Аьлларг чIагIдо хIокху бакъдолчара а. ХIинц-хIинца чаккхене бирзина аренашкахь бIаьстенан хIу дIадеран белхаш. Хеталора жимма садаIа хан хилла, амма цуьнга сатуьйсийла дац. Латталелорхочун ойланаш ялтин аренашкахь кхерсташ ю – тIекхочуш ю гуьйренан буьртиган ялташ чуэца деза хан, ма-дарра аьлча, цо дийнна шарахь динчу гIуллакхийн коьрта жамI ден долу мур.
Оцу хено даима а лоьху латталелорхочуьнгара каде хилар, балха тIехь лаккхара вовшахтохаралла гайтар, ялташ сихха чуэцарна берриге а ницкъаш дIабалар. Цу тIе тIаьхьало йоллуш кечам бина хиларца и мур дIаболор а.
Муха тIекхочу республикин агропромышленни комплексан белхахой оцу жоьпаллин муьрана, муха кхочушбо цара и лехамаш, муха ду хьалха лаьтташ долу декхарш? Цунах лаьцна дара Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон ораматашлелоран, химизацин, механизацин департаментан куьйгалхочуьнца Матуев Ханпашица сан хилла къамел.
– Гуьйренан ялташ чудерзоран мур тIекхача хIинца а цхьа бутт гергга хан йисинехь а, – бохура Х.Матуевс, – оцу жоьпаллечу гIуллакхна кечамбар дикка хьалха дIадолийнера берриге а бахамашкахь: оьшучохь силам дуьллуш, кира тухуш цIанйина хьаьтташ, таллам бина терзанашна, иштта кечъеш ю хьаьтташкара ялта цIандаран техника. Аьлча а, кхул хьалхарчу шерашкахь а санна оцу декъехь шайгара баккха бехк ца битина цхьана а бахамехь.
– Вайна бицбалаза бу, Ханпаша, дIадаханчу шарахь гуьйренан ялташ чуэцарехь хилла эшамаш. Уьш дуьххьалдIа цхьана Iаламан хьелех боьзна а ца Iийра, берриге а муьрехь хаддаза охьаихинчу догIанаша Iаламат даккхий зенаш дина хиллехь а. Ахьа хIетахь а билгалдоккхуш ма-хиллара, оцу эшамашкахь доккхах долу дакъа аренашкахь гIуллакх деш йолчу техникана кхечира – оьшуш йолчух эханне кхочуш а яцара иза. Цу тIе аренашка яьхначарах дукхах ерш шайн тIаьхьалонан таронаш дукха хенахь дуьйна чекхъевлла а яра. ХIун хийцамаш хир бу оцу декъехь кху аьхка?
– Цкъачунна хIара бу аьлла хийцамаш хилла олийла дац цу тIехь. Хьалхарчу шерашкахь а санна чIогIа тоьаш яц комбайнаш. Бахамашкахь тахана аренашкахь гIуллакх далур долуш йолу ерриге а техника хьесапе эцча а, иза оьшуш йолчух 25 проценте бен ца кхочу. Нагахь хIокху аьхка 87 эзар гектара тIера чуэца дезарг дуьххьалдIа гуьйренан ялташ хилар хьесапе эцча кхеташ хуьлу аьлла хета мел чолхе декхар ду хьалха лаьттарг. Цунна тIетоха шайна комбайнашца чуерзо езаш йолу I4 эзар гектара тIера сула, 4 эзар гектарал сов йолчу майданашкара бIаьстенан мукх, 780 гектар соя, 410 гектар борц. Гуш ма-хиллара, I06 эзар гектарал сов йолчу майданашкахь буьртиган ялтин культураш кхиийна агропромышленни комплексехь, уьш ерриге а комбайнашца чуэца а езар ю. Делахь-хIета, вайн латталелорхошна юха а тIехIутту ялта чудерзоран хенаш дикка яхъяларан кхерам, ткъа цо, шен рогIехь, ялтин дараш алсамдевриг хиларан кхерам тIе а хIоттабо.
– ТIаккха хIун дан деза кхоллалуш долчу оцу хьелашкахь? Муха го хьуна хинболчу эшамех хьалхадовларан некъаш?
– Кхолладелла хьал мелла а аттачу даккхарна тIехьажийна цхьамогIа гIуллакхаш ду министерствос деш. Цкъа-делахь, чекхдолуш ду йолуш йолу комбайнаш балхана кечъяр, технике сецарш доцуш аренашкахь гIуллакх дайтарна тIехьажийна ялташ чудерзоран муьрана бахамашна буьззинчу барамехь кхачойийр ю ягорган-хьакхаран материалашца. ШолгIа-делахь, иштта тидам тIебахийта хьакъ ду вайн республикин правительствос Росагролизингера керла 45 комбайн эца ахча къастийна хилар. ХIинца коьртаниг доллу уьш эцаран гIуллакх къастийна цхьалха а даьккхина, ялташ чудерзо мур тIекхачале комбайнаш сихха республике кхачорах. ДуьххьалдIа оцу Iалашонца Москва вахана республикин юьртан бахаман министр Дадаев Муса а, цуьнан заместитель Моллаев Джамалди а. Даггара теша оцу ведомствехь дуьхьал хIуьтту йолу бюрократин дуьхьалонаш эша а йина, шен хеннахь техника вайна схьакхочург хиларх.
Хаъал доккха гIо хир ду и комбайнаш балхана юкъаялор бахьанехь, хIунда аьлча, лаккхара эвсаралла йолуш йолчу оцу керлачу цхьана комбайно кхаа «Нивас» деш доллу гIуллакх деш хиларна. Амма буьззинчу барамехь гIуллакх къастийна цхьалхадаккха уьш юкъаялийча а ницкъ кхочур бац – кхин а 20 процентана бен алсамъевр яц республикехь ялташ чудерзоран таронаш. ДIадаханчу шерашкахь оцу гIуллакхана юкъаозайора кхечу регионашкара гIоьнна ялийна техника. Къера хила веза, хила лууш болу пайда ца хуьлура цунах, хIора районна, хIора бахамна билггал декхарш хьалхахIиттош хилла цахиларна. И бахьанехь дIадаханчу шарахь, масала, ялташ чудерзоран балхана арахьара ерриге а юкъаозийнарг 17–18 комбайн бен яцара я цара буьззинчу ницкъаца болх а ца бира, хаддаза догIанаш эхар бахьанехь. Иза хьесапе а оьцуш, цхьамогIа хийцамаш юкъа а балош, оцу гIуллакхна кхечу кепара тIедахара тхо кху шарахь. Ша аьлча, гIо деха сацам хилла билггалчу регионашкара – Ставропольски крайн, ГIалгIайн Республикин, ХIирийн Республикан, ГIебартойн-Балкхаройн Республикин, Дагестанан бахамашкара. Царах хIоранхьа а дийцарш дан вайн билггал йолу районаш а чIагIйина. Оцу хIора регионера комбайнаш ялорца боьзна болчу вайн векалийн жигарчу балхо дийнна схьаэцча 50–60 комбайн арахьара яло таро хуьлуьйтург хиларх дегайовхо ю тхан. ХIунда аьлча, вайн аренашкахь хьийкъина кхиъна беркат шен хеннахь а, дараш ца хуьлуьйтуш а чуэцар дуккха а долчунна оцу гIоьнах доьзна хирг хиларна.
– Ялтин хьекъарх дерг хьахаделлачуьра довзийта аьтто буй цкъачунна долу хьесапаш? Масала, Хьалха-Мартан районехь, цигахь йолчу шун ведомствон отделан куьйгалхочо чIагIдарехь, латталелорхой тешна бу хIора гектара тIера юккъерчу барамехь 40 центнерал кIезиг доцуш гуьйренан ялта гулдан шайн ницкъ кхочург хиларх…
– Иштта лакхарчу дозанашка кхийдаш и цхьа район хилла а ца Iа республикехь. Кхечу районашкахь а ду ялташ бIаьрг бузош. Цхьацца йолчу майданаша хIора гектара тIера 60–70 центнере кхаччалц ялта лур ду. Иза ларамаза а дац: бегIийла хилира царна Iаьнан а, бIаьстенан а хьелаш. Латталелорхоша а диллира цу юкъа шайн дакъа – ялхийтта эзар гектара тIехь гIийла хеташ йолчу майданашна минеральни кхача белира. Алссам тидам тIебахийтира дехкашца латтош болчу къийсамна – ткъе пхи эзар гектар гергга йолчу майданашка дIовш тесира. Цундела тахана цхьа а район къасто йиш йоцуш дагна там беш ду гуьйренан ялтийн хьекъар. Лакхахь билгалъяьккхинчу Хьалха-Мартан районца цхьаьна цIе яккха хьакъ ю Соьлжан, ТIехьа-Мартан, Грозненски, Курчалойн, Шелан районаш. Ур-аттал йокъа хIуттуш йолчу Невран, Шелковски районашкарчу бахамашкахь а ледара дац ялта. Цигахь доккха гIо хилира ялташа зазадоккхучу, кан бузучу хенахь даьхкинчу догIанех.
Ялтин хьекъаре хьаьжжина ду латталелорхоша шайна хьалха хIиттош долу декхарш а. Говзанчаша динчу юьхьанцарчу хьесапашца дийнна республикехь 27 центнерал кIезиг хила декхар дац хIора гектаро лун долу ялта. Алссам хир бу аьлла хета цул лакхара болу гайтамаш а, хIунда аьлча, муьлхха бахам схьаэцча а, бIаьрг хьостуш ду ялтин хьекъар. И дерриге а тидаме эцча лакхара ца хета гулден долчу гуьйренан буьртиган ялтин юкъара барам 180 эзар тонне дIакхачо республикин латталелорхоша шайна хьалха хIоттийна Iалашо. Ерриге а таронаш ю хIокху аьхка оцу дозанашка кхача.
Хьахо луур ду тIедогIучу шерашна буьртиган ялтин ондда бух билла Iалашо йолуш хIуьнна лерина йолчу майданех дерг. Iаламат хьийкъина кхиъна вайн аренашкахь хIу даккхаран Iалашонца дIадийна хилла 12 эзар гектара тIера «элита» а, 1080 гектар майданахь шатайпа башхалла йолу «оригинальни» сортех долу хIу. Цигахь кхиийначу хIуьнан чоьтах тIейогIучу гурахь 80 процент майданашкахь арахьара эца ца дезаш вешан хIу дIадуьйр ду бахамашкахь. Ткъа хиндолчух дерг аьлча, хIокху кхаа шарахь и гIуллакх дуьззина къастийна цхьалха а даьккхина, кхечу регионашкара хIу оьцуш еш йолу Iаламат яккхий харжаш республикехь йисаре кхочур ду, Дала мукъ лахь.
– ТIекхочуш йолчу Iаламат жоьпаллечу кампанин жамIаш муха хиларе сатуьйсу ахьа, Ханпаша?
– Уггаре хьалха лууш дерг ду Нохчийчоьнан латталелорхой шайн Iалашоне кхочийла. Цара керла дозанаш карадерзоро ондда бух буьллур бу республикин чоьхьара хьашташ кхочушдар алсамдаккхарна. Кху шарахь кхачанан сурсаташна лерина долчу а, фуражни а ялте долу и хьашташ 50 проценте кхаччалц кхочушдан ницкъ кхочур бу аьлла а хета. Олуш ма-хиллара, гурахь динчу жамIаша гойтур ду-кх сатийсамаш мел кхочушхилла.
Иштта ду Нохчийчоьнан агропромышленни комплексан латталелорхошна тахана хьалха лаьтта декхарш, цара шайна билгалйина Iалашонаш.
– Баркалла хьуна, Ханпаша, гуьйренан ялташ чудерзорна кечамбарца доьзна тахана республикехь долуш долу хьал ма-дарра довзуьйтуш къамел дарна.
Къамел дIадаьхьнарг–
Л.МАГОМАЕВ