа тоба  паргIатъяккхахь.

***

Францехь белхазаллин барам тIеттIа лакхаболуш бу хIара  шо  карадеачхьана дуьйна.  Май  баттахь а масех процентана  лакхабаьлла иза.

***

Къилбаседа Корейс шен эскарш тIамна кечдина, Къилба Корей йолчухьара  даккхий геразаш тохарна. Герзаш хIорда чу  тоьхна.

***

Болгарехь чIогIа догIанаш даьхкинчул тIаьхьа, хиш дистина, ярташка хьаьдча итт сов  стаг велла. Эзарнаш бу Iаламан бохамо  зенаш, динарш.

***

Машаран кIира  дIакхайкхийна хиллехь а Украинан къилба-малхбалехь тIемаш цхьана а дийнахь севцца бац. 26-чу июнехь Крамоторскера аэропорт схьаяккхарехь тIом  бара  беш.

***

Украинан Президента П.Порошенкос дIахьедина  Россица йолу  юкъаметтиг ГIирма  юха Украинна схьаерзаяллалц толург цахилар.

***

Россин Президентан В.Путинан а, Германин Канцлеран А.Меркелан а телефонехула къамел хилира. Цара  дийцира  Украинехь долу хьал. Билгалдаьккхира  хьал эшна догIуш хилар.

***

В.Путина, винчу денца декъал а веш, А.Невскийн орденца совгIат дина  Россин компартин  куьйгалхочунна Г.Зюгановна.

***

Россин дуьненаюкъара валютийн тIаьхьалонаш тIаьхьарчу цхьана  кIирнах 2,4  миллиард долларна  алсамъевлла.

***

Вайн мехкан куьйгалла резахилла 11-чу  июнехь Россин а, Евросоюзан а, Украинин  а министрийн тIегIанехь цхьаьнакхетар дIадахьа.

***

Дуьненан чемпионатехь толаман чам  бовзаза цIабирзина Россин  вовшахтоьхначу командин  футболисташ. ТIаьххьарчу матчехь Алжирца  хилла  матч а йирзира  «машарца».

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: