Соьлжа-ГIаларчу цIийдоттаран республикин станцехь семинар хилира «Нохчийн Республикин медицинин учрежденешкахь трансфузиологин гIо даран мехала гIуллакхаш» аьллачу темина. Семинарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министран заместитель Адамов ВахIид.
Республикин цIийдоттаран станцин говзанчаша докладаш йира Нохчийн Республикин медицинин учрежденешкахь трансфузиологин декъехула гIо даран хьокъехь а, ткъа иштта 2015–2016-чуй шерашкахь цIийдоттаран службо инфузионно-трансфузионни терапи яран хьокъехь цIийдоттарехь йинчу моноторинган жамIийн а.
Циггахь дийцаре дира Россин Федерацин могашалла Iалашъяран министерствон донорийн цIийх трансфузи ярехь дIахьочу иммуногематологин талламан декъехь долу хьал.
Семинаран дакъалацархой вайн республикин медицинин учрежденийн куьйгалхойн заместительш бара.
Цара Республикин цIийдоттаран станцин белхан чоьнашка хьовсуш экскурси йира. Станцин коьртачу лоьро Татаева Зураа, гайта а гойтуш, дийцира донорера схьаоьцучу цIийх иза тIаьххьара, цомгашчунна дотта мегачу хьоле дерззалц шайн белхахоша бечу балхах лаьцна. ЦIий а, плазма а муха схьаоьцу а, муха Iалашдо а гайтар дара экскурсина юкъа догIуш.
З.Татаевас билгалдаьккхира семинар медицинин учрежденийн белхахошна шайна зеделларг вовшашна довзийта дика меттиг, дика аьтто хилар.
ЦIийдоттаран болх производственни а, трансфузиологин а дакъошкахь бу. Оцу шина а декъехь къахьоьгучу белхахоша шайн болх бевзаш беш хиларо бен лакхадоккхур дац бахархошна цIийдоттаран белхан дикаллин тIегIа.
З.ХИЗИРОВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо