Муьлхха а юкъара кеп талхор зударша экама хIума хуьлий тIелоцучарах ду. Тахана вайна юкъахь долчу кIез-мезигчу хIуманах цхьа доккха бахьана а дой, шайлахь дийца доладой, вовшашна кхийсарш-Iиттарш ян зударий буьйлабелча, «ванах, ма доккха хIума деана-кх кхарна юккъе» олий, вуьсу. ДIа тIаьхьакхиъча, меха тай диллал а бахьана ца хуьлу девнан. Амма гIуллакх цхьана къепе дерзийча, вовшашна шаьш ечу восах уьш кхеташ хилча, яппарш ян царна бахьана дуьсур дацара аьлла хета. Цкъа-делахь, чу вогI-вогIург шуьне вогIу моьтту царна. Иза иштта дац. Нах шуьне кхойкху цхьа ондда бахьана даьлча: дуккха а шерашкахь цIера ваьлла лелла я набахтехь хан яьккхина, стаг цIа веъча, кхин оцу кепара дерг нисделча. Вуьшта чувеанчу стагана хьалха пхьор хIоттадо. Иза хууш хилча, хIусамнаношна а, туьха-сискалх кхеташ волчунна а хуур ду ша муха хила вогIу.
Вайна, къаьсттина зударшна, дицделла догIу хьеший чу ма-кхеччинехь, салам-маршалла а хаьттина, юьхь-куьг дилинчул тIаьхьа, «цкъачунна са теде, яа хIума хIинцца йина йолуьйтур ю» олий, царна хьалха хий, туьхий, шозза-кхузза кхаллал «сискаллий» йилла езаш хилар. Чу кхаьчначара новкъахь мел хан текхна, уьш кхачанах кхетаза мел хан яьлла ма ца хаьа. Йижарий! Дала кхоьллина цхьа а тайпана эхь тIе догIу долчех дац шуна иза, вайн наноша лелийна и гIиллакх. ТIаьхьарчу шина тIамо иза нийса хилар гайта а гайтина вайна (тIамна кIел нисвеллачунна). Ша дуьйцучун тIаьхье муха хир ю а ца хьоьжуш, цхьана тентако, «хIара-м дера хIокху коржамашца дуза а дина, вайга хIума ца яийта ма йоллу» аьллехь, иза кхоччуш мацвелла ца хилла. «Мацвеллачо – мазца юу», – олуш ду вайн. Иза эрна аьлла дац. Мацвеллачун собар мел деха ду хьажа а ца гIерташ, йолуш ерг хьалха йилла, дукха дахарш. Ша стаг волчо, оцу наьIавлас ма-аллара, шуна бехк буьллур бац, стаг воцчо биллинарг шух летар а бац. Меца верг йовханиг, мерзаниг тIекхаччалц, шен са тедина, юха хир ву.
Таханлерчу дийнахь шун хIотторан, иза кечдаран масийтта кеп хаа езаш хьал нисделла вайна: Iаьрбийн, шведийн, японийн, нохчийн. Дуьйцург кхачанах лаьцна дац, шун дIадахьаран кеп ю.
Вай тIелаьцна яьллачех лара мегар ду аьлла хета суна, оьрсашкахула вайна юккъехь яьржина йолу Европин къаьмнийн кеп: урс – хьалхарчу бошхепана аьтту агIор диллар, аьрру агIор – Iайг, мIара биллар.
Чу нах богIур бу аьлла, шайга доьзалан дас, хьалххе хаам ца бинера, юьхьIаьржа хIиттийна цо шаьш бохуш, безабеш дукха хIусамнаной гина вайна. Сан йижарий, дукха дахарш! Царах-м тIаккха чукхайкхина нах хуьлий, иза кхин ду. Нохчийн вадца шуна тIехь дерг чувогIург доггах тIелацар а, йолуш йолчух тоам а бина, ерг хьалха йиллар ду-кха. Важадерг цIийндена тIе ма дужу. Вайн дайшкара схьадогIучо шуна тIедожийна дукъ елаелла-екхаелла, чувеанчунна юха а ван дог догIур долччу кепара лелар ду. ГайтIингаран гIуллакх хьалха а даьккхина лелаш верг, чу ца лестор бен молха дац. Шайна хьалхара «хьаьвда» лах ма-деллинехь, хондаргаш шаьш совцу.
Нохчашна хьалха заманахь урс-мIара хIун ю хууш ца хилла бохурш эрначу хабарех ду. И дерриге а каг ца до ткъа, йоIах муха цIийннана хир ю хаархьама, цо текх цIена лелоре а, кIант вовза лаахь, цуьнан цесте а (оьрсаша подкинжальный ножик олу цунах, гIалгIаша – мукх) хьожуш хиларо.
Куьйгашца хIума яа вай Шемалан халачу заманахь бен дуьйладелла дац. Иза бакъдеш ду вайна юккъера цхьацца долу кхин хIуманаш а. Масала, цастар доккхуш юу хIума тIомехьара йолош ю, хорбаз хуьлда иза я паста. Наьрс, сийна хох, саьрамсекх шегахьа зIийдиг йолуш берзийна бацара аьлла, шаьш царах хьоьггушехь, царах ца кхеташ, шуьнара хьалагIевттина нах суна хIинца а бевзаш бу. Бепиг (булка) охьадилларан а ю шен нисйина кеп. Дилла дезачу кепара дерзийна дацахь, ша мел меца хиларх схьаоьцур дац оьздачу стага. Цастаран букъ болу агIо стагана тIе а ерзайой, дуьллу бепиг охьа. Хьахийнчара а, хьахоза дисанчара а гойту шуьне хаар а, цигахь лела ма-везза лелар а, доккха маьIна долуш хилла хилар. Урс, Iайг, мIара муха лаца деза бохучунна гуонаха хезаш дукха къамелаш ду. «Нагахь уллехь волчунна цунах новкъарло ца хилахь, хьайна аьтто болчу кепара лаца», – ала догIу. КIезиг лелаш дац чай доттарца доьзна хабарш а. Иза вайна юккъедаьлла дукха хан яцахь а, цуьнца доьзна а цхьацца некъаш хIиттина. Масала, бошхепана чохь тIуналла йолуш чай далар, хIусамненан оьзда цахилар лору, кхетамна гомха хилар а го. Духе кхиа воьлча, стака схьаоьцуш, цу тIера тIадамаш оьгу. Шуьнехь нисвеллачун оьздангалла лахара хилар гойту, шена хьалха йиллинарг куьйра йолуш санна, стаканна чу Iайг хьийзо волаваларо.
Шуьнна гуонах дIанисдалар кхочушдан хала гIуллакх хуьлий дIахIутту вайлахь. Цхьаболчу наха, вовшашца йохье бийларца, охьаховша ца туьгуш, цхьа сахьт хан йойъу. Цул а оьшуш дерг, гIиллакх леладо шаьш бохуш, шайна хьалха кхача биллича, охьахевшинчара вовшашна хьалхара бошхепаш дIасатеттар ду.
Гуонаха хьийзачеран хIоранна а тIекхача аьтто боцуш меттиг нисъелча, лахара дуьйна вовшийн кар-кара луш, стоьлан баьрчехьа дIакхачадо бошхепаш. Кхача хьалхий-тIаьхьий охьабилларан рагI иштта хила йогIу: 1) тхьамда, 2) тхьамдина аьтту агIор хиъна волчунна, 3) тIаккха аьрру агIор Iачунна, и.дI.кх. а, цхьанаэшшара дехьа-сехьа кховдош, духе кхаччалц.
Кхача деза хIума ду, иза дIасатеттар мегачарах ца лерина. Иза Ахьмадна я Мохьмадна буьллуш бац – иза меттиге хIоттош бу. Ткъа цига мила а нисвала тарло. Ишттачу метте кхаьчча, вай хьалалелхий, шен-шен меттиг тIевеанчунна дIаяла гIурту массо а. ТIевеънарг милла велахь а, бухарнаш кхузза кхачанах кхета кхиънехь, тIевеънарг, паргIат йолчу меттиге охьа а хиъна, кхачанах кхета везаш ву.
Тахана шуьне нисвеллачунна Iаламат хала ду, «хьешах юьртахо а, хийрачух – хийра воцург а къасто. ХIунда аьлча, тхьамдина уллера меттиг еза хеташ, хи тIе гIоьртина хьагделла бежнаш санна, цига гIерташ берш дукха хуьлу. Иштта кеп ца хIоттийта шуьна гуонах нах охьаховшаран кеп йовза еза. Тхьамдина аьтту агIор, хийр-хийраниг хьалха а хаош, дIанисбо хьеший. Тхьамдина аьрру агIор ховшораш юьртара, лула-кулара нах бу. ТIаккха чоьхьаваьллачунна, хаттарш дан ца оьшуш, бIаьрг ма-туьххи, хуур ду ша хьалха-тIаьхьа хьаьнга хIун ала деза, ша муха лела веза. Муьлххачу а кепан хьалхара Iалашо и ма ю. ХIусамда, нагахь охьалахлахь а, неIсагIехь дIатарло.
Нагахь санна шуьна гуонаха хIусамден ненахой, дехой цхьаьна нисбеллехь, хьалхарниш аьтту агIор ховшош ду, аьрру агIо тайпана болчарна йогIуш ю. Ненаваша, деваша ву тхьамдина аьтту, аьрру агIонаш йоькъург. Цигара дIа гергарло лахдаларе хьаьжжина, гергарло гена мел ду – меттиг баьрчехьа хуьлу (нийсса бIостанехьа нисло тезетахь).
Юург-мерг хьалха йиллар-дIаэцар а ду шен кеп йолуш. Оьшна (стоьлана) гуонаха хьовза кегийрхошна аьтто болуш хьал нисделча, юург аьтту агIорхула бен охьайилла йиш яц, яссаелла пхьегIа аьрру агIорхула дIаоьцу.
Шуьна гуонахь гулбеллачарна тIехь цхьа а декхар дац аьлла хеташ берш бац кIезиг. Яар, малар, шайна дага, бага а деънарг лелор доцург, важадерг дерриге а хIусамна кочахь ду моьтту царна. Иза дац данне а бакъ. Шуьне веанчо лело дезарш, цунна хаа дезарш дукхе-дукха ду. Уьш дерриге а дийцина вай девр дац. Амма коьртачарах дерш хьахор ду.
Уьш ду: шена улле нисвеллачунна цхьана а кепара новкъарло цаяр; хIусаман дайшна а, чохь гулбеллачарна а товр доцург шех ца далийтар; чухула дIаса бIаьргаш цакъерзор, бIаьрг тIехIоьт-хIоьттинчу хIуманна тIекхача гIерташ, шунна тIехула тIаьрзенаш дIаса цахьийзор; дуьйцург-олург хезачуьра а ваьлла, нойна чуиккхина херси санна, юучунна, голаш хьала бина, чу цавалар; цхьанна, тIаккха вукхунна лере оьхуш, шабарш цадар; ша бохучунна, дуьйцучунна массеран а тидам тIебахийта гIерташ мохь цабеттар. Мел дийци а ду-кх и лело мегар доцурш.
Сутарчу стагана (зудчунна), аьр вай бепиган цастар а, шена хьалхарниг лулахочуьнчул мелла а эшна хеташ, схьадогIуш ду дуьне доладелчахьана а. Цундела иза даима а лулахочунна хьалха кхийда.
Оьзда стаг шуьнехь гуш хуьлу. Дагалаца Паскевичан шуьнехь Таймин Бийболатан А.С.Пушкина бина тидам. Оьзда стаг цхьана а хIуманна тIехь нахал къаста гIерташ ца хуьлу, юучунна-молучунна чу ца волу, хабарна тIехь а. «Цо яа юий-те?» – боху ойла кхоллайолуьйту цо шех. Амма, кхачанах ца кхеташ, юхаваьлла а ца гойту цо ша. Букар вахана бошхепахь воллуш гур вац иза, амма хьокха боьгIна шайтIа санна, вогIавелла Iаш а хир вац.
Тахана ган тарлучух сурт хIоттор вай. Тайнигийн цIелиг санна, кечйина йолчу хIусаме кхойкху стаг. Механа деза, варкъ даьккхина «барзакъ» а духий, мухха хаийтина а, цуьнан мах хаийта гIерташ, чухула хьийза йолало Байсари. Механа дукхе-дукха еза пхьегIаш ша охьайохкуш, уьш Пилкъар-паччахь волчуьра дукха хала, дуьненан хьал ца кхоош, еъна хилар хаийта кхуьу иза. Чувеанчо дIасахьаьвззинчохь царах цхьаъ охьатохарх кхоьруш, хорамо шад бой, холчухIоьттина хуьлу иза. Цуьнан йоьхна хьийзар гуш, сакъера, самукъадаккха чувигна верг паргIат мичахь хуьлу? Шайн бахаме-тароне хьаьжна валлалц, ара ца волуьйтуш, цуьнан лаг а лоцу. «Дала ларвойла-кх юха кхуза кхачарх», – ша-шега а бохуш, «юм» йо араваьллачо, гена вала гIуртий. Ишттачохь гергарло хир ду, лелар ду ала хала ду.
Веза лоруш волчу хьешана устагI а боьй, корта, накха, аьтту пханар (устагI дума болуш хиллехь) дума а цунна хьалха буьллуш хилла. Хьешана хьалха юьллуш хилларг хIун ю-м массарна а хууш дара. Амма уьш шена хьалха дехкича, царах дезар муха дан деза хууш стаг кIезиг нисло.
Коьртан аьтту агIор бIаьрг болччуьра, мочхалх йоккхий цетуху, аьтту бIаьрг-лерган юьхьигах а, меттан буьхьигах а хIума йоккху. Нагахь санна оцу юьртахь лоруш стаг велахь, «кху юьртахь махкана везаш-вевзаш стаг а волуш, кху пхьорах веттаваллал веза ца хета суна суо» олий, шена хьалха диллина пхьор цига дIадахьар хIусаман дайшна тIедилла магош ду хьешана.
Нагахь санна хьешо пханар даа дола а дина, охьадиллинехь – хIусамдена хаам бу иза хьаша дIавоьдучу хенахь цунна новкъа даккха дIадилла дезар.
Вай-м хьовха, Кавказхойн а вуон лоруш ду, коьртаца мочхал далар. Аьрру пханар а дац шуьн чу дуьллучех.
С.-М.ХАСИЕВ
№133, шинара, гIуран (декабрь) беттан 20-гIа де, 2016 шо