Вайн халкъан хиндерг таханенах доьзна ду

IMG_8856

Кегийрхой, къона тIаьхье вайн мохк кхиаран хIора дийнан коьрта дакъалацархой бу. Церан гIуллакхаш цхьана билггалчу хоршахь кхиорна тIехь тидам латтабо Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министерствос. Россин кегийрхойн денна тIекхочуш шайн белхан кхиамех а, Iалашонех а лаьцна дийцира министра Тагиев Мурада.

­­– Кегийрхойн министерствос вайн регионехь кхочушъеш йолу  къоначеран политика тIехьажийна ю кегийрхойн хаарш, церан гIуллакхаш республикина а, берриге а махкана а пайдехь хилийтарна. Цундела юкъаозабо оха кегийрхой республикин социально-культурин а, социально-экономикин а, юкъараллин-политикин а дахарна. Цул сов, адаман син хьашташ кхиорехь коьртаниг цуьнан ийман, гIиллакх-оьздангалла хиларна, тхайн балха тIехь цу тIе къаьсттина тидам а бохуьйту оха. Тергамза ца юьту кхоллараллин, Iилманан, спортан агIонаш а. Цаьрга нийсса къийсам латто безаш хуьлу кхетам чIагIбалаза болу кхиазхой йийсаре лаца сиха ка йолучу наркоманица, кортабахон маларш мийларца, томкаозарца.

Цхьана а минотана лахбан йиш йолуш бац экстремизмана, терроризмана дуьхьал беш болу болх а. Оцу хоршахь беш болу болх кхин а  жигарбаккха безарна тIе тидам бахийтина регионан Куьйгалло. Дуьне а шайн дуьхьа лаьтта аьлла хета  кегийрхой атта Iехало интернет-зIенехула а, вуьшта а «дог лазархойн» «лаккхарчу идейх». Иза кIезиг хилийтархьама я хиллане а ца хилийтархьама эвсараллица болх бо оха Республикин Куьйгалхочун  Р.Кадыров лехамца  юкъаяьккхинчу  къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран  Юкъарчу копцепцин  некъашца.

Цу дуьхьа дIахьо республикин районашкахь тайп-тайпана цхьаьнакхетарш, «горга стоьлаш», семинараш. Тхан цхьаьнакхетарийн коьрта турпалхой бевзаш болу яздархой, журналисташ, юкъараллин гІуллакхой , доцца аьлча шайх эца  масал долу а, дахарехь нислучу галморзахаллех толамца чекхдевлла хьехаран юьхь йолу  нах хиларе терра, уьш цхьа лаккхарчу айъамца дIадахьар хуьлу. Оцу цхьаьнакхетарийн  цIераша – «Ийманехь кхетош-кхиоран мехаллаш», «Вайзаманан хьелашкахь кегийрхой кхиаран некъаш», «Бакъонаш талхорна дуьхьал» и.дI.кх. а, дуьйцу церан чулацамах.

М.Ю.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн театрехь кегийрхойн «Серло» театран гIоьнца, дахаран халачу хьелашка нисделлачу берашна а, кхиазхошна а лерина спектаклашка хьовсар вовшахтуху оха. Тхуна хетарехь, оцо гIо до бераш культурина юкъаозорна а, кхетош-кхиорна а. Актераша гойтучу «Кхиъначу бешахь кIайн цIа» цIе йолчу спектаклехь луьсту дуьне долийчхьана а йолу «дайн, берийн» проблема.

Экстремизмана, терроризмана дуьхьал къийсам латтор коьрта дакъа ду тхан белхан. Цуьнан Iалашо ю кегийрхойн хьекъалехь ваххабизм, экстремизм, терроризм зулам хилар чIагIдар а, ишттачу тобанех уьш ларбар а. Цунна лерина профилактикин гIуллакхаш до оха школашкахь, ссузашкахь, вузашкахь. Ткъа тIаьххьарчу хенахь пачхьалкхан а, муниципальни а органашкахь а иштта болх бан болийна оха.

Наркоманица, кортабахон маларш мийларца, томка озарца къийсам латтор хаддаза дІахьош  ду къоначарна юккъехь. Оцу декъехь тхан белхан накъостий бу Дешаран а, Iилманан а министерство а, Республикин СПИД центр а, Россин Федерацин ФСКН Нохчийн Республикера урхалла, Нохчийчоьнан кинематографин урхалла а, иштта цхьацца кхийолу организацеш а.

«2014–2020-чуй шерашкахь Нохчийчохь могашаллаIалашъяр кхиор» цIе йолчу пачхьалкхан программехула а алссам гIуллакхаш дина а, дан лерина а ду тхан. Республикин спортивни турнираш «Спорт – наркотикашна дуьхьал!», берийн сочиненийн, суьртийн конкурсаш «Ларлолахь – Iожалла!», «Дахар луо хьайна!». Ала дашна, тIаьххьарчу конкурсийн белхаш Кегийрхойн цIийнан сенеш чохь ган таро ю.

2-чу июнера 26-чу июне кхаччалц йолчу хенахь Наркоманина дуьхьал къийсам латторан дуьненаюкъарчу денна лерина республикин массо а районехь, кIоштехь болх бина ца Iаш, ГIебарта-Балкхаройн республикерчу «Машар», «Кхорийн боьлак», «Сийна Iаьмнаш», иштта кхечанхьа а садоIуш долчу вайн берашца цхьаьнакхийтира тхан белхахойн тоба, цаьрца профилактикин мероприятеш а йира.

Кхушара юьртарчу кегийрхошца цхьаьнакхетарш долийна оха. Цигахь тхан таро хуьлу кегийрхойн проблемаш уллора йовза а, уьш дIаяхаран аьттонаш лаха а. Оцу цхьаьнакхетаршкахь къаьсттина тидам тIебахийтина къона тIаьхье  ийманехь кхетош-кхиорна. Юьртан администрацин куьйгалхошца,  маьждигийн имамашца  и болх юкъахь дIахьо оха.

Оха дина бІаьрла гІуллакхаш

 Соьлжа-ГIали чу Олимпиадин цIе кхачар вайн махкахошна дагахь буьсур болуш хилам бара. Оцу гIуллакхна лерина 364 кегийхочух  лаьтташ йолу «волонтерийн корпус» кхоьллира оха. Цу юккъе бахара кегийрхойн юкъараллин-патриотически «Ахмат» а, «Путин» а боламийн дакъалацархой, Кегийрхойн парламент, Республикин «Vita» центр, республикин кхаа а вузашкара студенташ. Цара кхочушдира дуккха а гIуллакхаш: хаьштиг хьошберш билгалбахар, духарш а, хаьштигаш а дIадалар, некъан бохалла къастор, хаьштиг хьочун дог-ойла айъбар, сувенираш екъар, Эстафетех болу хаамаш бовзийтар, кхин а, кхин а, кхин а. И хилам дIабирзинчул тIаьхьа Сийлаллин грамоташца билгалбехира волонтераш.

Хууш ма-хиллара, кегийрхойн ойланаш дIалаьцна хилам бу Шемахь берг. Цунах цакхетачарна моьтту,  Шемахь берг гІазотан тІом бу. И бакъ дац.Цигахь дIахьош берг, ницкъ кхочучу кепара вай лардала хьакъ долу,  боьхачу политикин тІом  бу. Цунна тIехьажийна, «джихад» дешан чулацам бовзийтар Iалашо йолуш, Шемарчу хиламашна лерина «Вещдоки. Сирия» суьртийн гайтам кечбира оха. Ала деза, тхо санна, оцу гайтаман вовшшахтохархо хилла хилар, «Журналистийн бакъдерг» газет а. ГIо лоцуш Республикин Куьйгалхочун Администраци а, культурин министерство а яра. Амма коьртаниг, гайтаман 10 дийнахь цуьнга 5 эзар стаг хьажар дара.

БIаьрлачу гIуллакхах дара Республикин Куьйгалхочун тIедиллар кхочушдеш дIаяьхьна нохчийн кегийрхойн III-гIа  Ерригроссин съезд. Цигахь дакъалоцуш вара Россин 31 субъектера1 бIе сов жима стаг.

2014-чу шеран 7-чу майхь дIадаьхьира «Шеран стаг-2013» цIе йолу Къоман юкъараллин преми ялар. Кхушара иза магийра «Политика», «Могашалла Iалашъяр», «Культура а, дешар а», «Ламастийн гIарол», доцца аьлча цхьайтта номинацехь. Церан цIераша а гойту премин коьрта Iалашо адамийн а, юкъараллин а дика гIуллакхаш бахьана долуш юкъаралла кхуьуш хилар.

Май баттахь дIаяьхьна хIора а шарахь хуьлуш йолу «Студентийн бIаьсте-2014» цIе йолу республикин фестиваль. ПохIме студенташа шайн хаарш гайтира пхеа декъехь: «Вокал», «Къоман хелхар», «Театр», «Видео», «Оригинальный жанр». Фестивалан Гран-при яьккхира Мехкадаьттан технологически университетан студенташа.

2014-гIа шо доладелчхьана а оха бинчу белхан цхьа дакъа бен дац ас кхузахь дийцинарг. Дукха ойланаш ю тхан кхочушъян езаш, республикин кегийрхошца цхьаьна кхочушдан дезаш дукха гIуллакхаш  ду. Сиха кхуьучу регионехь дехаш хиларал сов, вайн къоман культурин ламасташ дукхе дукха ду. Уьш дахийта, дебийта,  декхарийлахь бу кегийрхой. Цунах дика кхета тхо. Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIо-накъосталла бахьана долуш, вайн кегийрхошна шаьш муьлххачу а декъехь, хуьлда иза спорт, Iилма, искусство каро аьттонаш бу.  Республикехь алссам ю кегийрхойн проекташ, программаш. Цара гIо лоцу похIмечу кегийрхошна шайн хьуьнарш довзийта. Шеко йоццуш ала йиш ю – вайн  хиндерг вайх доьзна ду. Нохчийн Республикин Кегийрхой даггара декъалбо ас вайн юкъарчу дезчу денца – Россин кегийрхойн денца. Ирс-аьтто а, маьрша стигал а хуьлда шун дахарехь.

Зорбане кечйинарг – Т.САРАЛИЕВА        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: