Декъалбира корматаллин дезачу денца

Вайн мехкан кхерамазаллин федеральни службин белхахоша кхочушдеш дерш вуно чолхе а, баккъал а кхераме а декхарш ду. Дукха хьолахь вайн тидамза дуьсу цара, шайн дахарна болу кхерам хьесапе а ца оьцуш, хIора дийнахь деш долу гIуллакхаш. Уьш дерриге а доьзна ду вайн халкъана а, махкана а кхерам цахилийтарца, кхерам юхатохарца.

1442559311109.01

Дукха хан йоццуш цара билгалдаьккхира шайн корматаллин де. Цунна лерина гулам хилира Россин ФСБ-н Нохчийчохь йолчу урхаллехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Регионера кхерамазаллин органийн белхахой дезачу денца даггара декъал а беш, цо билгалдаьккхира кхерамазаллин органийн белхахойн болх ерриге а пачхьалкхан балхана а, дахарна а Iаламат мехала хилар.

«Мел чолхечу хьелашкахь а аш кхачойо Россин Федерацин кхерамазаллина, юхатуху цунна туьйсуш болу кхерамаш. Чекх ца довлуьйту питанаш. Аш сема гIарол до махкана цхьана а кепара кхерам ца хилийта болчу лаамца. Цу тIехь шун дика кхиамаш а бу», – бохура республикин Куьйгалхочо.

Цо дийцарехь, кхерамазаллин органаша йоккха хазна юкъайиллира Нохчийн Республикехь машар а, синтем а хилийтарна. Регионерчу бакъонаш ларъяран органашца цхьаьна Россин ФСБ-н Нохчийчохь йолчу урхаллин белхахоша «говза болх дIабаьхьира малхбузерчу лерринчу службийн эмиссарийн питанаш, зуламе гIуллакхаш совцорехь. Вайн мехкан къилбехь долу хьал карзахдаккха гIерташ хилла болчу церан питана чекх ца делира шу бахьана долуш», – элира цо.

Цо аьлла ма-хиллара, «Царна дуьхьал дIахьош болчу къийсамна коьрте хIоьттира, Россин Федерацин Президента Путин Владимира доккха гIо-накъосталла а деш, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нуьцкъаллин а, бакъонаш ларъяран а органаша цхьаьна, вовшах дага а йовлуш, бертахь болх баро таро елира Россин цхьаалла ларъяран декхарш кхиамца кхочушдан, дуьненаюкъарчу террористийн а, экстремистийн а гIеранаш хIаллакйина дIаяха», – чIагIдира Кадыров Рамзана.

Тахана кхерамазаллин службин белхахоша бечу балхах лаьцна дуьйцучу хенахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира цара шайн корматаллин декхарш лаккхарчу говзаллица кхочушдарна регионера хьал синтеме а, маьрша а хиларна. «Даггара баркалла боху ас пачхьалкхан кхерамазаллин органийн белхахошна шайн декхарш хьакъ ма-дду кхочушдарна. Лаьа шун ондда могашалла, ирс, аьтто хуьлийла, шу маьрша дехийла», – дерзийра шен къамел Р.Кадыровс.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана а, УФСБ-н хьаькама Хвостиков Игора а совгIаташ дира шайн балхахь уггаре а чIогIа билгалбевллачарна. «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна», «Нохчийн Республика ларъярхо» мидалш а, Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира царна.

С.ХАМЗАТОВ

№134, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: