Нохчийчоьнан бахархойн регионерчу шуьйрачу хаамийн гIирсех тешар федеральничарах тешарал а лакхара ду. И бакъдерг хиъна шуьйрачу хаамийн «Индекс развития медиасферы – 2016» институто Граждански дIадолорийн комитетан а, «Медиастандарт» а, талламан «ЦИРКОН» тобан а гIоьнца дIаяьхьначу рейтингаца.
Ро ссин 85 регионна юкъахь дIабаьхьна и тайпа талламаш. ХIокху шарахь дIаяьхьнарг шолгIа рейтинг ю. ДIадаханчу, 2015-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь дуьххьара зорба тоьхна яра и рейтинг. И гIуллакх тайп-тайпанчу 50 индикаторца теллина, пхеа индексана екъа а екъна: Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхан майда муха ю (шуьйрачу хаамийн гIирсаш, 10 индикатор); коьртачу «стейкхолдерийн» болх а, жигаралла а (Iедалера гIо, бизнес, шуьйрачу хаамийн гIирсашна юкъараллин организацешкара гIо, 10 индикатор); аудиторин барам (хаамийн гIирсийн каналаш мел евзаш ю, болх мел жигара дIахьо, шайн сайташ тIехь алссам дIахьедарш динарш, 10 индикатор); шуьйрачу хаамийн гIирсийн юкъара хьал (12 индикатор); медиаконтентан хьал (8 индикатор).
Оцу массо а индексаца и гIуллакх теллина Талламан «ЦИРКОН» тобано региональни а, федеральни а тIегIанехь. Россин ерриге а регионашкахь дIабаьхьна социологически хаттам (34 000 сов стага дакъалаьцна).
Оцу талламашца нийса а догIуш, регионаш 4 тобане екъна: «А» рейтинга юкъа 11 регион йогIу. Цу юкъара лидерш: Москва, Санкт-Петербург, Москван а, Свердловскан а областаш. «В» рейтинга юкъа 30 регион йогIу. «С» рейтинга юкъа – 33. «Д» рейтинга юкъахь уггаре а шуьйрачу хаамийн гIирсийн ницкъаш кIезиг болу регионаш ю – 11 регион.
2015-чу шарахь дIабаьхьначу талламашца дуьстича, хIокху шарахь 23 регионан хьал хийцаделла. «Медиастандарт» фондан директора Д.Казьмина дийцарехь, 11 регионо тодина шайн шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь долу хьал, ткъа йисинчу 12 регионан телхина.
Оцу рейтингаца кхин а цхьа хIума гучудолу – Россин цхьана а регионехь шуьйрачу хаамийн гIирсех тешар 50 процентал лахара цахилар. Уггаре а лахара ю 58 процент (иза ГIалгIайчоь а, Тамбовн область а ю). Уггаре а чIогIа журналистех ГIирмера бахархой теша (78 процент). Цул тIаьхьа йогIу Москва, Санкт-Петербург, Москван, Свердлован, Воронежан областаш, Нохчийчоь, иштта Тюменан область, Ямало-Ненцийн, Ханты-Мансийн автономни округаш.
Хь.ДАУДОВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо