137 доьзална – керла хIусамаш

ГIуран (декабрь) беттан 23-чу дийнахь белхан визитаца республике веана волу ХIусамийн-коммунальни бахамна реформа ярехь гIолацаран фондан тергояран Советан куьйгалхо Степашин Сергей а, оцу Фондан генеральни директор Цицин Константин а, шаьшшинца цхьаьна республикин автомобилийн некъийн а, гIишлошъяран а, коммунальни бахаман а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министраш Тумхаджиев Абубакар, Зайпуллаев Муслим, Алханов Руслан, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим а волуш, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин Аллейхь хилира. Цигахь хьешаша республикин хьалхарчу Президентан А.-Хь.Кадыровн хIолламна хьалха зезагийн курсаш а ехкира, музей чухулу экскурси а йира.

IMG_2811_w1200_h800

Цул тIаьхьа Москварчу хьешаша дакъалецира Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски кIоштахь дина цIенош схьаделларехь. Билгалдаккха догIу и цIенош чохь Iен кхераме леринчу хIусамашкара бахархой керлачу петаршка дIакхалхоран гIуллакхан гурашкахь дина хилар.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, иштта кхиберш.

– Тахана вай схьадоьллучу хIокху кхаа цIа чохь 137 петар ю. Дукха ца Iаш, Дала мукъ лахь, хIара санна долу кхин кхо цIа а схьадоьллур ду. 2017-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де тIекхаччале республикин бахархошна чохь Iен кхераме леринчу хIусамашкара нах дIакхалхоран программа хенал хьалха кхочушйина девр ду вай, – элира республикин Куьйгалхочо.

Иштта, цо билгалдаьккхира, и программа кхочушъярца нийса а догIуш, 2013–2016-чуй шерашкахь республикехь 28 цIа (1 150 петар) дина хилар. Оцу петарш чу дIакхалхийна виъ эзар сов вахархо.

Шен къамелехь Степашин Сергейс дийцира 2005–2016-гIий шерашкахь республикехь а, Соьлжа-ГIалахь а хиллачу хийцамех а, кхиамех а лаьцна. Цунна хетарехь, тахана, цхьа а шеко йоцуш, Соьлжа-ГIала ерриге а Кавказехь уггаре а хаза гIала ю.

– 11 шо хьалха дара иза, хIинцалерчу Соьлжа-ГIалане ас а, суна юххехь лаьттачу Кадыров Рамзана а сатийсар. Оцу шарахь дагадеана дара «Соьлжа-ГIала тIеман лараш а йоцуш» аьлла йолу проект кхочушъяр. И проект кхочушъярхьама нохчийн халкъо а, республикин куьйгалло а дукха къахьегна. Цундела, шуна баккъал а хьакъ ду маьрша а, ирсе а дахар. Маьрша хуьлда шун стигал, – элира Степашин Сергейс.

Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ХIусамийн-коммунальни бахамна реформа ярехь гIолацаран фондан тергояран Советан куьйгалхочо Степашин Сергейс а Сийлаллин грамоташ елира лакхахь хьахийна долу цIенош дарехь дика къахьегначу цхьамогIа гIишлошъярхошна. Иштта, Кадыров Рамзанан сацамца «Нохчийн Республика социально-экономикин дакъа кхиорехь къахьегарна» аьлла, Баркаллин кехат делира Степашин Сергейна.

И.ХАСАХАНОВ

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: