Оьздангалла, гIиллакх долуш ю ТIехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Юьртахь ехаш йолу Хамзаева Малика, сан дуьххьарлера хьехархо. Малика дуьнен чу яьлла 1956-чу шарахь Казахстанехь. Церан доьзалехь пхи кIант, кхо йоI хилла.

1972-чу шарахь ШаIми-Юьртахь школа чекхъяьккхина цо. Оццу шарахь хьехархойн училище деша яхана. Къаьсттина цуьнан дена лаьара Маликех хьехархо хуьлийла. Жима йолуш дуьйна хьехар дукхадезаш яра иза.
1976-чу шарахь ШаIми-Юьртарчу школе хьалхарчу классан хьехархочун балха хIоьттина иза. Тахана а цигахь болх беш ю. Суна дагадогIу Маликас тхайца хьегна къа: цо цхьа а къаста ца веш, лерина кхетош, Iамадора тхо. Суна а, массарна а иза чIогIа дукхаезара.
Цуьнан шен доьзал а кхиъна (виъ кIант, цхьа йоI). ЮьхькIам болуш, лела хууш, оьзда доьзал бу цо кхиийнарг. Цо хьехархочун болх бо шовзткъа шо хан ю. Суна даггара баркалла ала лаьа, со Iамош, нийсачу новкъа йоккхуш, диканиг хьоьхуш, тхайца къахьегначу сайн дуьххьарлерчу хьехархочунна Хамзаева Маликина а, иштта кхиболчу хьехархошна а.
АллахI-Дала ма эшабойла тIекхуьучу чкъурана иштта хьехархой!
МУХАДИЕВА Хьава
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо