Нохчийн Республикехь билгалъяьккхинчу хенал хьалха чекхбевлла ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу дIакхалхоран декъехь беш хилла белхаш.
Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос хаам барехь, ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхоран регионан программа 2017-гIа шо чекхдалале кхочушъян лерина яра. Бакъду, министерствос жигара болх бар бахьанехь, хенал хьалха, 2016-чу шарахь программин дерриге а гIуллакхаш кхочушдина девлла.
2016-чу шеран йохалла дукха петарш йолу 12 цIа дина (хIусамийн юкъара барам 24,3 эзар квадратни метр, 581 петар). Оцу цIенош чу дIакхалхор ву ширачу хIусамашкара 2 245 вахархо. ХIусамаш йина Нохчийн Республикин Теркан, Хьалха-Мартан кIошташкахь а, Соьлжа-ГIалахь а.
Карарчу шарахь хIусамийн гIишлошъярна юкъадиллинчу ахчан барам 616,3 миллион сом бу, царах 513,5 миллион сом хIусамийн-коммунальни бахаман реформировани ярна гIо-накъосталла даран Фондо гIоьнна хьажийна ду. Регионан программа кхочушъяран берриге а муьрехь (2013–2016-гIий ш.) юкъара барам 50,5 эзар квадратни метр болу шира хIусамаш дIаяьхна, оцу хIусамашкарчу 3 857 вахархочунна керлачу цIенош чохь дика кечйина петарш а елла.
Иштта, республикин коммунальни дакъа тодаран Iалашонца, оцу декъана бюджетера йоцу инвестицеш юкъаозорехула жигара болх дIахьо республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос. Нохчийн Республикина хица кхачояран, хи дIадахийтаран, йовхонца кхачояран декъехь инвестицийн проекташ кечъяран гурашкахь билгалъяьхна регионан коммунальни бахаман болх эвсаре боцу объекташ. Уьш, концессионни бартийн бакъонашца, доларчу операторшка дIаяла лерина ю. ХIусамийн-коммунальни бахаман объекташ техникин декъехула теллина, уьш меттахIитторехь, тоярехь дан деза коьрта гIуллакхаш билгал а дохуш. Нохчийн Республикин долахь йолчу объектийн пачхьалкхан регистраци яран а, коммунальни инфраструктурин объекташна йолчу бакъонийн пачхьалкхан регистраци яран а Iалашонца дIахьош бу уьш кадастрийн учете хIитторан болх.
ДIадаханчу кIирнах Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима министерствона юкъайогIучу департаментийн а, ведомствийн а куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу дIакхалхоран гIуллакхаш. Министра билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахархошна хIусамашца кхачояран гIуллакхашна къаьсттина тидам тIебахийтар бахьанехь йохийна йолу республика йоццачу хенахь меттахIотто ницкъ кхаьчна хилар. Иштта, кхеташонехь билгалдаьккхира бахархой ширачу хIусамашкара дIакхалхоран программин декъехь дина долу керла цIенош хIокху деношкахь – хIусамийн-коммунальни бахамна реформировани ярна гIо-накъосталла даран Фондан тидамбаран советан председатель С.Степашин а, оццу Фондан генеральни директор К.Цицин а Нохчийчу веанчохь – схьаделла лерина хилар.
А.ХАСБУЛАТОВА
№134, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де, 2016 шо