Олуш ду-кх, цомгаш волчу стагана хьайн дан дика дацахь, хаза дош алий а цуьнан дог хьаста. Могаш воцчу стаге хаза дош аьлча а, баккъал а, цуьнан дог-ойла ир-кара хIутту, шена гIоле хирг хиларх а теша. Цамгаро гатвина, бIарзвелла больнице кхаьчча, цигарчу лоьраша а, медйижарша а шаьш кIеда-мерза тIеэцча, сапаргIатдолу могаш боцучеран. Соьлжа-ГIаларчу республикин онкологин диспансеран эндоскопин отделене кхаьчначун а иштта сапаргIат дер долуш дика хьовсу отделенин медйижарий.

Тайп-тайпана адамаш догIу эндоскопин отделене. Цкъа а шаьш гIиллакх доцуш ца гойту кхузарчу медйижарша. Шайн кIаддалар къайла а доккхий, даима а белабелла-бекхабелла хуьлу уьш. Церан цIерш яха луур дара. Царах ю: Сайпулаева Макка, Гастиева Тамила, Хамбахадова Малика. Шайн белхан хан дIаяьллера аьлла ца Iаш, шайн гIо-накъосталла оьшучохь, адам тесна, терго йоцуш дуьтур долуш бац.
«Лоьрана тIекхача шайн хан ларъеш Iачу адамех бIаьрг кхетча, дагна ницкъ хуьлу хIоразза а. Цаьрга хьажа а хала ду, хIунда аьлча, кхета, цаьрца дика хиларал бен царна дан гIо доцийла. Цкъацкъа, цхьаболчара тхоьца къамел долош меттигаш а нисло. Тхо шайн гергара а лорий, шайгара бала схьабуьйцу цара. Шайга ла а доьгIна, довха дешнаш аьлча а хазахета царна. Шайна дарба хирг хиларх дегайовхо а кхоллало. Шайна гIоле хир ю-те я яц-те бохучу, шеконашца дехачу адамашца хIун аьлла хир вац кIеда-мерза?!», – бохура медйишас Сайпулаева Маккас.
З.ХАСИЕВА
№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо