Сунженски районан Серноводскера жима Хеда ерриге а Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу Россехь цхьаьна евзаш ю. Нахана иза йовзар цуьнан вокальни похIма бахьанехь хилира.
«Даймохк» газетан редакцин хьаша яра иза кхо-диъ де хьалха.
Кагирова Хеда Серноводскерчу №1 йолчу школин 8-чу классан дешархо ю. ХIетахь 6 шо бен дацара цуьнан, денанас куьг лаьцна иза Серноводскерчу Культурин цIийне вокальни кружоке дIаязъян йигича.
2008-чу шарахь Ростовехь Халкъан кхоллараллин центро вовшахтухуш Ерригроссин конкурс яра «Салют Победы» аьлла. Нохчийн Республикера цхьа кхин йоI яра цигахь дакъалаца кечъеш, амма ладамечу бахьница цуьнан цига яхар ца нисделча, Хеда дагаеана хиллера и болх вовшахтоьхначарна. Фестивалехь лакха езарг миллионашкахь болчу нахана дукха хенахь дуьйна езаш йолу «Катюша» йиш яра. ЙоI кечйира цуьнан исбаьхьаллин куьйгалхочо, «Триумф» вокальни студин директора, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо Мизаева Раисас. Хедина х1етахьлера Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман б1аьхочун духар тегийтина, аз, мукъам хила ма-беззара тобина новкъа елира хьехархо шен дешархочуьнца цхьаьна.
Ростовн концертни зал юьззина чу адам гулделлера. Россин хIора а бохучу гIалара дакъалацархой бара кхузахь шайн пох1ма зиэ баьхкина. Кхаа дийнахь лаьттинчу конкурсехь хIора дийнахь 30 сов музыкальни номер гойтура къоначу артисташа. Доккха жоьпалла дара шайн республикин ц1арах цигахь дакъалацар а. ТIаьххьарчу дийнахь Хедина тIекхечира рагI. Ломара зевне аз хецаделча, зал юьззина Iачу хьовсархойн садаIар сецча санна тийналла хIоьттина, «Катюша» дIакхечира хIораннан лерсине. Хеда «Ерригроссин конкурсан лауреат» хилира.
Хедина делла ца Iаш, иза Iамийначу Мизаева Раисина а, сцени тIе а кхайкхина баркалла аларца, совгIат дира. Жима йоI сцени тIера охьайоьссича массо а вара иза ган лууш. ХIинцале шуьйра ю Хедин кхолламан некъаш шена чудог1у географи: Ростов, Таллин, Пецунда, Сочи, Нальчик, Москва г1аланаш.
2012-чу шарахь Кагирова Хеда Эстонин пачхьенехь Таллинехь хиллачу Дуьненаюкъарчу «Открытая Европа» конкурсехь I-чу даржан дипломант хилира. Цул тIаьхьа, 2013-чу шарахь Къилбаседа Кавказан къаьмнийн искусствийн Артиаде кхайкхина иза, цигахь а хьалхара меттиг йоккхий йог1у. Иштта кхин а дуккха а конкурсашкахь, фестивалашкахь дакъалоцу цо.
Хеда 8-чу классе яьлла. Яхар-яр сих-сиха хуьлучу цуьнга оха хаьттира: «Хеда, ткъа дешарна хIун до ахь? Хьо муха ларайо? ЦIерачара гIо дой хьуна?».
Беснеш тIехь кIаьгнаш хIуттуш елаеллачу Хедас дийцира: «Школехь дерриге а «5-ннаш» ду сан. Уггаре а суна дукхаеза предметаш ингалсан мотт а, алгебра а ю. Вуьшта, Соьлжа-ГIалахь «Mister English» школехь кхитIе а ингалсан мотт Iамочу курсашкахь доьшуш а ю со. Тхан да Ихван гIишлошъярхо ву, хьанала къахьоьгуш, тхуна оьшург латтадо цо. Нана Марем тхуна ц1е ненан а, доьзалан ненан а долу хьашташ кхочушдеш ц1ахь ю. Со доьзалехь уггаре а жимах ерг ю. Сан ши ваша а ву Рамзан, Рахьман, йиша Асет а ю. Церан г1оьнналла ду сан кхиамийн коьртачех цхьа бахьана». Иштта Дала деллачун хама бан хууш дика йо1 ю Хеда. Кхоллараллин аг1онах дерг дийцича гIараевлла евзаш йолу эшарш ю Хедин репертуарехь: «ДIатилла йовлакх», «Сан дахар», «Арлекино», «Санта-лучия», «Маменька», «Катюша», «Золушка».
Вайна луур ду Хедин а, цуьнан исбаьхьаллин куьйгалхочун Мизаева Раисин а дахарехь, кхоллараллехь кхин а баккхий кхиамаш хуьлийла. Дуьненан уггаре а яккхийчу залашкахь шен похIма гайта Хедин рицкъ хIуттийла.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
