ГIуран (декабрь) беттан 22-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь билгалдаьккхира Хьалха-МартантIехь нохчийн къоман «ДIонди-Юрт» музей йиллинчу Сатуев Адаман 60 шо кхачар.
Адамах жимачохь дуьйна бевза-безачара ДIонда олуш хилла, музей-юрт йиллар а иштта цу цIарца нисделира. «ДIонди-Юрт» йиллархо вайн мехкан юьхь ечарах цхьаъ ву, республикехь массарна вевзаш а, лоруш а ву.
Юбиляр декъалван баьхкинчу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Соьлжа-ГIалин «Нохчийчоьнан дог» маьждиган имам Хийтанаев Мохьмад, Iилманан академин президент Гапуров ШахIрудди, Iилманан-талламан институтан директор Магомадов Супьян, Iилманча, этнограф Мунаев ИсмаьIал, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, дешаран министран гIоьнча Умхаев Хьамзат, иштта Адаман гергара нах, цуьнан хьуьнарх, цо дечу гIуллакхех баккхийбен накъостий.
«Адама Нохчийн шира юрт йиллина. Тахана кхузаманера, ширачу замане кхевдаш, васт кхуллуш ков-керт, хIусам, вайн ворхIе дайша чохь-арахь лелийна коьчалш гайтар Iаламат боккха болх бу. Оцу музейга бIаьргтоха Нохчийчуьра, Россера хьовха, дуьненан мел генарчу маьIIера богIурш а хаабелла вайна.
«Тхо, тхан дай иштта Iийна. ХIара ю тхан селхане, къоман культура, истори, этнографи», – аьлла мехкан хьешашна дIагайта кхерч бина Адама. Дела реза хуьлда хьуна, Адам! Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан цIарах хьоьга дIало аьлла Баркаллин кехат даийтина соьга», – элира Жамалдаев Шаида. Абдулмуслимов Сайд-Селима а елира юбилярана министран цIарах Сийлаллин грамота. Нохчийчоьнан Iилманан академин президента Гапуров ШахIруддис а, Iилманан-талламан институтан директора Магомадов Супьяна а лаккхара мах хадийра Сатуевс диначу гIуллакхан.
Ш.Гапуровс элира: «Вайн махка тIеман бала боьссича ерриге а культурин, историн маьIна лелош йолу гIишлош йохийна дIаяьккхира. Дуьненан бахам а ца лоьхуш, бакъволчу нохчийчо бен дийр доцуш дерг дира Адама. Цо вайн кегийрхошна хаийтархьама йиллина и шира нохчийн музей-юрт. Адам, хьо нохчийн къоман сий, дозалла а ду». Гадаев Мохьмад-Салахьан байтийн гулар а, Сийлаллин грамота а елира цо А.Сатуевна.
Адамца цхьана классехь дешна ву Умхаев Хьамзат. «ДIонда олура оха Адамах. Тхуна лам чу дахар марзделлера школехь доьшучу шерашкахь. Тхуна тоьаш дара лаьмнашка бIаьргтохар, ткъа Адам оцу ламанца йолчу ярташка кхаьчча шира тIулг, кIудал, кхаба лоьхуш хуьлура.
Бенойн БойсагIар вуьйцура цо денна а, цунах тера хила лууш. Вайн къоман оьзда, дика мел дерг даггара дукхадезаш ву Адам жимачохь дуьйна», – элира Хьамзата.
Суьйре дIахьош волчу Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатела Хатуев Ислама Сатуев Адаман дахаран некъ бовзийтира. «ДIонди-Юрт йиллина волу Сатуев Адам шен 16 шо долуш паргIатчу кепара охьатохархлатарехула СССР-н спортан мастер хилла ву. 37 шарахь милицехь болх бина цо», – бохура И.Хатуевс.
Соьлжа-ГIалин Культурин департаментан артисташа музыкин совгIаташ деш, ерзийра Сатуев Адаман 60 кхачарна лерина суьйре. Ша лерина, шен сий деш баьхкинчу нахана баркалла элира юбиляра.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо