Дика хьехархо

ХIора а школехь хуьлу шайн болх безаш, даггара беш болу дика хьехархой. Ишттачарех цхьаъ ю Нажи-Юьртан кIоштан Зандакъарчу №2 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Авдарханова Таиса.

IMG-20161215-WA0013

Таиса Зандакъахь ю йина а, кхиъна а. Массарна а евзаш, езаш ю. Таиса дуьненчу яьлла 1972-чу шарахь кхолламан (январь) беттан 6-чу дийнахь. Дас-нанас нохчийн гIиллакхаш довзуьйтуш, шен ненан мотт беза Iамийна ю иза.

1977-чу шарахь шайн юьртара школа кхиамца чекх а йоккхий, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете заочни кепара деша йоьду. Цигахь доьшуш а йолуш, шайн юьртарчу школе юьхьанцарчу классийн хьехархо балха хIутту.

2009-чу шарахь оццу школехь лакхарчу классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьеха йолало иза. Шен болх безаш а, оцу белхан декхарш кIорггера девзаш а, доккха хьуьнар гойтуш а схьайогIуш ю иза. «ХIора а дешархочунна сайна хуург дIахьехар а, цаьргахь вайн матте безам кхоллар а сайн декхар хета суна», – элира Т.Авдархановас.

Таисина хьехархо хила бахьана хIоьттинарг дара 6-чу классехь йолуш цо нохчийн маттахь язйина йолу сочинени нохчийн меттан хьехархочо Мартункаев Iелима, лаккхара мах хадош, къобалъяр. «Цул сов, хьехархочун болх хьанал рицкъ латтош болх а бу. Нагахь хьо и безаш велахь берашна боккха пайда а болу хьох», – боху цо.

2012-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» цIе яларца, къинхьегаман мах хадош совгIат дира цунна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Вайн республикерчу муьлххачу а кIоштахь нохчийн маттаца доьзна дIахьочу гIуллакхашкахь жигара дакъалоцуш, тайп-тайпанчу къийсамашкахь хьалхара меттигаш яхарца билгал хуьлу Таисас кечбина дешархой. Шен ненан мотт бийцар а, Iамо безар а хIора а нохчичун декхар хиларх лаьцна а дуьйцу цо шен дешархошна.

АЗДИЕВА Иман

№132, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: