Сан Даймохк, сан нохчий, сан хьегам

Хийрачу махкахь вина а, ваьхна а хилча, Даймохк боцуш оццул хIунда хьоьгу-те сан са?

Дай баьхначу лаьттах а, цигарчу лаьмнех а, шовданех а даима хоттаелла хилла ю сан дог-ойла. Муха ца хуьлу, со оцу сийлахьчу къомах схьаваьлла хилча. Хийрачу махкахь хиларх, сан дахарехь уггаре а ладаме дерг сан Даймохк а, ненан мотт а, нохчийн ламасташ а ду.

Сайн нахана юкъахь вехаш цахиларо деган Iаткъам совбоккху. Даима а шен нахах хьоьгуш долу буо санна лела дезар… тIаьхь-тIаьхьа иза лан ницкъ буьсуш а бац.

Воккхахили со Даймахкана генахь. Хеназа могашалла дIаели сан. Хетало, цIахь велахьара, Даймехкан лаьтто а, цIеначу хIавао а, бецийн хьожано а суо товийр волуш санна. Кхоьру Даймахкана генахь сайн кхалхар хиларна…

Дукха меттанаш Iамо дезна сан хIокху хийрачу махкахь, амма уьш диц а ло, хIунда аьлча, уьш хаар дозалла ца хета дела. Амма сан ненан мотт, веза хилла волчу Дала ша аят ду аьлла вайна белла мотт, биц ца бан дуй биъна ас…

ХIокху кехатал тIаьхьа кхин цхьа а йоза ца хила мега сан. Вайн маттахь хIара хиларо дагна хьаам а бо.

Сайн вешина, сайн накъостана, сайн доттагIчунна, Къонахчунна Бакир Хьамийдана баркалла ала лаьа суна, нохчийн мотт Iаморехь суна гIо дина ца Iаш, Урдунехь мел болчу нохчашка ненан мотт ца бицбайта гIерташ тIаьхьаваьлла леларна.

Дала Iалашдойла шу сан нохчий, сан нохчийн паччахь, сан Даймохк. Сайна бевзина а, цIена гергарло тасаделла а болчу Даймахкарчу сайн нохчийн цIерш яха лаьа кхузахь… Адам, Арсен, Заурбек, Асет, Хьава, шу девзина воккхавево со. Дала маьрша-могаш хан яхйойла шун.

Урдунера нохчи Ткъариг Шердо

Редакцера: Иорданехь Iаш а, нохчийн мотт, къоман ламасташ ца дицдеш а, «Даймохк» газетаца гергарло лелош а болчу нохчех цхьаъ ву лакхарчу могIанийн автор Ткъариг. Халачу цамгаро лаьцна волчу цунна АллахI-Делера маршалла хила лаарца а, оццул генахь хиларх а Даймахкаца йолу мерза уьйр цахадорна, шен къам дезарна цунна баркалла аларца а хIокху кехатна зорбатуху оха.

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

3 комментари йазйина хIокху “Сан Даймохк, сан нохчий, сан хьегам” йаздарна бухахь

  1. Дала сий дойла шуна, Хьамийд, Ислам, Асет, Хьава. Хуур дац шуна аш мел хазахетар дина суна. Ма тамшена ду шу сан нах. Хӏокху сан хьолехь, хьанна моьттура уггар дог хьосту дешнаш сан даймахкара кхочура ду. Шуна баркалла ала, аш хетийтина хаза дийца дешнаш кара ца ду суна. Дала цхьа а вон ма гойтийла шуна. Даймохк Газетана доккха баркалла олу ас. Дала ма эша дойла вайна вайн газет.
    Ткъариг Шердо

    1. Амин йа АллахI! ХIай тхан лараме ваша Ткъариг, Дела реза хуьлда хьуна, вайн газетана хIокху тайпана хаза дешнаш аларна! Дала хьайн даго сатуьйсучу дарбане кхачавойла хьо!

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: