БIаьрзечийн юкъараллехь мовлад дийшира

Хууш ма-хиллара, дерриге а дуьненахь болчу бусалбанаша билгалбоккху вайн Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла РабиIул-Аввал бутт.

DSC06467_w1200_h800

Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматах вай хилар – иза АллахIера боккха къинхетам бу. ХIора а бусалба стагана хаа декхар ду Элча хIокху дуьнен чу хIун дохьуш веана а, цуьнан дахаран некъ муха хилла а. Иза вуьйцуш а, хестош а, мовладаш доьшуш а дIахьо и хIора бутт бусалбанаша.

Иштта, гIуран (декабрь) беттан 15-чу дийнахь заьIапхойн Ерригроссин юкъараллин организацин Нохчийн Республикехь йолчу БIаьрзечийн юкъараллехь а дийшира мовлад оцу Сийлахьчу баттаца доьзна. Цигарчу маьждиге баьхкинера оцу юкъараллина юкъабогIуш болу нах а, иштта Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан къеда Сугаипов Iайнди а, Нохчийн Республикехь йолчу БIаьрзечийн юкъараллин куьйгалхо Каримова Хьава а.

– ХIора дийнахь а Делан Элча а, цуьнан хаза гIиллакхаш а, дахаран некъ буьйцуш, иза вайн берашна бовзуьйтуш къахьега деза вай, – элира I.Сугаиповс.

– ХIара Сийлахь-беза РабиIул-Аввал бутт тIекхаьчча мовлад дешийта хьовсу тхо. Тхайн юкъараллин кIошташкахь йолчу филиалашкара бIаьрзе а, бIаьрса ледара долу а бахархой кхойкху оха кхуза, хIинца санна, хIора а шарахь, – дуьйцу Каримова Хьавас.

Цо дийцарехь, церан учетехь лаьтташ верг 3 620 стаг ву, царах 600 бер ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIо-накъосталла дар бахьанехь, 2011-чу шарахь меттахIоттийна БIаьрзечийн юкъараллин гIишло. Цо (Р.Кадыровс) цкъа а тидамза ца буьту оцу юкъабоьлху нах, оьшучунна хIусам луш а, дарба дан кхечу регионашкарчу больницашка хьовсош а, цигахь царна дарба деш гIо-накъосталла лоцуш а. Делахь-хIета, и нах шаьш а бац дахарна тIаьхьабиса дагахь, вайн республикехь а, цул арахьа а дIахьочу спортан къийсадаларшкахь а, кхечу мероприятешкахь а дакъалоцу цара. Ткъа оцу дийнахь Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош дешна мовлад къаьсттина доккха совгIат дара царна.

I.МУРТАЗОВ

№134, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: