Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо Шемарчу тIамах бевддачарна 80 тонн гуманитарни гIо дахьийтина хIокху деношкахь.
Дуккха а яккхий машенаш йоьттина вовшахтоьхнера гуманитарни гIо. Гуьмсерчу ООО «Лидер-А» майданара Мазалке (Моздок) новкъаевлира машенаш, цигахь хIаваан кемана тIе а дехкина Шемин Iаьрбийн Республикехь йолчу Россин эскарийн «Хмеймим» авиабазе кхачор ду сурсаташ, цигахь уьш шемахошна дIасадоькъур ду.
И гIуллакх вовшахтоьхначара дийцарехь, фондан чоьтах эцна 20 тонн дама, 20 тонн шекар, 20 тонн дуга, оццул даьтта.
Вайна ма-хаъара, тIаьхьарчу шерашкахь дийцина цаваллал дукха ду Кадырова Аймани президент йолчу фондо тIамах бевддачу нахана дахьийтина сагIанаш. Кхул хьалхарнаш ца дийцича а, хIокху шарахь 120 тонн сагIанаш декъна Шемахь.
Вайн республикин куьйгаллин оцу гIаддайначу бусалбанашна доIанаш дина а ца Iаш, сагIанца гIо дан а йиш хилар Iаламат доккха хIума ду.
Интернетан социальни сеташ чохь Россехь вевзачу адвокатан Мусаев Мурадан цхьана агIонехь шен дахарера цхьа хилам бу гайтина. Иза бовзуьйту оха шуна: «Цхьана тийначу суьйранна Iаьрбийн Вовшахтоьхначу Эмираташкарчу Дубайхь такси тIехь цхьана гIуллакхе воьдуш вара со. Цхьанаэшшара дIайоьдучу машена чохь, исбаьхьчу гIалин хазалле хьоьжуш со а волуш, водитела ингалсан маттахь хаьттира соьга: «Хьо Россера веана оьрси ву? Тера ма вац хьо оьрсех, мульхачу къомах ву хьо?», – аьлла. «Ас со Нохчи ву, Нохчийчоь юьйцу хезний хьуна?» – аьлла хаьттира. Водитела элира: «Карти тIехь хьуна дIагайта стенгахь бу-м ца хаьа суна хьан мохк, бакъду, со школехь волуш, хIора Iуьйранна оха Нохчийчуьрчу тIамна юккъахь болчу бусалбанашна доIанаш деш хилла-м дагадогIу суна». Сан ала дешнаш а дацара, дагах чекхделира цо аьлларг. Бусалбанийн вовшашка доза доцу къинхетам хиларх кхоччуш кхийтира со оцу суьйранна».
Иштта хаза а, вовшийн дегнашка хьовсуш кхоьллина АллахIа вайн бусалбанийн юкъаметтигаш. АллахIа шен дуьхьа дойла вайн доIанаш а, сагIанаш а.
Хь.БАХТАЕВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо