Стага дахарехь хаьржинчу говзалле хьаьжна доцуш, тайп-тайпана лаамаш, хьежамаш хила тарло цуьнан даго къобалбеш я цIеххьана цхьа похIма а, хьуьнар а гучудала мега. Иштта, дагахь а доцуш, байташ язъяр марзделла Ибрагимова Хедина.
Иза йина 1993-чу шеран кхолламан (январь) беттан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Устрада-ГIаларчу №3 йолчу школехь дешна Хедас. 2010-чу шарахь, кхиамца иза чекхъяьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетан агротехнологин факультете деша яхана. Цигахь доьшуш а йолуш, 2014-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Йоккхачу АтагIарчу (цигахь марехь ю хIинца Хеда) Пахаев Мовлдин цIарахчу №3 йолчу школе балха яхана. Цигахь могашалла ледара йолчу кIантаца болх бира цо, иза дешаран программина тIаьхьакхиош. Оцу кепарчу (хьекъална мелла а эшна я заьIап долчу) берашна хьехаран говзалла лакхаяккхаран курсаш а чекхъехира Хедас 2015-чу шарахь. Байташ язъяр марзделла, шен кхоллараллин таронаш зуьйш ю иза. Цуьнан цхьа байт шун кхиэле юьллу оха.
Барт боцу хан
Лаьтташ вара воккха стаг паналле хьоьжуш,
Эгадеш бIаьрхиш, гIийла охьатеIаш.
«ХIун хилла?» – хаттар деш, со юххе вахча,
Цхьа гIийла, кхоьлина хьаьжира иза соьга.Делхийра кийрахь дерг, аз дегош, халла:
«Адамийн юкъаметтиг, барт боцуш, йоьхна.
Сийлахь ду вовшашца гIиллакхе хилар,
Барт боцу къам хилла, ма довла вай вовшах?…ГIалатех дуьзна дахар дIадер ду вайн,
ДIадаьлла адамийн хаза дош алар а.
Массаьргахь вас ю-кха, дегнаш чохь къуьйлуш,
Ца хаьа кханенга довлий а вай.Хууш дац Iожалло муьлхарниг хьур вайх,
Дуьнен чуьра дIавайча, цхьа а юхаверзац.
Вас йина адамаш къинтIера дохуш,
Яккхий вай йогIу хан оьзда а, мерза а?..»
Зорбане кечйинарг – А.ХАТУЕВА
№134, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де, 2016 шо