Харжам шуьгахь бу
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенис хаамбо тIаьхьарчу хенахь бахархоша шайн пенсийн IаIораш пачхьалкхан йоцчу пенсийн тайп-тайпанчу фондашка дахкар банкашкахь, страховой компанешкахь, кхечу меттигашкахь бахархоша сацам боллуш лоьхуш хиларан хьокъехь. Пенсионни фондан белхахой болчуха хIусамашка эха а буьйлабелла.
Беш болу лехам цхьаъ бу – нагахь аш шайн IаIораш пачхьалкхан йоцчу Пенсионни фонде (НПФ) ца дахкахь, тIедогIучу шарахь дуьйна уьш схьа а эцна, пачхьалкхо пенсионерашна пенсешна дIахьовсор ду. Виса тарлой-те пенсийн IаIораш доцуш? Оьший-те ахча шайн долахь йолчу фондашка даккха? Кхузахь сацам боллуш ала цхьаъ ду: пачхьалкхо шун пенсийн IаIораш шена дIа а оьцур дац, я царах пенсионерашна луш долчу пенсешна дIа а лур дац. Цу тIе и IаIораш НПФ даха беш лехам а бац. Аш ахча муьлхачу фондехь IаIош ду бохучух доьзна доцуш, шу пенсе дахча иза шуна дIадала долор ду. Ткъа шайн IаIораш пачхьалкхан йоцчу фонде дахка деза я ца деза бохург шух шайх доьзна ду. Шух шайх дозу муьлхачу фондах теша бохург. Кхин цхьаъ ду тидам тIебахийта безаш. Нагахь пхеа шарчохь Пенсионни фонд аш цкъачул алсам хуьйцуш меттиг хилахь, шуна бегIийла хеттачу фонде дIахьажор ду ахча, амма инвестицийн пайда хьесапе а ца оьцуш. Шуна пайдехь дуй иза?
Страховани йиначун кабинет
ТIеттIа керла бегIийлаш йохьу вайна хIора дийно. Масала, хIинца еххачу хенахь рогIехь латта ца оьшу хьайна тIеоьшуш долу документаш вовшахтухуш. Хьуна гIо дан кийча ю интернет, цуьнан электронни сервисах пайдаэца Iамийчахьана.
Цуьнца доьзна Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенис тидам тIебохуьйту, нагахь хьо шен-шен хенахь страховой ахча дIалуш волу айхьа гIуллакх деш волу предприниматель (адвокат, нотариус) я хьайн белхахошна тIера страховой ахча дIалуш волу болх луш верг велахь, хьуна пайдехь хир ю ПФР-н электронни сервис – «Страховани йинчун кабинет». Хьан хан кхоорал сов, цо дуккха а аттачу доккхур ду Пенсионни фондаца цхьаьнагIуллакхаш дар. ЦIахь йолчу компьютеран гIоьнца таро ю: – страховой ахча дIадаларна документ кечдан (квитанци вовшахтоха); – яр тIехь долуш йолчу пенсионни а, медицинин а страхованина динчу такхарийн хьолах болу хаамаш схьаэца; – билггалчу хенахь дIаделлачу страховой ахчанах, пенех, гIуданех дерг довза; – документийн бланкаш схьаэца. «Страховани йинчун кабинетехь» регистраци ян йиш ю es.pfrf.ru сайтана тIе а доьгIна я ПФР-н меттигерчу муьлххачу а органехь. Шо чекхдолуш шайн гIуллакх деш болчу бахархошна кхин цкъа а дагадаийта лаьа: тIаьхьа ма тетта страхови ахча дIадалар. Цуьнца доьзна дIахоуьйту 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна бюджетан классификацин кодаш хийцалуш хилар бахьанехь, яр тIехь долчу пенсионни а, медицинин а страховани ярна дIалуш долу ахча кху шеран гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де кхачале дIадалар магош хиларан хьокъехь.
Пенсионни система йовзуьйту
Регионан школийн, ССУЗийн дешархошна пенсионни системехь долу керланиг, хуьлуш болу хийцамаш бовзийтарна тIехьажийна болу болх хаддаза дIахьо отделенин белхахоша. Иза дарца лакхадоху оцу декъехь долу берийн хаарш. Иштта, дукха хан йоццуш страхови ахча гулдаран, декхарш схьадахаран отделан хьаькам Косубаев Джамлайл хилира Соьлжа-ГIалин техникин колледжан студенташ болчохь.
Оцу цхьаьнакхетарехь дуккха а керланиг девзира къоначу ладогIархошна Россин Пенсионни фондан исторех, 2015-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна гIуллакх деш йолчу пенсийн керлачу формулех, хиндолу пенсеш вовшахтохарехь «кIайчу» алапаша лелочу маьIнех. Дуккха а хаттарш дира хьеше ПФР-н сайта тIехь йолчу «Гражданинан шен кабинетехула» электронни кепехь пачхьалкхан хьашташ кхочушдарх лаьцна. Жоп доцуш ца дисира студенташа делла цхьа а хаттар. Ткъа лекци чекхъяьлча массарна а «Дешарна а, дахарна а хиндолчу пенсех лаьцна» аьлла йолу дешаран цхьацца пособи елира ПФР-н векала. Клиентийн службийн балхах ПФР-н кIошташкарчу урхаллийн говзанчашца кхеташо дIаяьхьира отделенин пенсеш хIиттор вовшахтохаран отделан хьаькама Жумаева Тамарас. Дийцаре дира клиентийн службийн белхан санехь хилар лакхадаккхаран гIуллакхаш. Билгалдаккха деза регионан хIора кIоштахь гIуллакх деш пенсионерашна, страховани йиначарна, страховательшна корматаллин гIо дарна лерина йолу урхаллаш хилар, шайн цигахь схьайиллина клиентийн службаш а йолуш. Цигахь гражданашна консультаци лур ю пенсионни страховани яран а, ноналлин (доьзалан) капиталан ахча схьаэцаран а гIуллакхех лаьцна, кечйийр ю тайп-тайпана справкаш. ХIора дийнахь иттаннаш адамаш хуьлу оцу службашкахь шайн гIуллакхаш къастийна цхьалхадохуш. Республикехь бахархойн оцу кепара хьашташ кхочушдеш 20 служба ю.
Пачхьалкхан хьаштийн порталехь регистраци яр
Тахана цхьанна а къайле яц дахарна электронни сервисаш юкъаялор бахьанехь пачхьалкхан организацешца йолу юкъаметтигаш дикка аттачу евлла хилар. Бакъонца, ца хилча йиш йоцу гIоьнча хилла дIахIиттина уьш хьалха хIиттийна гIуллакхаш Iедалан органашкахь къастийна цхьалхадахарехь. ХIинца интернетах пайдаэца йиш хиларна, цIахь компьютер хилчахьана, чуьра ара а ца волуш, муьлхха а документ схьаэца таро ю.
Кхузахь алсамха бегIийлаш кхуллу «Гражданинан шен кабинето». Бакъду, цунах пайдаоьцийла хир ю, нагахь хьо пачхьалкхан хьаштийн сайта тIехь регистраци йина велахь. Ткъа иза дан таро хуьлуьйту ПФР-н клиентийн ерриге а службаша. Логин а, пароль а схьаэцначул тIаьхьа йиш ю: – пенси хIоттор доьхуш заявлени чудала; – пенси дIакхачоран кеп харжа; – ноналлин (доьзалан) капиталан пачхьалкхан сертификат схьадалар доьхуш заявлени чудала; – ахчанах пайдаэцаран хьокъехь заявлени чудала; МСК-н ахчанан дукхаллех (я бухадисинчух) дерг хаа; – хьайн лицевой счетан хьолах болу хаамаш бовза (къинхьегаман гIуллакхийн муьрех, белхан меттигех, болх луш волчо дIаделлачу страхови ахчанан барамах, пенсийн IаIорийн барамах, страховщикан цIарах дерг); – пенсин а, социальни кхечу ахчанан а бараман хьокъехь справка кечъян; – шайна социальни гIо дайта бакъо йолчу адамийн федеральни регистрана тIера выписка кечъян.
Массеран а тидаме
Яр тIехь долчу пенсионни а, медицинин а страховани ярна дIалуш долу страхови ахча гулдар налогийн органашна тIедилларца доьзна ПФР-н Нохчийн Республикехь йолчу отделенис доьху гIуран (декабрь) баттахь дIадала дезаш долу ахча 2016-гIа шо чекхдалале дIадалар. 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-ра де кхачале иштта чекхдаьккхина хила декхар ду фондашкахь страхови ахча дIадаларан расчеташ нийса ю-яц таллар. Оцу Iалашонца ПФР-н а, ФСС-н а меттигерчу органе заявлени яздан деза. Иза даро таро хуьлуьйтур ю налогийн органехь йолчу лицевой счета тIехь ахча ду-дац, мел ду хаа.
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолу отделени
№134, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де, 2016 шо