Назманча Iийса

«Хиндолу хьоза бенахь дека», олуш цхьа кица ду вайнехан. Iийса санна болучарна далош ду иза. Бераллехь дуьйна аз, лерса дика долуш вара кIант. Цуьнгахь похIма хааделларг цуьнан ненанана яра.

IMG-20161222-WA0006

– Со жима волуш дукхах йолу хан бабица йоккхура ас. Цо нохчийн а, оьрсийн а иллеш Iамадора суна. Ас уьш олуш самукъадолура бабин. Школехь уггаре а суна хазахеташ йолу урок музыка яра. Школин культурин программашкахь илли олуш дакъалоцура ас. ВорхIалгIачу классехь вара со Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшан вокалан хьехархо Басханова Роза суна евзаш. ХIетахь дуьйна цуьнца болх беш ву со, – дуьйцу Iийсас корматаллин новкъахь дуьххьарлерчу гIулчех лаьцна.

Шелковски кIоштарчу Оьрза-ГIалахь 1996-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 21-чу дийнахь вина Эсамбаев Iийса. 2014-чу шарахь циггахь школа чекх а яьккхина, Корматаллин технологийн, финансийн а, бакъонийн а техникуме цIеяйаран факультете доьшу воьду иза. Цул тIаьхьа, 2015-чу шарахь Шен говзалла лаккхарчу тIегIане яьккха болчу лаамца Волгоградерчу Архитектурин а, гIишлошъяран а институтан цIеяйаран факультете заочни кепара деша вахара.

Кхузахь иштта хаттар кхолладала тарло: «Назманаш олуш волу иза деша муха лараво, цIеяйархочун говзалла караерзоран бахьана хIун ду?» – аьлла. Iийса жима волуш дуьйна къинхетаме, оьшучунна орцахвала кийча ву. Цо даима тамаша бо цIеяйархойн майраллех, хьуьнарех. Шен амалца йогIуш карийна Iийсана и говзалла.

Илли ала хууш, аз дика долуш хиллехь а, цхьа хIума шена тIе ца тоьаш санна хеталора цунна. Иштта, цхьана буьйсанна гIан гина хиллера кIантана. «ГIенаха ков тоьхна цхьа къена зуда керта елира, шена юххехь жима стаг волуш. Iаьрбийн къомах дара и шиъ. Со араваьлча соьга сагIина хIума йийхира цушимма. Ас сайн кисанара даьккхина ахча делира цушинна, кех йолучу зудчо юха а хьаьжна соьга элира: «Шайн кертара гитара арабаккха, ийман-беркат догIур ду шун керта». ШолгIачу дийнахь юха а гIан го суна. …Со тхайн ненахошкахь хуьлу, сан шича чу вогIу, «Нана, ас Къуръан ма Iамийна», олий. Нанас цуьнга дIадеша олу. Цо Къуръана тIера аят доьшу. Суна дагахкхета иза», – дуьйцу цо шен гIенаш. Iийсас ма-дийцарра, и гIенаш гаро цуьнан ойла, дахаре болу хьежам хуьйцу. Дерриге а дицделла, Къуръан Iамош волчу Iийсага телефон туху Басханова Розас. Назманаш олучу конкурсе кхойкху цо кIант. Циггахь хийцаделира цуьнан дахар. Конкурсехь шен говзалла гайтира кIанта. Театрально-концертни залан директоран Денильханова Томин бIаьрг буьзира кIантах. I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин солистан балха ийцира цо Iийса. Устрада-ГIалахь долчу Берийн кхоллараллин цIийнехь а болх беш ву иза, назманаш олучу зудаберийн «Ан-Нур» тобанан куьйгалхо а волуш. Нохчийчохь а, луларчу регионашкахь а назманаш олуш концерташ ло Iийсас. Жимачунна а, воккхачунна а чIогIа хазахета цуьнга ладугIуш. Iаьрбийн маттахь олуш елахь а, хIоранан даг чу юьжу цо олу назма.

– Хууш ма хиллара, Iаьрбийн мотт дагна тамехь белахь а, цунах цакхетарш дуккха а бу вайн. Дала мукъ лахь, оьрсийн маттахь а назманаш ала лаам бу сан, Ислам дин цадевзачарна цуьнан хазалла сайн назманашкахула цаьрга дIакхачо, – бовзийтира цо шен сатийсамаш. Дала аьтто бойла Iийсан шен назманашца нехан дегнаш самадахарна тIехь!

М.ВЕГИЕВА

№134, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: