ХIокху деношкахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарарчу Сулейманов Ахьмадан цIарахчу музейхь цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дакъалецира филологин Iилманийн доктора Джамбеков ШаIранис, профессора Навразова Хьавас, философин Iилманийн кандидата Гадаев Вахас, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин деканан заместительша Килабова Марета, Сулейманова Зайнапа, Хьалха-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочун заместитела Гебертаев Бекхана, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан журналистикин кафедрин доцента Турпалов Лоьмас, Энахишкарчу аграрни-техникин колледжан Олхазар-КIотарахь йолчу филиалан заведующис Дандиева Раисас, музейн директора Сулейманова Совдата, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин отделенин студенташа, иштта кхечара.
Сулейманов Ахьмад а, цуьнан кхолларалла а, дахар а дагалацарна леринчу цхьаьнакхетарехь хIорамма а дийцира яздархочуьнца шайн хиллачу гергарлонах. Шайн иэсехь иза муха висина а олуш, Гадаев Вахас элира: – Бакъ долуш, вевзаш а, вайна массарна дукхавезаш а волчу яздархочо Сулейманов Ахьмада шена тIаьхьа боккха бахам битина. Тахана иза дага а лоцуш, цхьаьнакхетар вовшахтохар чIогIа мехала гIуллакх ду. Цо биначу белхан мах хадийна вер а вац. Цуьнан кхолларалла вайн къоначарна кIорггера йовзйита еза. Суна луур дара А.Сулеймановн говзарш йовзийтина а ца Iаш, цуьнан дахарх лаьцна дерг а вайн кегийрхошка дIакхачадойла. Яздархочо биначу белхийн мах хан-зама яларца кхин а лакха бер бу. Шен дахарехь дуккха а халонаш лайна а, гина а ву Ахьмад. И дерриге а йозанехь охьадиллина цо. Ша яздинчух тIекхуьучу чкъуро цкъа мацца а пайдаоьцург хиларх тешаш, кIезиг дац цо хьегна къа. И вайна массарна хаа деза, вай хама бан а беза.
ХIара цхьаьнакхетар Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студенташна къаьсттина пайдехь хилар билгал а доккхуш, къамел динчу Навразова Хьавас элира: – ТIекхуьучу чкъурана къаьсттина пайдехь гIуллакх ду хIара. Сулейманов Ахьмад чIогIа ирс долуш стаг хилла. Иза хаа мегар ду цо битинчу бахаме хьаьжча. Ас буьйцург дуьненан бахам бац, ас юьйцург цуьнан шатайпа кхолларалла ю. Шел тIаьхьа цо вайна дитинарг – урс санна, дагахкхета байташ а, говзарш а. «Топонимия Чечено-Ингушетии» цуьнан болх хьахийча а тоьар дар-кха цо хьегначу къинан мах хаа. Шен дахарехь майраллица, доьналлица, нохчалла ларъеш чекхваьлла стаг ву Ахьмад. Олхазар-КIотарарчу бахархоша сийдина ца Iаш, массара а сий-пусар до Ахьмадан а, цуьнан кхоллараллин а. Хинболчу хьехархошна къаьсттина пайдехь цхьаьнакхетар ду таханлерниг. Хьехархойн университетан студенташна Сулейманов Ахьмадан кхолларалла вай йовзийтича, иза марзйича, тIаккха, хан-зама а яьлла, царах хьехархой хилча, цара шайн дешархошна а цуьнан кхолларалла марзйича даима а вайца яха юьсур яра иза.
Цул тIаьхьа хьехархойн университетан ректоран Халадов Хожа-Ахьмадан цIарах Баркаллин кехат дIаделира Хь.Навразовас Сулейманова Совдатана. Цигахь къамелаш дира Джамбеков ШаIранис, Турпалов Лоьмас, Сулейманова Зайнапа, иштта кхечара а. Гебертаев Бекхана цигахь дакъа мел лаьцначарна даггара баркалла элира. Цо дийхира, хIара тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста вовшахтохар.
Нохчийн филологин отделенин студенташа а хаза кечам бина хиллера оцу цхьаьнакхетарна. Яздархочун байташ йийшира цара роггIана. Гулбеллачара хаддаза тIараш деттарца хаийтира цара байташ дика ешна хилар. Оцу цхьаьнакхетарах дош олучу хенахь, а юьстах ца бисира студенташ.
– Тхуна доккха дозалла ду, тхайна дукхавезаш волчу яздархочун цIарах йолу музей ган а, кхузахь хила а, цо лелийначу хIуманех бIаьргтоха а тхайн таро хилар. А.Сулеймановн байташ, цуьнан кхолларалла дукхаеза тхуна, амма аш тахана цунах лаьцна мел дийцинчуьнга ладоьгIначул тIаьхьа, тхуна иза кхин а дукхавезавелла, – элира хьехархойн университетан студенткас Бекбулатова Маккас.
Цхьаьнакхетар дерзош, музейн директора баркалла элира цхьаьнакхетарехь дакъа мел лаьцначарна. Иштта, музей чохь а, уьйтIахь а безамна суьрташ а дехира.
З.ЛОРСАНОВА
№134, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де, 2016 шо