ХIокху шеран гIуран (декабрь) беттан 14–15-чуй деношкахь Казанехь (ГIезалойчоь) дIаяьхьира Россин исламан вузийн студентийн Ерригроссин IX-гIа олимпиада. Цуьнан Iалашо яра студентийн кхоллараллин таронаш кхиор, Iилманан балхе болу безам лакхабаккхар, ткъа иштта похIмечу студентийн гIолацарна хьелаш кхоллар.

Олимпиадехь дакъалоцуш бара вайн махкарчу дин Iаморан 20 учрежденера студенташ. Иза хIокху номинацешкахь дIахьош яра: «Исламан бакъо», «Динан баххаш», «Iаьрбийн мотт»: Цул сов конкурсан дакъалацархоша гайта дезаш дара Iаьрбийн мотт бийцарна шаьш мел говза ду, Сийлахь Къуръан шаьш мел шера, цIена, нийса доьшу.
Нохчийн Республикера кхо студент вара цигахь дакъалоцуш. Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетера вара и кхоъ. Оцу кхаамме а совгIатан меттигаш ехира. КхоалгIачу курсехь доьшуш волчу Ахаев Ризвана хьалхара меттиг яьккхира «Динан баххаш» номинацехь. ЙоьалгIачу курсан студента Исламов ХIарона а хьалхара меттиг яьккхира «Iаьрбийн мотт» номинацехь. ПхоьалгIачу курсерчу студента Ибрагимов Мохьмада «Исламан бакъо» номинацехь кхоалгIа меттиг яьккхира.
Конкурс чекхъяьлча толамхошна а, дакъалацархошна а совгIаташ дира Сийлаллин грамоташца а, мехалчу хIуманашца а. Масех де хьалха вайн студенташ цIабаьхкина. Соьлжа-ГIаларчу аэропорте царна дуьхьал баьхкира университетан студенташ а, хьехархой а. Тобанна хьалхаваьлла хиллачу университетан Къуръанан а, Хьадисан а кафедрин заведующис Элибиев Сахьаба а, Iаьрбийн меттан кафедрин хьехархочо Батаев Ризвана а дийцарехь хIокху шарахь оцу конкурсехь баккхий кхиамаш баьхна вайн студенташа, совгIатан меттигаш а йохуш.
Цул тIаьхьа церан цхьаьнакхетар хилира Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу университетехь оцу университетан ректорца Мутушев Iабдурахьимца. Цо декъалбира олимпиадин дакъалацархой. Конкурсехь толамаш бахарна баркалла элира студенташна а, церан хьехархошна а. Кхул тIаьхьа а церан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар дIа а хаийтира.
Дагадаийта лаьа вайн исламан университетан студенташа кхул хьалха а оцу олимпиадашкахь дакъалаьцна а, совгIатан меттигаш яьхна а хилар.
Дала тIаьхье беркате йойла церан!
Хь.САИДОВ
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо